Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь мангалан (июль) беттан 13-чу дийнахь дIадаьхьира хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан «Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь – нохчийн мотт» программехула чекхбевллачу ладогIархошна Тоьшаллаш дIадалар.
Нохчийн маттахь йолчу журналистикин исбаьхьалла, гочдаран говзалла, телевиденехь а, радиохь а ненан мотт бийцар, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нислуш долчу гIалаташ тIехь болх бар, нохчийн халкъан Iадаташ, ненан мотт, литература, культура, нохчийн журналистикин дакъошкахь 36 сохьтехь дIадаьхьначу дарсашкахь вайн къоначу журналистийн аьтто хилла шайн говзалла лакхаяккха.
Ешархошна Тоьшаллаш дIаделира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, республикин хьакъволчу журналиста, яздархочо Дадаев Сайд-Хьасана, лакхахь хьахийначу Туьшан директора, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Юнусов Хьамзата, оьрсийн меттан а, литературин а, этикин а хьехархочо Юнусова Ровзана.
«Дашца нехан кхетам а, дог-ойла а хуьйцуш долчу «4-чу Iедалан» белхахой хилар доккха хIума ду. Баккъал а журналистика езаш, цуьнца бала а болуш волчунна цул дика говзалла карор яц… Суна дерриге а хаьа, кхидIа ас деша а ца оьшу бохуш, кхуьуш воцу журналист велла ву ала мегар ду. Вайн халкъан кица ду «Шен заманца дIа ца вахнарг замано хьошу» олуш. Керла юкъаюьйлуш йолу технологеш Iамош, кхиа везаш ву журналист…», – элира Гудаев Лоьмас.
Тоьшаллаш дIаделлачул тIаьхьа бистхилира курсаш чекхъяьхна Туьшан ешархой. Цара баркалла элира шайна хьехначу хьехархошна.
Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх бечу церан боккха аьтто хилла нохчийн меттан бакъболчу говзанчаша хьоьхуш, цаьргара хьекъал а, зеделларг а схьаэца. Иштта, цигахь шаьш доьшучу хенахь, оцу хьехархоша дIадаьхьначу дарсех царна боккха пайда хилла нохчийн меттан башхалла, вайн халкъан хаза гIиллакхаш довзарехь. Уьш, тIекхуьучу чкъуре дIакховдош ца хилча, дIа а девлла, вайн къам дуьсург хиларх а кхетта.
Иштта хьехамчаш хилча, Делан гIоьнца, шаьш кхидIа а вайн халкъан а, мехкан а дуьхьа кхидIа а къахьега кийча хилар а хаийтира цара.
Л.ДАУТОВА
Авторан суьрташ тIехь: Туьшан ладогIархой а, хьехархой а
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо