Шелковски кIоштан бахархошца дийцира Россин Федерацин Правительствос пенсионни системехь бан леринчу хийцамех лаьцна.
Бахархошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира ерригроссин политикин «Единая Россия» партин республикехь йолчу отделенин секретаран заместитела, партин республикехь йолчу кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Динаев Iадлана, цуьнан заместитела Анасов Асхьаба, Шелковски кIоштан депутатийн советан председатела, оццу советехь «Единая Россия» партин фракцин куьйгалхочо Наипов Бориса, кхечара.
Уггаре а хьалха вистхиллачу Динаев Iадлана дийцира пенсионни системехь бан леринчу хийцамийн Iалашонех а, оцу хьокъехь шена хетачух а лаьцна.
– Iаламат доккха социальни маьIна долуш гIуллакх ду иза. Бахархошна хаа лаьа оцу хийцамийн Iалашонех лаьцна. Тахана, мел болчу аьлча нийса хир дац, амма, дукхах болчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша, оцу хийцамийн хьокъехь, дуьйцург цхьаъ ду – нагахь санна и хийцамаш тIеэцахь, Россин Федерацин бахархой пенсе боьлху хан тIекхетарг хилар. Амма цара ца дуьйцу я яз а ца до оцу хийцамашца а нийса догIуш, бахархой пенсе бахаран хан тIекхетта ца Iаш, кхин дуккха а хийцамаш хирг хиларх лаьцна – пенсин барам алсамбалар, шена безаш болу болх алссам бан йиш хилар, и.дI.кх.а., – дийцира цо.
Цул тIаьхьа, Дупенко Дениса, меттигерчу муниципальни белхахойн профсоюзан цIарах ша динчу къамелехь, дийцира Россин Правительствос пенсионни системехь бан леринчу хийцамийн хьокъехь хетачух а, луучух а лаьцна.
Чаккхенехь «Единая Россия» партин векалша билгалдаьккхира оцу тайпа цхьаьнакхетарш республикин кхийолчу кIошташкахь а дIаяхьа дагахь хилар а, цул сов, пенсионни системехь бан леринчу хийцамийн хьокъехь республикин бахархошна хетарш цхьаьнатохаран Iалашонца, леррина схьа а йиллина, болх беш Партин электронни почтан адрес: (chechen-pensii@mail.ru) хилар а.
Цара чIагIо йира республикин бахархоша оцу адреса тIе дахкийта «хетарш» толлург хиларан а, царна юкъахь уггаре а мехала а, бух болуш а дерш Партин кхочушдаран коьртачу комитете дIакхачориг хиларан а хьокъехь.
И.АДАМОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо