Нохчийчохь а, Россехь а вевзина ца Iаш, дуьненахь а дика вевзаш волчу яздархочун, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин кхоллараллин суьйре дIаяьхьира А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан накъосталлица къоначу яздархойн кхиамех воккхавевеш, царна накъосталла деш, баккхийчу яздархойн шен ницкъ кхочучу кепара доладеш, вайн къоман литература керлачу тIегIане яккха гIерташ къахьоьгуш схьавогIуш ву похIме яздархо Ибрагимов Канта.
Иза дерриге а дуьненна вевза нохчийн, оьрсийн вайн заманан яздархо, юкъараллин гIуллакххо, Россин Федерацин литературехула, искусствохула Пачхьалкхан совгIатан лауреат, Нохчийчоьнан халкъан яздархо, республикин Iилманийн Академин академик, экономикин Iилманийн доктор, профессор, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо санна.
Ткъа вайна иза нохчийн къоман доьналлех, яххьах, дахарх лаьцна дуьненан литературехь дош дитина дукхавезаш волу Ибрагимов Канта ву.
Ибрагимов Кантина леринчу суьйренехь дакъалоцуш бара кхоллараллин а, Iилманан а, юкъараллин а векалш а, яздархочун гергара нах а, цуьнан кхолларалла езарш а. Царна юкъахь вара республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви.
Кантех дош аьллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Куьйгалхочунан Кадыров Рамзанан маршалла дIа а луш, цо даийтина совгIат дIаделира Iаьлвис.
Ибрагимов Кантина лерина суьйре вовшах а тоьхна, дIахьош яра библиотекин директор Исраилова Сацита.
– Нохчийчохь хиллачу шина тIамах нохчийн къам а, цуьнан турпалхой а доьналлех ца бухуш муха чекхбевлла исбаьхьаллин литературехь дуьххьара гайтинарг Ибрагимов Канта ву. 1999-чу шарахь араелира цуьнан дуьххьарлера «Прошедшие войны» роман. Оцу романаца евзира цуьнан цIе а. ТIамо хьаьшна юха дендала гIерташ долчу нохчийн халкъана доккха совгIат дара иза. Иштта, дерриге а дуьненахь а сиха гIараелира Кантин цIе. Амма оцу лакхенех тоам бина ца Iийра яздархо. Цо тIаьхьа-хьалха арахийцира «Седой Кавказ» а, «Учитель истории» а, «Детский мир» а, «Сказка востока» а, «Аврора» а, «Дом проблем» а, «Стигал» а романаш, – дийцира Исраилова Сацитас.
Гулбеллачара шайн къамелашкахь билгалдоккхура ворхI романан а, Iилманан белхийн а автор волу К.Ибрагимов похIме яздархо а, Iилманча а хилар.
Яздархочун кхоллараллехь хилла а ца Iаш, дерриге а нохчийн халкъан исторехь а, литературехь а мехала меттиг дIалоцуш бу Академик Петр Захаровх лаьцна болу Iилманан болх. И книга язъярна 2013-чу шарахь Дельвик Антонан цIарах долу «Даймахкана, дашна тешаме хиларна» совгIат а делла яздархочунна.
Цул сов, яздархочун хIора а роман лаккхара мах хадийна а, совгIаташца билгалъяьккхина а ю.
Шен кхоллараллин лаккхара мах а хадош, шен ларам а бина, оцу суьйрене баьхкинчарна баркалла элира Ибрагимов Кантас.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ тIехь: кхоллараллин суьйренан дакъалацархой
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо