(Нохчийн яздархо Юсупов Султан вина 80 шо кхачарна лерина)
Сан ирс хиллера иза вовза, цуьнца болх бан, цуьнан корматаллех Iама, маьлхан зIаьнаршца йохье дуьйлучу цуьнгарчу похIманах йоккхае. Юсупов Султан нохчийн къоман тележурналистикин бух биллинчарех цхьаъ ву.
1960-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь телестуди схьайилличахьана исбаьхьаллин передачаш кечъечу редакцин лакхарчу редакторан болх беш вара иза.

Шина-кхаа сохьтехь бен эфир а яцара оцу хенахь Соьлжа-ГIаларчу телестудин. Цунах а ах хан оьрсийн маттахь йолчу передачаша дIалоцуш яра. Нохчийн маттахь йолчу передачашна кхочушъерг 30 процент хан яра. Йисина 20 процент хан гIалгIайн маттахь йолчу передачашна дIалуш яра. Амма шайна билгалъяьккхинчу хенан цхьа минот а эрна ца йохуьйтура вайн журналисташа.
Соьлжа-ГIаларчу телестудин эфирехь кест-кестта хуьлура къоман историх, культурах, литературах лаьцна йолу нохчийн маттахь передачаш. Иштта, хуьлура нохчийн халкъан бартакхоллараллех лаьцна передачаш а. И дерриге а, дукха хьолахь, исбаьхьаллин передачаш кечъечу редакцин лакхара редактор волчу Юсупов Султанан хьуьнарца нислуш дара.
Цунна безара шен болх. Телехьовсархошна товчу кепара иза дIахаийта хаьара цунна. Бакъду, хьаькам вара аьлла, цкъа а, цхьанна а тIечехаш, везавеш вацара.
Башха амал йолуш стаг вара иза. Даима а велавелла-векхавелла, самукъанечу забарца вара. Хьеннан а догъэца хууш, хьанна а орцахвала кийча. Хаддаза керлачу анайисте кхийдаш, беркатечу кханенах дегайовхо кхобуш, сирлачу ойланашца вехаш, халкъана, махкана дика дан хьаьгна вара Султан.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь нохчийн журналисташна юкъахь тоьллачарех цхьаъ вара иза. Бакъду, тележурналист хилла Iаш-м вацара вайн турпалхо. Шен сица, цIийца, дерриге а дуьне маракъовллал, комаьрша долчу экамечу дагца яздархо вара иза. Мукъамечу исбаьхьаллица варкъ даьккхина бара цо язбина хIора могIа. Иза прозехь къахьоьгуш вара. Амма цуьнан говзарийн хIора хьаьркаца Iанаоьхуш поэзи яра, дешархойн синкIоргене кхийдаш, дикане кхойкхуш, ваха дог доуьйтуш. Юсупов Султан вовзале, мелла а хьалха евзина суна цуьнан говзарш. Цунна а «бехке» Соьлжа-ГIалара телестуди хила там бу.
1968-чу шарахь дара Соьлжа-ГIаларчу телестудехь «Дайте мне кресало» цIе йолу телеспектакль хIоттийча. Цуьнан режиссер Насардинов Ваха вара. И телеспектакль Ленинградерчу театральни институтехь доьшуш волчу Насардиновн дипломни болх а бара, Юсупов Султанан изза цIе йолчу дийцара тIехь хIоттийна а яра. Коьртачу турпалхочун Iайндин васт кхуллуш Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Идаев Юсуп вара. Спектакль шовда санна, хьаьъначу, сирлачу безамах яра.
Шайн юьртара Заира цIе йолу йоI езаелла Iайндина. Заира а йийсаре лаьцна хазачу кIентан оьздачу амато. Иза кийча ю везарца керлачу дахаран новкъа яла. Амма… Дависа даима а дог шелдечу оцу «амми»… Цкъа мацах ларамаза вер-ваккхар нисделла чIир хилла-кх кIентан а, йоьIан а верасашна юкъахь. Iадаташа къинхетамза хьошу къоначийн цIена безам.
Бецан хал санна, йожайо дуьххьарлерчу безамах Iехаелла кхиъна йогIу йоI. Цо дог реза дой шийла Iожалла тIеоьцу везарна ямарт ца хуьлуш. Нуьцкъала амалш, къегина васташ, похIмечу актерийн шовкъе ловзар – дерриге а дара «Дайте мне кресало» цIе йолчу телеспектаклехь.
Юсупов Султанан дукхах йолу говзарш санна, оьрсийн маттахь яздина дара и дийцар а. Делахь а, хIора могIанах, хIора хьаьрках говза хьарчийна нохчийн къоман хатI дара дешархойн ойла йийсаре лоцуш, бохамна декъаийзош, дикане, къинхетаме адамалле кхойкхуш. Цундела езаш тIелецира телехьовсархоша и спектакль.
Цул сов, лаккхара мах хадийра Ленинградерчу театральни институтехь Насардинов Вахин дипломни спектаклан а. Ткъа вайн махкахь ламасте дирзира, дуьнен чу девллачу зудаберашна, Заира цIе тиллар а, Юсупов Султанан говзарш сатийсарца ларъяр а, уьш леррина ешар а.
Дукха хьолахь, «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газетийн агIонаш тIехь зорбане юьйлура Султанан говзарш. Уьш доцца дийцарш, эссеш, новеллаш хуьлура. Амма даима маьIне, дешархойн синкIоргене кхийдаш, ойлане воккхуш, нохчийн къомах дозалла дойтуш, Даймохк беза Iамош, цуьнан дуьхьа вахар а, къахьегар а ирс дуй хоуьйтуш хуьлура.
1965-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь араелира Нохч-ГIалгIайн Республикерчу къоначу яздархойн «Звезды на ладонях» гулар. Оцу гуларна юкъахь дара Султанан масех дийцар. ТIаьхьо цуьнан шен «На реке» цIе йолу книга а араелира. Ткъех дийцар дара цунна юкъадахана. Уьш дерриге а атта дешалуш, дуьйцучунна дешархой декъаийзош дара, къеггинчу похIмица, лаккхарчу корматаллица яздина хиларна. Оцу книгин ницкъ кхечира дешархойн дегнашкахь еххачу ханна сирла лар йита…
Юсупов Султанан дахар а, кхоллараллин ирхенашка кхачийна некъ а аттачех хилла аьлча нийса хир дацара. 1938-чу шарахь БухIан-юьртахь дуьнен чу ваьлла кIант дерриге а нохчийн халкъ санна, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь «халкъан мостагI» лерина махках ваьккхира. Массара санна лайра шело, гIело, мацалла, харцо. Шийлачу некъан халонаш дукха Iаткъарна сиркхо хьакхаелира кIентан эгIазчу дегIах.
Юсупов Султан йовхарийн цамгаран (туберкулез) къизачу йийсарехь вара. Амма иза къар ца лора. Нохчийн къоман синъондалла яра цуьнца, бераллехь дуьйна доза доцу доьналла дара. Цо Казахстанехь чекхъяьккхира юккъера школа.
1957-чу шарахь вайнах дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзича Дона-тIерачу-Ростовера университете журналистикин факультете деша вахара. Дешаран кеп заочни хиллехь а, хаддаза шен хаарш кIаргдеш, книгаш йоьшура Султана, иштта шуьйрачу хаамийн гIирсаш а даима шен семачу тергонехь латтабора.
Йозанашка кхийда юккъерчу школехь доьшуш волуш дуьйна волавелла иза. Юьхьанца стихаш язйина. ТIаккха дийцарш яздан волавелла. Цхьа повесть яра цо язйина «Земля кормилица» цIе йолуш. Амма иза зорбане яккха ца кхуьуш, 1972-чу шарахь яздархо дIавелира.
34 шо дара цуьнан лахьтин кийра воьрзуш. Боккха эшам бара иза къоман литературина. И тайпа похIме, са сирла стаг къинхетамза Iожалло дIавахьар дерриге а халкъана эшам бара. Делахь а, вайца яха йисина Юсупов Султанан говзарш. Цаьрца ду аьлла хета цуьнан экамечу синан дакъа а.
Нохчийн литературехь мах боцу беркат хилла лаьтта Султанан дийцарш, новеллаш, эссеш. Цара бакъо ца ло дукха хьалхе вайна юкъара дIавахана похIме яздархо вицван. Вайн къоман хазнех цхьа дакъа ма ду цуьнан къинхатаме а, адамалле а кхойкху говзарш.
ГАЗИЕВА Аза
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо