Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь Нохчийчоьнан цIарах депутат а, оццу Думин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетатан председателан заместитель а волчу Саралиев Шамсаила юха а айъина «Россин Федерацехь дешаран хьокъехь» долчу законехь бан леринчу хийцамийн тема.

Цо билгалдаккхарехь, хийцамаш бан лерина йолу законопроект къобалйинехь а, цуьнан «чаккхенан» кеп хIинца а хIоттийна яц, цундела, и проект Пачхьалкхан Думехь шолгIа а талла йолийча, цу юкъахь къастийна хила дезаш ду Россин республикашкара пачхьалкхан меттанаш шайн ненан меттанаш лоручу дешархошна уьш Iамор тIедожийна хилар, ткъа кхечарна – шайн а, дай-нанойн а лааме хьаьжжина.
«Оцу законопроектехь хийцамаш бе аьлла, дIабовзуьйтур болуш бу юха а Нохчийчоьнан лаам – Россин Федерацина юкъарчу республикийн пачхьалкхан меттанаш шен ненан лоручарна уьш Iамор тIедожор, ткъа кхечарна – шайн а, шайн дай-нанойн а лааме хьаьжжина», – билгалдаьккхина Ш.Саралиевс.
Дагадаийта догIу депутата изза «ойла» мелла а хьалха Россин Федерацин Президентан Администрацехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь и йовзийтина хилар.
Саралиев Шамсаила бовзийтинчу хийцамашна шаьш реза хилар хоуьйтуш, куьйгаш яздина Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа Делимханов Адама, Селимханов Мохьмада, Догаев Ахьмада, Милонов Виталийс, Сайтиев Бувайсара, Агаев Вахас, кхечара.
Къаьмнийн меттанаш Россина юкъайогIучу республикашкахь дешархойн лааме хьаьжжина бен Iамо ца деза аьлла, леррина кечйина йолу законопроект Пачхьалкхан Думе кховдийнера оханан (апрель) беттан хьалхарчу деношкахь. Авторшна юкъахь Саралиев Шамсаил а вара.
Цара хIоттийначу проектаца нийса а догIуш, Россерчу республикийн пачхьалкхан меттанаш школашкахь Iамор тIедожийначу кепера дIадаккхар.
Цунна шаьш реза цахилар сихонца хаийтира ГIезалойчохь, Башкортостанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Тувахь, Якутехь, ткъа Дагестанехь, Марий Элехь, Удмуртехь – реза хилира. Иштта, реза ца хиллачеран могIарехь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш болу журналисташ а, блогерш а, спортхой а, политикаш а бара.
ТIаьхьо, «законопроект кечъярехь хиллачу Iалашонел бан лерина хийцамаш дуккха а дехьабевлла хиларца» доьзна, Саралиев Шамсаил дIавелира оцу законопроектан авторшна юкъара.
Депутата дийцарехь, законопроект ша хIотторан Iалашонашкара яьлла хиларца доьзна дара цунна реза йоцучу Россин субъекташна юкъахь уггаре а хьалхарчарах Нохчийчоь хилар а, цо, шен цIарах, хийцамаш бар а.
«Оцу законопроектан хьалхара «кеп» Пачхьалкхан Думехь тIеэцарехь ас а, Нохчийчоьнан цIарах болчу кхечу депутаташа а дакъа ца лаьцна – аьлча а, оха кхаж ца тесна цунна. Оха тоххара а аьлла, хIинца а боху – республикин пачхьалкхан мотт шен ненан мотт лоручунна, и Iамор тIедожийна хила дезаш ду, ткъа кхечу къомах а волуш, оцу республикехь Iачунна – шен а, шен ден-ненан а лааме хьаьжжина», – билгалдаьккхира депутата.
И.АДАМОВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо