Хаамийн муьрехь дехаш ду вай. ХIокху муьрехь вуно дукха бу шен бух боцу а, тIетовжа бакъдерг а доцу хаамаш.
ТIех дукха йоьшуш а, гуш а хила тарло вай карарчу хенахь.
Журналистикех белхан кепех санна дукхах болчу наха пайдаэца болийна. ХIинца, муьлххачо а, хьоьга ша бух болу хаам бовзуьйту а бохуш, эладиташ даржо тарло. Ткъа и эладиташ а, элира-бохура а, вон я питане «амал» йолуш хилар ду уггаре а новкъа дерг.
Журналисташ, уггаре а хьалха, шайца цхьа «серло» йолуш, кхидолчу адамийн дог-ойла ир-кара хIотто хууш хила безаш бу, хIунда аьлча, бахархошлахь а, махкахь а йолу «дог-ойла» цара кхуллуш ю. Ткъа тахана и (журналистика – авт.) коммерцин я шех кхечу декъехь пайдабаран некъе ерзийна.
Баккъал а йолу журналистика шен кхиарехь сецна а, ярна кхерам болуш а хетало. ХIокху статьян автора хазахетарца я дог-ойланца доьзна доцург тидамза дита ца боху. Цо бохург а, и ала гIертарг а кхин ду – журналист, хIокху дуьненан ма-дарра долу сурт а, цуьнца доьзна мел долу хазахетарш а бахархошна довзийта хьажа веза.
Делахь а, оццу юккъехула тидам бича, вайна гучудолу кхузаманахьлерчу журналистикехь «серло» тайпа хIума кхолладалар: вочу, кIоршамечу хаамаша аудиторина вон Iаткъам баран хьокъехь болу керла талламаш юкъабевлла. Масала, конструктиван журналистикин проектан бухбиллархочун Батист Даниэлан хьехарш.
Конструктиван журналистика позитиван а, сацамийн а журналистикица йогIуш ю. Батист тешна ву оцу тайпана йолу журналистика тIехь самукъане а, «куьйга кхоьллинчу» оптимизман бух болуш а хила ца еза аьлла. Цо хьоьхург кхин ду – муьлххачу хьолах а, хиламах а лаьцна озабезаме а доцуш дийца дезар.
Журналистиках еккъа цхьа бизнес а таръелла, цунах шена хила тарлучу пайданан ойланаш еш Iен ца веза журналист. Ма-дарра аьлча-м, алссам напха даккха кхин меттигаш ю. Журналистика мукъане а бизнесна юьстах йита езара.
Ша хаьржинарг еккъа цхьа говзалла хилла ца Iаш, оцу корматаллехь мел ву, бакъонна а, нийсонна а тIегIерташ верг ша хиларх кхеташ хила веза журналист, тIаккха бен балур бац цуьнга гонахарчу адамашна ша лелочух пайда, тIаккха бен Iемар вац и шен говзаллица йоьзна бакъо а, харцо а къасто.
Вайх хIоранна а бохург санна евза дуьненан литература. Изза хила дезаш ду журналистикехь а, нагахь санна дацахь, юкъадало а деза.
Линкольн Авраамах Iамаркан президент хилча… Мачийн пхьар хилла цуьнан да. Сенатехь мел волу векал саготта хилла мачийн пхьеран кIанта уггаре а хьал долчу нахана а, юкъараллин элитина а тIехь урхалла дийриг хиларна. Ткъа уьш, хууш ма-хиллара, шайн дуьзначу киснаша а, шаьш цIена цIий долчу тIаьхьенах хетаро а кура баьхна нах хилла. Сенатан цхьа а векал реза ца хилла Линкольн Iамаркан президент хиларна. Шаьш реза цахилар лерца а, Iиттарш ярца а гучудоккхуш хилла цара.
Линкольна Сенатехь дан лерина хьалхара къамел дIадолор юкъах доккхуш, цхьана сенатора иштта кеп хIоттийна.
«Линкольн, ахь хьайн къамел дIадоладале, хьо мачийн пхьеран кIант хилар дагадаийта лаьара суна», – элира оцу сенатора.
Зала чохь мел хилла сенатор велавелира. Массарна а лаьара Линкольна Iоттар ян, ткъа и даржера вохо-м цаьргахь я ницкъ а, я доьналла а дацара.
«Тахана вайца воцуш волу сан да юха а суна дагаваийтарна, ас даггара баркалла боху хьуна. Даима а сайн иэсехь латтор ду ас хьан къамел, сенатор. Иштта, сайн да мачийн пхьар хилар санна говза хIокху мехкан президент сайх хирг цахиларх а со тешаш ву», – аьлла, жоп делла хиллера Линкольна оцу сенаторна, зала чохь тийналла а хIоттош.
«Сан дас эткаш а, мачаш а тегна хьан доьзална а. Нагахь санна цо тегна эткаш я мачаш хьуна ца магахь, я уьш къуьйлуш елахь, со сайн да санна аьттехь а говза воццушехь, оцу балхана цо со Iамийна хиларца доьзна, ас тойийр ю хьан уьш. Изза боху ас хIокху Сената чохь мел волчуьнга а», – аьлла, тIетоьхна а хиллера цо.
Хьо президент я мачийн пхьар хилар дац коьрта – ахь лелочу муьлххачу а гIуллакхан ахь-айхьа хадош болу мах бу коьрта. Мехала ду айхьа дечух хьан самукъадалар, иза хьайн рицкъ хиларх а кхеташ. Хьуо воцург хила гIерта а, волчух къехка а ца оьшу, хIунда аьлча, хьох тешийна «роль» ахь санна дика а, говза а кхечо ловзор цахиларца доьзна кховдийна ю хьоьга. Дахарх лаьцна дийца деза журналистикехь а, чохь а.
Делахь а, ша дахар муха ду хьаьжжина а, цунах адамаша муха пайдаоьцу хьаьжжина а, цул сов, хIора а адаман кхетаме хьаьжжина а хир ду цо дахарх лаьцна чохь я арахь, журналистикехь я кхидолчу декъехь дийцар.
Веза-воккхачу Дала Iалам кхуллуш, оцу Iаламехула шега мел кховдийнарг тIеэца декхарийлахь хетало хIокху дуьненан хIора а вахархо. ТIаккха хир ду дерриге а дуьненахь ирс а, вовшашца ларам а, кхетам а, нийсо а.
М.БОЛАТМИРЗАЕВА
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо