ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Финансийн министерствон актови залехь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин IV-чу гуламан хьалхара пленарни кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель харжаран, палатин председателан заместитель чIагIваран, комиссеш чIагIъяран а, иштта, церан председательш харжаран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Цул сов, дийцаре дан лерина дара Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин хIоттаман а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин регламент чIагIъяран а гIуллакхаш.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатель Алиев Тимур, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Нагаев Iаднан, Тагиев Мурад, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал, Палатин кхиболу декъашхой, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш, кхиберш.
Даррехь кхажтасаран жамIашкахула Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председателан дарже хаьржира Денильханов ИсмаьIал, цуьнан заместителан даржехь чIагIвира Каримов Iалу.
Шен къамелехь Алиев Тимура билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикехь граждански юкъараллин институташ кхиорна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар.
– Со тешна ву, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин 4-чу гуламан керлачу хIоттамна юкъабогIучара организацина хьалха лаьтташ долу декхарш кхочушдарехь шайн ницкъ кхочург дерриге а дийриг хиларх. Республикин куьйгалло оцу тIехь шуна массо а агIор гIо-накъосталла дийр ду. Коьрта декхар – юкъараллина пайда хинболчу кепара аш жигара къахьегар ду, – элира Т.Алиевс.
Тагиев Мурада дийцарехь, юкъараллин организацийн векалша дуккха а дика гIуллакхаш дина халкъан а, республикин а дуьхьа.
– Шун декхар – Нохчийн Республикин Юкъараллин палата бахархоша шега ладугIуш йолу орган хилийтарехьа къахьегар ду. Аш шайн болх хила беззачу тIегIанехь дIа а хьо, шу Iедална а, юкъараллина а юкъахь зIе латтош а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а хьакъдолу гIоьнчий а ду. Шайн балхахь аш баккхий кхиамаш бохийла луур ду суна, – билгалдаьккхира цо.
Денильханов ИсмаьIала баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна шена тешам баларна.
– Шеко йоццуш, Нохчийн Республикин Юкъараллин палато дуккха а гIуллакхаш кхочушдо. Вайна хьалха лаьтташ керла Iалашонаш, керла декхарш ду, цундела жигара а, низамца а къахьегар тIедужу вайна, – элира
И.Денильхановс.
Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин керла декъашхой кхаа муьрехь вовшахтуьйхира. 14 декъашхо билгалвина республикин Куьйгалхочун Указаца, кхин 14 декъашхо чIагIвина Нохчийн Республикин Парламенто.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Парламенто а чIагIбина болчу Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхоша, кхажтасарца, Нохчийн Республикехь йолчу юкъараллин цхьаьнакхетараллашна юкъахь болчеран кандидатурех кхажтасарца къастор бу Юкъараллин палатин декъашхойн кхаа декъах тIаьххьарчу декъан декъашхой.
Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин боьалгIачу гуламна юкъагIур ву 42 стаг.
I.МУРТАЗОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо