Лулахойн дахарера

Къоман проекташ

МАГАС. Россин Президентан «майхьлера» Указ кхочушдарца доьзна тIеоьцуш йолчу къоман 12 проектехь ГIалгIайн Республико дакъалацаро таро хуьлуьйтур ю регионан экономика 2024-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь сихдинчу боларшца кхио. Царна лерина долу ахча хIокху шарахь дуьйна билгалдина хир ду.

ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека чIагIдарехь, федеральни Iедало гIо дар бахьанехь хьалхахьа хаъал яккхий гIулчаш яьхна кхузахь адамийн могашаллин гIайгIа баран гIуллакхаш тIехь. Тахана а коьрта тидам тIебохуьйтучарах цхьаъ ду и дакъа. Царах ю, масала, еш йолу дуккха а агIонийн больница, психоневрологин диспансер, Соьлжан, Малгобекан кIошташкахь а, Карабулак гIалахь а еш йолу керла больницаш.

Оьшуш болчу гIирсашца тIеюзур ю онкологин диспансер, берийн республикин больница. И проекташ кхочушъяро регионан таро хуьлуьйтур ю адамийн медицинехь долу хьашташ кхочушдар иттаннаш шерашкахь лаккхарчу тIегIанехь латто. Иштта бIаьрла хийцамаш бу дешаран декъехь а: тIеттIа алсам схьайоьллуш ю керла школаш, берийн бошмаш.

Латталелорхойн кхиамаш

МАЙКОП. Йоккхачу жигараллица дIахьо кху шарахь Адыгейн Республикехь гуьйренан буьртиган ялташ чудерзор. КIеззиг майданаш бен яц буьртиган культураша дIалаьцначу 98 эзар гектарах чуэца йисинарг.

Латталелорхой шайн Iалашоне кхача герга хилар гойту хIора гектара тIера юккъерчу барамехь 45,4 центнер деши санна цIена ялта гулдеш хиларо. Меттигера хьелаш хьесапе эцча, тоьллачарах гайтам лору иза говзанчаша. Кхин а лакхара бу и гайтамаш дукхах болчу фермерийн. Масала, Нарожный Андрейс куьйгалла дечу ахархойн-фермерийн бахамехь хIора гектара тIера чуэцна 54,1 центнер мукх а, 61 центнер кIа а.

Бахамехь чекхдаьлла 339 гектара тIехь кхиийна хилла гуьйренан буьртиган ялташ чудерзор. Ялтица долу гIуллакх къастийна ма-делли хьалха лаьтта 4,4 эзар гектара тIехь кхиийна рапс чуерзор а. Цуьнан барамаш алсамбахарехь а билгалдинчу дозанашка шаьш кхочург хиларх тешна бу регионан латталелорхой.

Регионехь гуьйренан ялташ чудерзоран кампанехь дакъалоцуш ю 500 сов комбайн а, киралелон 650 гергга машен а. Билгалдаккха догIу республикехь хиндолчу ялтина бух биллар а тахханехь дIадолийна хилар.

Лаккхарчу вовшахтохараллица

СТАВРОПОЛЬ. Крайн 24 кIоштахь лаккхарчу вовшахтохараллица дIахьош ду гуьйренан ялташ чудерзор. Нагахь Апанасенковскан а, Арзгирскан а кIошташ аренашкара белхаш чекхбаха гергабаханехь, оцу гIуллакхца кхиамца ларийна Левокумскан кIоштахь а, Нефтекумск гIалин округехь а.

Регионехь чекхдаьккхина 144 эзар гектара тIехь кхиийна хилла мукх чуэцар. ХIора гектаро 39,8 центнер ялта делла. Тахана сайрешка дерзош ду 1,5 миллион гектар гергга йолчу майданашкахь кхиийна кIа. Юккъерчу барамехь хIора гектара тIера 36,2 центнер ялта гулдо.

Юьртабахаман предприятийн хьаьтташка хIинцале а дIакхаьчна ялх миллион тонна гергга ялта, цунах пхи миллион тонна сов кIа ду. Иштта, жигара дIахьош ду регионехь 198 эзар гектара тIехь кхиийна рапс а, горох а чуэцар. Тидамехь латтадо крайхь докъарийн бух кхолларан гIуллакх а.

Бахамашкахь хIинцале а дIаIалашйина 103 эзар тонна йол – оьшуш йолчух 70 процент, дIайиллина 130 эзар тонна сенаж (85 процент).

Уьйраш чIагIъяран Iалашонца

ХIИНЖА-ГIАЛА. Дагестанан правительствон председатель Здунов Артем кху деношкахь цхьаьнакхийтира Чехин Республикин инвесторшца – Sewago, Unis Power, A-Energy компанийн векалшца Войтех Долежалаца, Энжл Михаилаца, Витагиров Адамца. Хьешийн цIарах къамел динчу Войтех Долежала тидам тIебахийтира даххашца гIуллакх дарехь шаьш хаъал доккха зеделларг IаIийна хиларна. Цо дийцарехь, дийнна цхьамогIа мехкашкахь кхиамца гIуллакх деш ю цара кечйина технологи.

Цунах пайда а оьцуш, даххех гIуллакх даро шех кхитIе а пайдаэца йиш йолуш йолу (вторичное) аьргалла ло. Иза уггаре а хьалха пайдехь хир ю юьртан бахамехь а, промышленностехь а. Оцу декъехь хьокъала доллу гIуллакхаш дан барт хилира шина а агIонан, тIейогIучу хенахь вовшашна юккъера уьйраш ма-хуьллу шоръярна тидам тIе а бохуьйтуш.

ЦхьаьнагIуллакхаш дар шордо

НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республиканий, Тульскан областаний юккъехь цхьаьнагIуллакхаш дар шордаран Iалашонца Коков Юрий коьртехь а волуш, регионан делегаци тульчанаш болчохь хилира белхан визитаца.

Цунна юкъахь бара ведомствийн, министерствийн, махлелоран-промышленни палатин, совдегараллин гIолацаран фондан, яккхийчу предприятийн куьйгалхой, бизнес-юкъараллин векалш. Шаьш хьошалгIа кхайкхарна меттигерчу куьйгалхошна баркалла а олуш, Ю.Коковс тидам тIебахийтира область Россехь кхиъначу регионех цхьаъ хиларна. Цигахь гIуллакх деш ю оборонно-промышленни комплексан уггаре а яккхий предприятеш, цара арахоьцу дуьненан тIегIанан продукци.

Цуьнца цхьаьна шен таронаш а йовзийтира республико. Ша аьлча, кхузахь арахоьцу электроэнергетикина лерина лаккхарчу технологийн гIирсаш, алмазийн гIирсийн цхьамогIа тайпанаш, терахьийн медицинин техника. ХIинцале а регионо областе бохьуьйту рентгенан гIирсаш, кабелийн сурсаташ. Яккхий таронаш ю юьртабахаман сурсаташ латторехь. Иштта тидам тIебохуьйтуш ду туризм кхиоран, садаIар, дарбалелор вовшахтохаран гIуллакхаш.

Тахана республикехь ерриге а таронаш ю йолуш йолчу инфраструктурин буха тIехь тульганийн промышленни компанийн филиалаш схьаелла. Оццу дийнахь шина регионна юкъахь хиллачу бартана буха куьйгаш яздира субъектийн куьйгалхоша.

Совдегаран туш

ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикехь иштта туш схьайоьллуш хиларан хьокъехь хаамбира регионан экономикин а, махлелоран а министра Санджиева Зояс. Цо дийцарехь, инфраструктурин объекташ цхьаьнатохарехула йолу проект кхочушйийр ю цхьана меттехь – совдегаран «Сан бизнес» туьшахь. Иза къобалйина федеральни министерствехь. Иштта туш кхолларан коьрта Iалашо ю жимачу а, юккъерчу а бизнесан гIо лацаран инфраструктурин объекташна деш долу гIо алссам санехь хилийтар.

Инфраструктурийн ерриге а организацийн, автоматизированни хаамийн цхьааллин системин, гIо лацаран цхьааллин порталан цхьааллин «Сан бизнес» брендан хьашташ туьшахь кхочушдийр ду «цхьааллин коран» приципца.

Республикехь иштта билгалдо бизнесан хьашташ кхочушдаран туш, совдегарийн гIо лацаран туш, кластер кхиоран туш, регионан инжиниринган туш цхьана меттехь цхьаьнатохар.

Дахаран хьелаш тодарна тIехьажийна

ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийн Республикехь тахана капитальни ремонтан фондо тодеш ду дуккха а хусамаш йолу 54 цIа. ХIара шо чекхдалале капитальни ремонтах чекхдаккха билгалдина и тайпа 95 цIа.

ХIокху деношкахь Карачаевск гIалин округан бахархошца цхьаьнакхеттачу хенахь, регионан гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министра Гордиенко Евгенийс дийцира церан хIусамашна ремонт ярехь долуш долчу хьолах, хIусамийн долахоша ремонтана луш долу ахча шен хеннахь дIа ца кхачар бахьанехь кхоллалуш йолчу новкъарлонех лаьцна. Хьалха хIоттийна декхар кхиамца кхочушдархьама бахархоша шаьш гIо дан дезар ду беттан ахчанаш шен-шен хенахь дIадаларца.

«Къоначу доьзална – хIусам»

БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан правительствон рогIерчу кхеташонехь сацам хилла «Къоначу доьзална – хьакъ йоллу хIусам» программин дакъалацархойх 47 доьзална лаьттан дакъош дала. Кхеташонехь хаамбина ма-хиллара, Гизель юьртахь хIинцале а къона 107 доьзал бехаш бу шозза тIекIелйинчу котеджаш чохь.

Къоначу доьзалшна къастийначу оцу дакъош тIехь (хIораннан а барам 0,12 гектар ю) оьшуш йолу ерриге а инфраструктура йолуш ю: газ, хи, электроэнерги, некъаш. Дакъош къастоза кхин а 14 доьзал бисина. Цаьргара документаш комиссе кхачаре хьаьжжина къастийна цхьалхадоккхур ду и гIуллакх а.

Билгалдаккха догIу иштта хьал республикехь дуьххьара кхоллалуш цахилар. Регионан пачхьалкхан бахаман а, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн а министра Тедеев Руслана чIагIдарехь, цигахь и тайпа гIуллакхаш къастийна цхьалхадохуш хаъал доккха зеделларг IаIийра 2003–2007-чуй шерашкахь иштта хьал кхолладелча.

ХIетахь къоначу доьзалийн хIусамийн хьелаш тодарна тIехьажийна тIеэцна хиллачу программин берриге а дакъалацархой баха хевшира шайна къастийна хиллачу лаьттан дакъош тIехь йина хиллачу хIусамашкахь.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: