«Светлячок» лагерехь берийн чIогIа самукъадолу

Масех шо хьалха, Нохчийчоьнан дозанал арахь бен меттиг яцара дешархой садаIа бига. Ткъа хIинца, вайн республикехь ю, Къилбаседа Кавказехь а тоьллачех йолу берийн садаIаран лагерш.

Царах цхьаъ ю Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь йолу берийн спортан-могашаллатояран «Светлячок» лагерь. 4 гектар ю лагеран майда, дийнна шарахь болх беш а ю иза. Цхьаьний 500 бер тIеэца таро ю цигахь.

Хазачу Iаламна юккъехь, Хулхуло хин йистехь Iуьллучу лагерехь тхо а хилира. Тхо тIеийцира лагеран директоран кхетош-кхиоран декъехула волчу заместитела Мидаев Ислама. Цо лагерера хьал а довзийтира, тхан хаттаршна жоьпаш делира.

– Ислам! ХIинццалц хIара юьйцуш хазар бен, кхузахь хилла дацара тхо, хIинца кхета, берийн бехк а ца хилла хIокху лагере юх-юха дахка лаарх. Дийцахьа шайн лагерх лаций.

– Берийн спортан-могашаллатояран «Светлячок» лагерь 2017-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь болх бан йолаелла (бакъду, Советийн Iедал долчу хенахь а хилла оццу меттехь иштта цIе йолуш лагерь).

Вайн регионан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца йина ю хIара. Вайна ма-хаъара, вайн республикин Куьйгалхочо кегийрхошна а, кхиазхошна а тIехь леррина терго латтайо, церан хьашташ лаккхарчу тIегIанехь кхочуш а до. Иза гуш ду хIокху лагерехула волавелча.

СадаIарна а, дешарна а мел оьшу хьелаш ду кхоьллина. Юьхьанца тхаьш берашца лара ца дарна кхоьруш, тхайгара гIалат даларна кхоьруш дIасахьийзара тхан белхан накъостий, ткъа, балхо Iама ма вой, хIинца дика карабирзина болх, белхахой а дика хиларна, ларош схьадогIу. Аьхкенан хенахь мухалле а, жигара дIабоьду болх.

Лагеран кертахь 18 цIа ду. Цхьана цIа чохь 25 маьнга бу. ХIора а чохь шишша вожати хуьлу. КIентий болчу чохь стаг хуьлу, йоIарий болчу чохь – зуда. Иштта, хIора чохь а дIахIиттийна камерш ю, ха деш нах бу. Берийн кхерамазалла ларъеш ю.

КIенташна шайна, йоIаршна шайна йина бассейнаш, волейболан а, баскетболан а, футболан а, теннисан а майданаш, тренажеран зал, дуьхьалонаш а еш муш тесна майда, амфитеатр, боксан а, охьатохархлатаран залаш ю.

Иштта, столови а, берийн самукъадаккхарна лерина сцена а йолуш, кечйина меттиг а, арахь садаIа меттигаш а ю.

– Мел хан йоккху цхьана тобано лагерехь? Маса бер хуьлу цхьана тобанехь? Цаьрца дIахьош болу болх а бовзийтахьа.

– ХIора шина кIиранах 450 герга бер тIелоцу оха. Уггаре а хьалха кхетош-кхиоран болх дIахьо оха цаьрца. Терроризмах, экстремизмах долу бакъдерш дуьйцу, наркотикех, корта бахош долчу кхечу хIуманех долучу зуламах а, баккхийчаьрца а, кегийчаьрца а лело дезачу гIиллакх-гIуллакхех а лаьцна дуьйцу. Цул сов, спортан декъехь дIахьош ю дуккха а мероприятеш, конкурсаш, къийсадаларш. Доцца аьлча, цхьа а сахьт эрна ца дохуьйту-кх оха.

Дешархой-м дIабаха а ца лууш дера хуьлу кхузара, шайна тIе хIиттийна болчаьрга, кхин а цхьажимма дита алахьара шаьш бохуш, дехарш деш хуьлу.

– Ислам, лагерь дийнна шарахь болх беш ю. Берашна дешарна хIун до аш?

– ДIадаханчу шарахь эсаран (октябрь) бутт чекхбаллалц дешархой тIелецира оха. ХIора дешархойн тобанца церан хьехархой а схьабалабора. Школехь санна, кхузахь а хуьлура урокаш, цIахь бан болх а лора, цуьнца цхьаьна, бераш ловза а кхуьура, царна юкъахь къийсадаларш вовшах а тухура. Дика ларабора дешархой.

– Балхахь шайна тIеIитталуш йолу проблемаш а, уьш дIаяхарехь шаьш йоху гIулчаш а йовзийтахьа.

– Делан къинхетамца, цхьа а халонаш йоцуш, таханлерчу дийне схьакхаьчна тхо. Вайна ма-хаъара, бераш долу меттиг къаьсттина а ларъян езаш хуьлу, кхин а чIога ларъян езаш ю спортан майда йолу меттиг. Гуттар а цхьацца къийсадаларш хуьлучу цигахь охьакхетар, дIакхетар ца хуьлуш ца Iа, делахь а, Делан къинхетамца, дIоггара цхьаъ лазийна я больнице вига везаш хьал а тIе ца Iоттаделла тхуна. Белхахой говза хиларе терра, уьш массо а хIуманна тIехь сема бу, и бахьана долуш, болх дика дIа а боьду тхан.

– ПохIме бераш къастош гIуллакх дIахьой аш?

– Дера хьо. «Алло, тхо похIманаш лоьхуш ду» аьлла йолу конкурс ю оха дIахьош. Цигахь дакъалоцуш хуьлу муьлххачу а цхьана декъехь корматалла йолу бераш. Вайна ма-хаъара, дуккха а бераш хуьлу дика сурт дуьллуш, дика аз долуш, хелха довлуш, куьйга хIуманаш еш, спортан декъехь билгалдевлла, хьафизаш а тIехь-м хуьлу. Кест-кеста, лагере а кхочу ишттанаш. Цаьрца болх беш говзанчаш бу тхан, цара шайн корматалла массарна а хьалха дIагайта кечбо дешархой. Массеран а самукъадолу оцу конкурсех.

– Шайн дийнан раж йовзийтахьа тхуна.

– Iуьйранна ворхI даьлча хьалагIовтадо бераш. Юьхь-куьг дилинчул тIаьхьа, зарядка йо цхьаьний, цул тIаьхьа марта до (Iуьйранна хIума юу) (иза хьалхара смена хуьлу). ШолгIачу сменехь болучеран и вай мел динарг ах сахьт тIаьхьа хуьлу.

ХIора дийнахь, исс даьлча, лагеран берриге а белхахоша а, садаIа баьхкинчара а дакъалоцуш линейка хуьлу, цигахь довзуьйту оцу дийнахь дан леринарш, иштта, лардан деза низам а.

– Ислам, кхечу лагершкахь доцург хIун ду кхузахь?

– Со хьалха а кхечу лагерашкахь болх бина ву, цундела суна девза кхечанхьа дерг. «Светлячок» лагерь хIокхузаманан, берашна мел оьшучуьнца юьззина кхачо йина ю. Башхаллех дерг аьлча, хIора а цIа чохь дуккха а каналаш гойтуш телевизорш а йолуш, тайп-тайпанчу спортан майданаш а, бассейнаш а йолуш яц кхийолу лагерш. Иштта юучуьнца-молучуьнца, самукъадаккхарца дуккха а гIолехь ю хIара кхечу лагерел.

– Маса белхахо ву кхузахь болх беш? Муха ларабо уьш шайн декхаршца?

– Карарчу хенахь лагерехь болх беш 106 белхахо ву, хIора а шен белхан говзанча ву. Уггаре а коьртаниг, царах хIоранна а шен декхар хета берийн самукъадаккхар а, церан хьашташ лаккхарчу тIегIанехь кхочушдар а.

Хь.БАХТАЕВА

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: