(ГIараваьллачу актеран а, режиссеран а Р.Хакишевн юбилейна лерина)
Вайнехан къоман исторехь, культурехь, литературехь беркате лар йитинчарех бу Iалхан-Юьртара схьабевлла ХакишевгIар. Советийн Iедал тIедале, Одессехь хьехархочун институт чекхъяьккхина, Нохчийчохь, ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш серлонча, Iилманча, хьехархо хилла Хакишев Солта. Цуьнан йоI ю нохчийн зударех дуьххьарлера яздархо хилла Исаева Марем. Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка хилла Мареман жимах йолу йиша Хакишева Хьава.
Инарла Деникинан эскарш 1919-чу шарахь Iалхан-Юьрта герзаца чугIоьртича, дера лом санна, царах летта, буьрсачу тIамехь шен къона дахар дIаделла Хакишев Солтин жимах волчу вашас Борзас. Цуьнан кIант Шалавди ЦIечу Эскаран майра бIаьхо хилла. Лакхарчу лейтенантан чинехь волуш, Россин Турпалхочун Висаитов Мовладин куьйга кIел хиллачу дошлойн полкехь политрук хилла Хакишев Шалавди.
Советийн эскарша Одесса гIала немцойх дIацIанъеш, 1944-чу шеран оханан (апрель) баттахь хиллачу луьрачу тIемашкахь дIаделла политрука Хакишев Шалавдис шен дахар. Яхь йолу муьлхха а кIант санна,
Даймахкана тIе бохам беача герз карахь, бIаьрг-негIар ца тухуш, гIаьттинчарех вара вайн махкахо. Бакъду, Даймехкан-м ницкъ, хьекъал ца тоьара, тIамехь лаьттачу бIаьхочун доьзална Iуналла дан.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу шийлачу Iуьйранна махках даьккхира дерриге а нохчийн халкъ. Цу декъазчу декъахь яра Шалавдин хIусамнана Човка, школе ваха кхиаза волу цуьнан жима кIант Руслан.
1938-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьллачу Русланан ялх шо дузаза дара, къизаллица буьйцина и шийла некъ цо юьхьарберзош. Массара а санна мацалла, шело, гIело, харцо кхара а лайра.
Делахь а, хIусамден Шалавдин лаам дика бевзаш йолчу Човкас, шена мел хала хиллехь а, дешийтира цхьаъ бен воцчу кIанте. Ша ца юуш, ца молуш, тIаьххьара йисина баьпкан юьхк а кIантана хьежош, нийсархойх хьега цунна меттиг ца юьтуш, хене ваьккхира.
1957-чу шарахь вайнахана цIаберза маршо йолуш, юккъера школа чекхъяьккхина вара иза. Цундела аьтто хилира Ленинграде деша ваха. ЮхаметтахIотта эгIаза ка-мIараш еттачу Нохч-ГIалгIайн къоман театро вовшахтоьхна яра похIмечу кегийрхойн тоба Ленинградерчу театральни институте деша яхийта. Оцу тобанах дIакхийтира Руслан. Кхузахь билгалдаккха догIу, кхечу кегийрхошначул а Русланна евзаш хила декхар дара искусствон хьаьрма.
Цуьнан дейиша Хакишева Хьава, Хьаван хIусамда Татаев Ваха театр юьйцуш, сценина сагатдеш хиларна, мелла а оцу «лазаран» хьу кIантах хьакхаеллера. Делахь а, Казахстанехь яьккхинчу гIайгIанечу хенахь цкъа а дага ца деанера цунна актерийн говзалла караерзо ша Ленинграде кхочур ву аьлла. Ткъа дагахь боцу аьтто нисбелча, цунах къаьхкийла дацара.
Тахана, мел халахеташ делахь а, театрехь ши-кхо стаг бен ца висина 1957-чу шарахь Ленинграде, театральни институте деша хьовсийначу кегийрхойх.
1962-чу шарахь дешна бевлла уьш цIабаьхкича, буьйса хазйинчу седарчех таръелла лепаш яра церан цIерш: Давлетмирзаев МутIелип, Идаев Юсуп, Цицкиев Мохьмад, Мамилов Суламбек, Хаджиева Неля, йижарий ИсаевгIар, Паскаева Раиса, Минкаилова Зоя, Саиева Тайбат, Хакишев Руслан, иштта, дуккха а кхиберш. Актеран болх Хакишев Руслана дукха ца бира. Шо-шаре далале, иза Ленинграде деша юхавахара, оццу театральни институте, хIинца режиссеран говзалла караерзо.
Казахстанан халкъан артистан М.В.Сулимовн пхьалгIехь пхеа шарахь режиссеран белхан къайленаш Iамайой, шен дипломан спектаклана «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу пьеса билгалйоккху Руслана. Цо ша иза билгалъяьккхинера аьлча-м нийса ца хила а там бу.
Нохчийн къоман театран воккха доттагI хиллачу, дуккха а шерашкахь цигахь болх бинчу Саидов Билала гочйина и пьеса кийчча йолуш яра, хIотто режиссер ца волуш. Ленинградера аьхкенан каникулшка цIа веанчу Руслане, хIетахь театран директор хиллачу Хамидов Iабдула кховдийра, тIаьхьо исбаьхьа спектакль хилла йолу, и пьеса. Цуьнан автор испанхойн поэт, драматург Федерико Гарсия Лорка ву.
Испанехь фашизм олалле еанчу муьрехь язйина ю иза, авторо шех хиндерг хууш санна, «цIийца» язйина ю. Делахь а, режиссеран дуккха а болх бан дийзира, и пьеса вайнахана мегачу хьоле ерзош. Хакишев Руслан еккъа цхьа пьеса схьаэцна, цу тIехь болх бан буьйлалучу режиссерех вацара. Театран хьаьрма ма-ярра йовза лууш Ленинградехь иттех шо зама яккхаре терра, цунна дика хаьара, адамийн сих хьакхалуш спектакль хIотто алссам къахьега дезийла.
Уггаре а хьалха, авторан дахарх лаьцна мел яздинарг дийшира режиссера. ТIаккха цуьнан ерриге а кхолларалла Iамийра, «ЦIий Iанийна ловзар» пьеса ешна ца Iаш. Цул тIаьхьа спектаклехь васташ кхуллу долу актераш билгалбехира: Давлетмирзаев МутIелип, Хучиев Адам, Багалова Зулай, Хакишева Хьава, Нудушев ХIарон.
Спектаклехь дакъалоцуш кхин а актераш бара. Делахь а, оцу спектаклан коьртачу турпалхойн васташ кхоьллинарш лакхахь цIе яьхнарш бара. ТIехула бIаьрг кхарстийча, дукха чолхе ца хетара пьесин сюжет. Нана йисина Iаш ю, шен цхьа кIант кхиош.
Цуьнан хIусамда, воккхах волу кIант, цкъа мацах даьллачу девнехь вийна Феликсан цIийнах болчу наха. ХIинца жимахверг хьалакхиъна.
Цунна нускал дало хан тIекхаьчна. ЙоI ю билгалъяьлла. Хаза, товш, дечу гIулаккхна тIера ю иза. Амма цхьа-ши шо хьалха оццу Феликсан цIийнах волу Леонардо хилла цунна тIехьийзаш. И шийла кхаъ ца безало нанна. Цунна гергахь, цхьана а кепара шайх схьадала беркат доцуш нах бу ФеликсгIар.
Маьлхан хазачу дийнахь цIеххьана гучуйолу догIанан Iаьржа марха санна, гIайгIане IиндагIаш тосало ненан юьхьа тIехь. Актрисин исбаьхьачу ловзарехь гуш ду ненан даг чу, лаьхьанах таръелла, шеконаш шершина хилар. Делахь а, шен цхьаъ бен воцчу кIантана йоI езарна, нана реза хуьлу захалонна.
Нускалан васт кхуллуш яра РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Неля. Иза реза ю захалонна, шена ма-хетта тIехьийза кIант вацахь а. ЙоI хаза ю, товш ю, хьанна а еза мегар долуш. Амма сцени тIехь иза гучуяларца хаало безаман шовкъо цуьнан кийра морцуш цахилар. Маре йоьду хан тIехтуьлуш лаьтта, дена чIогIа дан лаьа хьалдолчу наха схьакховдийна захало, цундела, дуьхьалонаш ца еш, реза хилла иза маре яха.
Ткъа кийрара къона дог-м, цIера араяла еза хан герга мел кхечи а, кхечунна сагатдеш, лозуш ду. Цо тоххара зуда ялийна, цуьнан доьзалехь кхуьуш кIант ву. Амма безамо ца хоьтту зуда ялийна вуй-ваций. Дерриге а дуьне гатдой, оцу цхьана стагах дахаран къилба до бакъболчу безамо.
Иштта, къилба хилла лаьтта йоIана хьалха цкъа мацах тIехьийзина Леонардо. Цуьнан дуьхьа цIерга эккха кийча ю йоI… Нуьцкъала амалш, сирла васташ, цIеначу безамна хастам – и дерриге а дара Хакишев Русланан спектаклехь. Цо билгалдаьккхира говзаллин хьакъдолчу тIегIанехь нохчийн къоман режиссура кхиъна хилар. Хетарехь, вайн махкахь дукха нах бац и шовкъе спектакль газа. Берриге а хьовсархоша цхьабосса езаш тIеоьцуш ю иза. Нохчийн театральни искусствон мах боцу беркат ларалучех цхьаъ ю спектакль, дуккха а шерашкахь, хьовсархошна кIорда ца еш, къоман театран репертуарана токхо еш схьаеана а ю.
Хамидов Iабдула язйина «Лийрбоцурш» цIе йолу турпалаллин драма яра Хакишев Руслана къоман театран сцени тIехь шолгIа хIоттийнарг. Иза СССР-н Турпалхочух Нурадилов Ханпашех лаьцна яра. Цкъа хьалха театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейн Владимира хIоттийна а яра иза. Делахь а, 1970-чу шарахь, фашизмана тIехь толам баьккхина 25 шо кхочуш, карлаяьккхира театро халкъана езаелла спектакль.
1967-чу шарахь дуьххьара «Лийрбоцурш» драма Вайнштейн Владимира хIоттош, спектаклан шолгIа режиссер вара Хакишев Руслан. Цундела, тамашийна ца хета спектакль карлаяккхар цунна тIедиллар. Делахь а, нийса хир дацара Хакишев Руслана ша хIоттийна спектакль, цхьа а хийцам болуш яцара аьлча. Гуш дара режиссера алссам къахьегна хилар. Коьртачу ролехь, хьалха санна Омаев Дагун вара. Амма хIинца адамалла мелла а сов яра цуьнан турпалхочуьнгахь.
Еккъа цIена цхьа турпалалла гайтина Iаш воцуш, дог кIеда хилар, тешаме накъост хилар, чолхечу дахаран хьелаша вина турпалхо и хилар гойтура керлачу спектакло. Цундела хьовсархошна, гергара, баккъал а, нохчаллин хIуо детталуш хетара керлачу спектаклехь Омаев Дагуна васт кхоьллина Нурадилов Ханпаша.
Бакъволчу нохчичун яхь, доьналла, оьшучохь собарца сатохар долуш вара. Режиссеран похIма бахьанехь тоелла, чулацам шорбелла, исбаьхьаллин тIеIаткъаман ницкъаца хьовсархойн дегнашкахь лар юьтуш яра спектакль.
Цо кхетавора Даймохк дай-наний санна беза, лара, цуьнан дуьхьа халонаш лан Iама, оьшучохь мерза са дIадала кийча хила. Къоман театран кхиам лара хьакъдолчех спектакль ю иза Хакишев Русланан къинхьегаман доккха дакъа юкъахь а долуш.
1976-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн драмин театрехь режиссера Хакишев Руслана «Яхь йолу кIентий» спектакль хIоттийра. Нохчийн бартакхолларалли тIехь кечйина яра иза. Вайнехан яхь, догцIеналла, доьналла, гIиллакх, оьздангалла юьйцуш, цхьана тайначу мукъамехь дIадоьдуш баккъал а сирла илли хетара иза, кхаа иллех вовшахтесна елахь а.
Жерочун кIантах, таркхочух долу илли, Адин Сурхох, Эла Мусостах долу илли, къонахийн иллеш дара бухе дехкинарш. Шайн зевнечу аьзнашца спектакль тойинера актрисаша Айдамирова Светланас, Эсамбаева Заремас, Энгиноева Лизас.
Цхьана а кепара шеко йоцуш, кхиаман гIушлакхе «Яхь йолу кIентий» спектакль кхачийнарг вайн махкарчу тоьллачу говзанчийн кхоллараллин доттагIалла дара. Иллеш кечдеш гIо-накъосталла динарг, ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш хилла мукъамча Цугаев Супьян вара. Спектакла юккъера шовкъе хелхарш иштта вевзаш хиллачу балетмейстера Януркаев Сайд-Эмис хIиттийна дара.
Ткъа спектаклан автор волчу Хакишев Руслана, халкъе, махке болу берриге а шен безам орцахбаьккхина хеталора и кхоллараллин совгIат хьовсархошна деш. Вайн махкахь езаш тIеэцна ца Iара и спектакль. Москварчу, Ленинградерчу театральни критикаша лаккхара мах хадийнера цуьнан.
Ткъа 1977-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь РСФСР-н Министрийн Советан сацам арабелира: «Яхь йолу кIентий» цIе йолчу спектаклан авторна, режиссерана Хакишев Русланна, спектаклехь дакъалаьцначу актерашна Гайтукаев Ахьъядна, Хадзиев Мохьмадна Станиславский Константинан цIарах йолу пачхьалкхан преми яларан хьокъехь».
Ларамаза дац аьлла хета Хакишев Руслана спектакль хIоттаяр. Шен оьздачу дайн нуьцкъала амал, синъондалла гайта яьккхина гIулч яра иза. Iедало нохчийн къомехь латтийна Iазап цаладалар дара. И ойла тIечIагIйо, тIаьхьо, Iедалан архаш малъелча, цо хIоттийначу шина спектакло. Нохчийн къоман театран сцени тIехь вайнах махках бахарх дуьххьара дош аьлларг вара Хакишев Руслан.
«Дуьне духуш» спектаклана пьеса гуьржийн яздархочуьнца Отиа Иоселианица режиссера ша язйина яра, бухе Казбеги Александран «Элисо» дийцар диллина.
1853-чушарахь пачхьалкхан Iедало вайнах ямартлонца махках бахарх лаьцна дара и дийцар. Ткъа шолгIа спектакль «Дела воцург накъост воцуш», изза цIе йолуш Нунуев Сайд-Хьамзата язйинчу пьеси тIехь хIоттийна яра. ХХ-гIа бIешо юккъе доьдуш вайнахе Сталинан хьадалчаша хIоттийначу Iазапах яра и спектакль. Хала дара цуьнга паргIат хьажа. Вайн гIийлачу дай-наноша мел хьегна хало карлайоккхура сцени тIехь гуш долчо. И бала текхначарех Руслан ша а вара.
Цхьалха дисинчу сица ша мел литтинарг, цIийца мел лезнарг цу генарчу, хийрачу махкахь, Нунуевн пьесех пайдаоьцуш хьовсархойн кхиэле диллинера цо. Халкъе, махке болу безам, цуьнан историн дегаIийжаме агIонаш хаддаза шен иэсехь хилар гайтира режиссера лаккхарчу говзаллица.
50 шо гергга хан ю Хакишев Руслана Нохчийн къоман театрехь болх бен. Оцу муьрехь 100 гергга спектакль хIоттийна цо. ХIораннах дийца газетан майда тоьар яц. Амма царах дукхах йолу спектаклаш дикане, серлоне, адамалле кхойкхуш хилла.
И адамалла Хакишев Русланехь шегахь мел оьшу хилар ду цуьнан коьрта бахьана. Цунна къегина тоьшалла ду, ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, вайн махкахь сингаттамаш хьаьвзича, театран коьрта режиссер Хакишев Руслан театр охьакхоьссина, юьстахваьлла цахилар. Театр а, цуьнан коьрта режиссер а даима шайн халкъаца дара.
ТIеман кIур дика дIабаьлла а балале, авиатохарша йохийначу гIишло чохь болх юха дIаболийра театран коллективо.
2005-чу шарахь Хакишев Руслан коьртехь волчу Нохчийн къоман театро «Жима эла» цIе йолу спектакль хIоттайо. Антуан де Сент-Экзюперин туьйра-притча дара иза нохчийн халкъан поэта Абдулаев Лечас гочдина.
«Жима эла» спектакль мерза кхаъ хилла дIахIоьттира буьрсачу тIамо гIайгIане эгийначу махкахошна. Франкахойн яздархочун говзар Нохчийн къоман театран сцени тIехь хIотторо дегайовхо кхуллура доккхачу дуьненах вайн жима къам дIакъаьстина цахиларх. Цо тешавора къоман сирлачу кханенах. Дахаре а, дуьнене а хилла безам карлабоккхура. Буьрсачу тIамо ягийна, яржийна, Iовжийна хьовсархойн ойланаш машаречу хорша ерзо ницкъ кхечира спектакль хIоттийначу режиссеран похIмин. Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш вайн дегнаш хьистина, Руслана хIиттийна спектаклаш.
Цо дукха къахьегна вайн дуьхьа. КIад ца луш, гIел ца луш, я цунах дерг вайна ца тосадолуьйтуш. Сирлачу лакхене кхойкху маьлхан иллих ека цо хIоттийна муьлхха а спектакль. Хакишев Руслан нуьцкъала гIортор ю Нохчийн къоман театральни искусствон. Халкъо шех дозалла дан хьакъдолуш стаг ву иза. Театрах дIаийна цуьнан дерриге а дахар. Хакишев Русланан цIе дийнна цхьа мур юкъалоцуш ю Нохчийн къоман театран исторехь.
Берриге а ХакишевгIеран санна, хьаналчу къинхьегамца, ша схьаваьллачу къоме болчу безамца лепаш бу и мур.
ГАЗИЕВА Аза
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо