Президиумехь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь Нохчийчоьнан цIарах депутат а, республикин электроэнергетикин комплекс кхиоран декъехь йолчу штабан куьйгалхо а волу Делимханов Адам а волуш, кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь. Иза лерина яра республикин электроэнергетикин комплекс кхиоран гIуллакхашна.
Цигахь дакъалецира республикин Промышленностан а, энергетикин а министра Масаев Ризвана а, акционерийн «Чеченэнерго» юкъараллин урхаллин директора Докуев Русланбека а, кхечара а.
Шен къамелехь «Чеченэнергон» урхаллин директора дийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юкъараллина хьалха хIиттийначу декхарех а, цуьнан протоколан тIедахкарш а кхочушдарх лаьцна.
Цо билгалдаккхарехь, юкъаралло а, иштта, цуьнан долахь йолчу РЭС/ГЭС-ша а бечу балха тIехь хIинцале а кхиамаш хаалуш бу. Цул сов, юкъараллина хьалха декхарийлахь болчу бахархошца а, организацешца а беш болу болх а керлачу тIегIане баьккхина, уьш суьде а луш, цаьргара декхарш схьадахар 87 проценте хьалакхаьчна.
Иштта, юкъараллина декхар болчу бахархойн хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдеш йолчу предприятешца бан а болийна болх.
Республикин бюджетера ахчанаш лучу цхьайолчу предприятийн, шайна санна бюджетера ахча лучу кхечу предприятина хьалха декхар кхолладалар нийса цахиларна тIе тидам бахийтина ца Iаш, Делимханов Адама и гIуллакх таллар а, цунна тIехь кхидIа терго латтор а тIедожийра Промышленностан а, энергетикин а министрана Масаев Ризванна.
Оццу кхеташонехь дийцира «Чеченэнерго» юкъаралло хIора денна а абоненташца бечу балхах лаьцна.
Карарчу шарахь, масала, тайп-тайпанчу кIошташкарчу абонентийн 1 250 счетчик теллина. И болх барехь гучуваьлла счетчикаш а йоцуш, токах пайдаоьцуш волу 272 абонент. Цул сов, «Чеченэнергоца» бина цхьана а кепара барт а боцуш, къайлах, цуьнан сеташна тIе а тасавелла, токах пайдаоьцуш хилла волу 36 вахархо а гучуваьлла.
Делимханов Адама тIедиллира оцу декъехь беш болу болх кхин а жигарабаккхар.
Нажи-Юьртан а, Курчалойн а, Гуьмсан а кIошташкахь электромонтажан декъехь бечу белхан жигаралла лахцаяр дийхира электроэнергетикин комплекс кхиоран декъехь йолчу штабан куьйгалхочо гулбеллачаьрга.
И.ИСЛАМОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо