Нохчийчуьра, лаьмнийн кIошташ кхиоран программа кхочушъярца нийса а догIуш, республикин Iедалан гIоьнца жимачу совдегараллин декъехь кхочушъеш ю 200 сов инвестпроект. Уьш кхочушъяро оцу кIошташкахь 1,5 эзар белхан меттиг кхуллур ю. Иштта хаам бина республикин Правительствон экономикин декъехула вице-премьер волчу Магомадов Iабдуллас.
«Лаьмнашкарчу кIошташкахь жима а, юккъера а совдегаралла кхиорна леррина хьелаш кхолларан болх сацийра республикин Правительствос 2017-чу шарахь. И болх саца а бина, хIора а кIоштахь совдегараллин дIадолораш къасторна тIеберзийра тидам. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дIадолорца тIеийцира «2017–2020-чуй шерашкахь лаьмнийн кIошташ кхиоран» программа. И проект хIинццалц хиллачу проектех финансированин хьостанца къаьсташ ю – Программин гурашкахь кхочушъечу инвестпроекташна финансировани йийриш оццу кIошташкахь шайн Iер-дахар а, болх-некъ а болу совдегарш бу», – билгалдаьккхира Магомадов Iабдуллас.
Цо бинчу хаамца, карарчу шарахь лаьмнийн кIошташкахь кхочушъеш ю 2 616,4 млн. сом мах болу 230 проект. Уьш кхочушъяро белхан 1 614 меттиг лур ю. Деккъа цхьана 2018-чу шарахь оцу 230 проектах 126 проект кхочушйина яла езаш ю – уьш 1 378,9 млн. сом мах болуш а, белхан 898 меттиг лур йолуш а ю. Кхуззахь билгалдаккха догIу царах цхьайолу проекташ хIинцале а кхочушйина хилар.
Иштта, вице-премьера дийцарехь, оцу декъехь къахьоьгучу совдегарийн дIадолораш кIезиг хилар а, цаьргахь финансийн говзалла цахилар а тидаме а оьцуш, республикин кхочушдаран Iедало массо а агIор деш гIо-накъосталла ду и проекташ кхочушъярехь – латта даларца, бизнес-планаш хIитторца, республикин а, меттигерчу а тIегIанашкарчу кхочушдаран органаша проекташ кхочушйина йовллалц терго латторца а, и.дI.кх.а. Цул сов, хIора а проект кхочушъярна тIехь терго а, Iуналла а латто декхарийлахь бина векалш – кхочушдаран органийн белхахой.
Лакхахь хьахийна йолу программа кхочушъеш ю Веданан, Нажи- Юьртан, Итон-Кхаьллан, Шуьйтан, Шаройн кIошташкахь.
Оцу кIошташкахь кхочушъеш йолу программа-практика дийнна республикехь а яржоран Iалашонца, кхечу 11 кIоштахь а вовшахтоьхна 311 инвестпроектах лаьтташ йолу реестр. Уьш кхочушъян оьшург 6 571 млн. сом ахча ду, ткъа цара лур ю белхан 2 689 меттиг.
И.ВАХАБОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо