Дукха хан йоццуш, Шеларчу Учительски урамехь «ГIалин юкъ» аьллачу проектан гурашкахь парк схьайиллина «Единая Россия» партин декъашхоша.
Даздаран хьолехь иза схьайоьллучохь дакъалецира «Единая Россия» партин цIарах болчу кIоштан муниципальни депутаташа а, меттигерчу бахархоша а.
«Единая Россия» партин Шелан кIоштан меттигерчу кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Матаева Маликас билгал ма-даккхара, парк меттахIоттийна бахархошна садаIа бегIийла хьелаш хилийтаран Iалашонца. Парк 5 664 квадратан метр майданахь ю.
Бахархоша билгалдаьккхира иштта йолу садаIаран меттигаш оьшуш хилар а, гIалахь цу тайпа парк хилар нахана доккха совгIат хилар а. Оцу даздарехь дакъалоцуш хиллачу кхиазхошна мерзалгаш йийкъира «Единая Россия» партин меттигерчу кхочушдаран комитето.
Оцу проектан гурашкахь, Шелан кIоштахь хIокху шарахь кхин а кхо уьйтIе а, юкъараллин цхьа меттиг а тоян а, куьце ялон а лерина бу партин декъашхой.
«ГIалин юкъ» проект вайн регионера юкъараллин меттигаш тоярна тIехьажийна ю. Бахархошна и меттигаш муха хила лаьа хьожуш болх дIахьо партин декъашхоша, цул тIаьхьа, церан лаамаш кхочуш а беш тойо уьш. Иштта, и белхаш дIахьош дакъалоцу меттигерчу бахархоша.
Хь.ДАУДОВА
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо