Кхерам ца хилийтарна тIехьажийна…

Нохчийн Республикерчу Iели-Юьртарчу социально-реабилитацин туьшан кхиорхошна дийцира аьхкенан муьрехь садаIарехь кхерам ца хилийтарна бакъенаш ларъярх лаьцна.

Нохчийн Республикин чолхечу хьелийн ведомствон профилактикин белхаш баран а, терго латторан гIуллакхан а отделан белхахочо Султаханов Мохьмада дийцарехь, аьхка садоIучу хенахь кхерамазалла ларъяран декъехь хила деза хаарш лакхадехира кхиорхоша.

Церан коьрта тидам тIебахийтира цIарах лардаларна а, хи тIехь, баккхийнаш юххехь болуш, лерринчу меттигашкахь лийча мегарг цахиларна, кхерамазалла ларъеш йинчу билгалонех дехьадовла а, машенийн чкъургаш (камерш) тIехь лийча а, хинкеманаш юххе даха а мегарг цахиларна.

– Берашна дийцира йовхачу а, екъачу а хенахь охьакхоьссинчу синаркех дала тарлучу доккхачу зуламах а, цIеран кхерамах лардаларан бакъенаш хууш хила езарх а лаьцна. Берашна дийцира, цIейойург муха лело еза а, – билгалдаьккхира Теркан кIоштан кхерамазалла ларъярехула йолчу цIеяйъаран-кIелхьардахаран №26 йолчу декъан инспектора Гумадаева Мадинас.

Цу тайппанчу гIуллакхаша бохамаш хиларх лардина ца Iаш, вайн берашна кхерамах лардала а Iамадо.
***
Нохчийн Республикин юьртан бахаман предприятийн белхалошна дийцира аренан белхаш дIахьочу хенахь ларъян езачу бакъенех лаьцна. Аренашкахь цIеялар цахилийтарна тIехьажийна долу магораш деллера Россин МЧС-н Коьртачу урхаллин Нохчийн Республикехь йолчу тергояран органан белхахошка.

МЧС-н белхахоша дийцира техника дикачу хьолехь хила езарх а, йовхонан генераторца хIу дакъочу хенахь ларъян езачу бакъенех а, комбайнаш тIехь цIеяйъаран гIирсаш хила безаш хиларх а лаьцна.

Кхерамазалла ларъечу хенахь коьрта тидам тIебахийта беза аренаш дакъошка екъна а, техникина заправка яр ялта хьокхучу меттигашна генахь а хила езаш хиларна.

Оцу мероприятехь дакъалаьцначарна кхерамазаллин коьрта бакъенаш а, цIеяйъархойн службийн телефонаш а тIехь йолу кехаташ делира.

Хьалха хIоттийначу планаца нийса а догIуш, вайн регионан терголатторан Органан чолхечу (чрезвычайно) хьелийн ведомствон инспекторша талламаш дIабаьхьира юьртабахаман сурсаташ Iалашдаран, царах гIуллакхдаран объекташкахь цIеяларан кхерамазалла муха ларйина хьовсуш.

Л.ИБРАГИМОВА

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: