ОвгIанехь «нохчийн лар» лаха гIертар эрна ду

ОвгIанерчу Джаузджан провинцехь меттигерчу талибаша (ОвгIанерчу боевикийн «Талибан» тобанан декъашхой) «Иблисан пачхьалкхера» «нохчийн кхо террористка йийна» аьлла, шуьйрачу хаамийн гIирсаша бинчу хаамийн хьокъехь дIахьедар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, и хаам бина болу Россера хаамийн гIирсаш ОвгIанерчу Haama Press агентствон хаамашна тIетевжина, ткъа ша Haama Press – ОвгIанан эскаран 209-чу корпусерчу хаамашна, уьш – меттигерчу бахархошкарчу хаамашна – ткъа меттигерчу бахархоша бина хаамаш – талибаша дуьйцуш хезнарг схьалаьцна «кхоллабелла» бу.

Иштта, республикин Куьйгалхочунна хетарехь, оцу тайпана гIучIа баржочу хаамийн гIирсашна чIогIа дукхаезачух тера ду «ОвгIанера бедаш» (бад (оьрс. утка) – шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь билггал шеца аьшпаш а, гIучIа а болу хаам – авт.), уьш Кандагарера а, Кундузера а, Саманганера а, Гератера а, иштта, кхийолчу провинцешкара а хилчахьана.

«Вайн цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна «ОвгIанера бедаш» чIогIа езачух тера ду. Царна бен а дац, уьш хьан кхиаярх а, арахецарх а. Коьртаниг – уьш Кандагарера а, Кундузера а, Саманганера а, Гератера а, иштта, кхийолчу провинцешкара а хилчахьана. ХIинца цара йовзийтина «бедаш» Джаузджан провинцехь хааелла. Таджикистанан дозанца уьш хаа ма-еллина, массарна а йогIуш ерш гIезаш ю моттаделла. Ткъа Россехь-м царах гIургIезаш йина», – иштта, беламечу кепехь яздина Кадыров Рамзана лакхахь хьахийначу хааман хьокъехь ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Ткъа таханлерчу хааманна таллам бича, Узбекистанан а, Турменистанан а дозанашца йолчу ОвгIанан Джаузджан провинцерчу Дарзаб шахьарахь «Талибан» а, «Иблисан пачхьалкх» а тобанийн декъашхошна юкъахь тIеман тасадаларш хилла хилар а, циггахь «кхо зуда йийсаре лаьцна а, хьийзийна а, йийна а хилар» а хаало.

Кадыров Рамзанна хетарехь, «и гIучIа баржийначеран, оцу хааман гIоьнца, ОвгIанехь тIом беш нохчийн зударий бу бохург чIагIдан» Iалашо хилла.

«Иблисахошкахь а, талибашкахь а къизалла хиларх цецваьлла цхьа а вац. Амма хIинцалераниг ОвгIанехь «нохчийн боевикаш» хилар «чIагIдаран» декъехь яьккхина цхьа эзар хьалхара гIулч ю. Цара бохург хIун ду – нагахь санна, цигахь нохчийн цхьа зуда хааеллехь, нохчийн зударийн тобанаш а хила езаш ю», – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.

Делахь а, и зударий Узбекистанера а, Нохчийчуьра а бара аьлла хаам а «меттигерчу хаамийн» бух болуш бу.

Иштта, Кадыров Рамзана дагадаийтина, мелла а хьалха, ОвгIанехь долчу Iамаркан эскаран куьйгалло боевикашна юкъахь шайна дуьхьал тIом беш ворхI эзар сов нохчи а ву аьлла, кхайкхам бина хилар а, тIахьуо, царна юкъахь цхьа а нохчи карийна цахилар а.

И.ХАСАХАНОВ

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: