Телевизор сайна дагайогIучу хенахь дуьйна, нах белорца, забар ярца суна дагавогIург Хожа-Бауди ву. Вайн махкахь тIеман хан йолчу хенахь, вайнах гIийла, гIайгIане, сингаттаме бара. ХIетахь телевизор чухула «Хьапар-чупар» гайта йолийча, шайн гIуллакхаш а дуьтий, массо а телевизорна хьалха охьахуура. ГIийла суьйренаш шайн самукъанечу нохчийн забаршца хазйора Исраилов Хожа-Баудис а, Исламов Султана а.
«Хьапар-чупар» программа юкъаяьлла дуккха а шераш ду, амма, тахана а, нахана диц ца ло, тIеман хенахь Хожа-Баудис а, Исламов Султана а шайн синошна еш хилла йолу гIоле…
Карарчу шарахь вайн махкахь дика вевзаш волчу Исраилов Хожа-Баудин 65 шо кхаьчна, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь цуьнан дуьххьарлера карикатура зорбане яьлла 45 шо кхаьчна, ткъа «Хьапар-чупар» программа юкъаяьлла 25 шо кхаьчна. Цуьнца доьзна, оха интервью ийцира цуьнгара.
– Хожа-Бауди, хьо дукха жима хилла хьан дуьххьарлера карикатура «Ленинан некъ» газетан агIонехь зорбане яьлча. Цунах лаций дийцахьа.
– Школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна а вара со суьрташ дохкуш хазахеташ. ХIетахь Советийн Союзехь зорбане долуш дара «Крокодил» цIе йолу журнал. Вайн дахар дара цу тIехь забарца гойтуш дерг. Суна иза чIогIа хазделира. Со кхийтира, карикатурин кеп сан сина гергара хиларх. Со оцу журнале язвелира. Журналан хIора а номер дукха лерина ларйора ас. Цу тIехь забаре карикатураш хуьлура. Дуьххьара карикатура оцу журнала тIехь гина суна. Цуьнга а хьожуш, и саннарг йилла хьаьжира. Иштта дIаволавелира со. Бакъду, суьрташдахкаран говзалла караерзош цхьанхьа а дешна а вацара со. Селхана хилча санна дагадогIу суна, сайн дуьххьарлера карикатура а эцна, «Ленинан некъ» газете со вахана де. ХIетахь газетан редактор Габисов Бисолта вара. Цу хенахь сан 20 шо дара. Цуьнга ас хаийтира карикатура йохьуш со веана хилар. Цул хьалха а, наг-наггахь нохчийн газете цхьацца заметка айса язъеш хиллийла хаийтича, гуттар а самукъаделира цуьнан.
ТIаккха цо суна сюжет елира. «Ас хьайна еллачу сюжетана сурт дилла хуур дуй хьуна?», – хаьттира цо. «Хьожур ву», – аьлла, жоп делира ас. Цул тIаьхьа масех де даьлча, карикатура йохьуш со газетан редакце веара. Редактор резахилира ас бинчу балхана. Иштта, 1973-чу шеран асаран (июнь) беттан 27-чу дийнахь нохчийн «Ленинан некъ» газетехь зорбане елира сан дуьххьарлера карикатура. Иза тIехь йолу газет караэцча, суна цунах боккха кхаъ хилира, суо ирсе а хийтира. «ХIинцачул тIаьхьа а айхьа йохку карикатураш схьая», – элира соьга.
– Актер хила муха дагадеара хьуна? Артистан болх барца а, карикатураш яхкарца а муха ларавора хьо?
– 1973-чу шарахь дара со эскарера цIавеача. Ас дешначу Шеларчу №1 йолчу школе вахара со. Цига вахханчохь суна хаам гира, Ленинградан театральни институтана похIме кегийрхой оьшу, аьлла. И гича, чIогIа хазахийтира суна. Со чIогIа артист хила лууш ма вара. Вевзачара артистан амал ю олура сан. Жима волчу хенахь дуьйна сатуьйсура ас сцене. Гуттар а нехан амалш а, церан васташ а гайта хьожура со. Иштта Ленинграде деша вахар нисделира. Цигахь актерийн говзалла тхуна Iамош вара, гIараваьлла вевзаш волу актер, СССР-н халкъан артист Меркурьев Василий, цуьнан хIусамнана Мейерхольд Ирина. Иза режиссер яра. Цара Iамийра тхо театран актераш хила. Цара, оцу говзалле кхин а чIогIа марзо кхоьллира. Хьехарал сов, циггахь практика хуьлура тхан. Оцу студи дигча, баккъал а тхайх артисташ тарлора тхуна. Самукъадолура театрах а, сценах а. Къаьсттина дозалла дора оха, хьовсархойх театр хьала а юьзна, тхаьш спектакль гойтучу хенахь.
– Хьо Нохчийн къоман театре веана де хьан иэсехь муха дисина? Хьан дахарера дуьххьарлера роль муьлхарниг ю?
– Ленинградехь дешна а ваьлла, цIавеара со. Университетехь доьшуш волчу хенахь дуьйна а сан ойла ца хиллера, кхечу гIалахь, кхечу къомана юкъахь болх бан. Вайн Нохчийн къоман театрехь лаьттара сан са. ЦIавеанчул тIаьхьа, вайн театре балха вахара со. Ленинградехь ас дешнийла хиъча, хазахетарца дIаийцира со. Театре балха хIоттар-м цхьа ирс бен ца хиллера. Сан дахарехь дуьххьарлера роль сайх тешийча, тIаккха баккъал а суо ирсе хийтира суна.
Хакишев Руслана хIоттийначу «Совдаттий, Дауддий» спектаклехь юьртан къедин – Хьаьжин роль елира суна. И яра ас сайн дахарехь дуьххьара ловзийна роль.
Артистах артист цхьана дийнахь хуьлуш вац. Актер хила институтехь дешарх ца тоьа, цуьнгахь похIма дацахь. Цхьана вастера вукху васте верза а, воьлучуьра цхьана мIаьргонехь гIайгIане хила хаьа а деза артистана.
Театрехь болх бича я кинон съемкашкахь дакъалаьцча ца хуьлу артист, нагахь санна цо беш болчу белхан халкъо дика мах хадош бацахь.
– Дуьххьара «Хьапар-чупар» программа ян ойла муха кхоллаелира? ТIеман хенахь, оццул чолхечу муьрехь оцу программи тIехь къахьега шуна ницкъ луш дерг хIун дара?
– ТIеман хан вайх хIораннан а даг чохь лар юьтуш яхана… ХIораннан а даг тIехь цхьа муо битина ца Iа оцу тIемаша, гергарчу, шайна дукхадезачу адамех къаста дезна дукхахболчеран. Массарна а, дийнна вайн халкъана цхьатерра хала еана хан яра иза.
1993-чу шарахь «Вайнах» телевиденехь болх беш хиллачу журналиста Дудаева Билкъиса хьахийра шаьш иштта программа ян дагахь хилар. Вайн махкахь вевзаш волчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана забарш а язъеш, и программа эфире яккха кечлуш бара уьш. Сайд-Хьасана язъеш йолу забарш маьIне а, чулацаме а, цIеначу нох- чийн амалехь а хуьлура. Иштта дIайолийра оха и проект. ТIом болабелча цхьана ханна юкъахйисира. Эфире яьлларг оцу программин масех сюжет бен йоцушшехь, йоццачу хенахь нахана чIогIа хазъелла хиллера иза.
1996-чу шарахь, «Хьапар-чупар» юха эфире яккха кечлуш дара тхо. Суна накъост оьшура. Соьца цхьаьна театрехь болх бечу актерех цхьаъ къасто хьаьжира со. ХIетахь соьца болх беш вара Исламов Султан. Цуьнга тIекаре йира ас. Султан резахилира. Иштта, керлачу накъостаца юха дIадуьйладелира тхо «Хьапар-чупар» программина керла съемкаш ян. ТIеман хенахь чолхе дара съемкаш ян, камера а яцара башха диканиг.
Нахана хазахетийтархьама, церан жимма а дегнаш хьаста арадевллачу тхуна а синхьаам хуьлура. ХIетахь 3–4 шо бен а ца хиллачара (тахана кегийнах бу-кх уьш) дуьхьалкхетча, мара а кхетий олу, шайн баккхийчеран «Хьапар-чупар» программех самукъадолура, царна со а, Исламов Султан а дукхавезара, олий.
Баккъал а, тIеман хенахь адамийн дог тхайга эцаделла хилар хиъча хазахета. Цу хенахь камера а эцна, етташ йолчу бомабанашна юккъехь болх бан аравала ваьхьар волуш цхьа а ма вацара. ТIамо гIелдеш, хIаллакдеш хиллачу адамийн цхьажимма мукъане а дог хьаста болчу лаамо ницкъ лора тхуна болх бан а, тIеман кIуьрлахь съемкаш ян а.
– Хожа-Бауди, забар муха хила еза? Забаран шен цхьа кеп, цхьа барам буй?
– Забар аьлча, башха даккхийчарех ца хета цхьаболчарна. ЛадугIуш верг велавалийта олучу дешнех ца хуьлу забар. Иза а искусствон цхьа дакъа ду. Забаран а хила еза шен цхьа кеп. Ткъа вайна, нохчашна юкъахь лелашъерг, цIенна нохчийн забар хила еза, хIунда аьлча, бакъдерг забарца вай гайтаре терра, хьовсархошна цхьа маьIна дIакховдо дезаш ду вай. Беламе долчо а ойлане воккху стаг.
ГIийла суьйренаш хазйинарг… Исраилов Хожа-Бауди вайна массарна а гергара ву. Хожа-Бауди вевзаш а, дукхавезаш а ву. Массеран а иэсехь цо дакъалоцуш хиллачу программица боьзна цхьацца самукъане а, гIайгIане а дагалецамаш бу.
Чирхигова Асет, Нохчийн Республикин искусствийн хьакъойлу гIуллакххо: – Вайн махкахь хиллачу тIемашна беанчу баланех цхьа а юьстах ца висира. ХIора а хIусамехь шен ирча лар йитира цо. Шен махкахь тIом хиларал ирча хIун хир ду?! Оццул къиза беанчу муьрехь вайнехан дегнаш хьоьстуш, эфире елира «Хьапар-чупар» программа. Кегийчеран а, баккхийчеран а цхьатерра самукъадоккхура цо. Оццул чолхечу муьрехь, шайн синош кхерамехь а латтош, нехан дуьхьа къахьегначу Исраилов Хожа-Баудина а, Исламов Султанна а баркалла ала лаьа суна. Уьш суна гергара хетта ца Iаш, вайн нохчийн халкъана а гергара бу.
Юсупов Мохьмад, Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин факультетан студент: – Суна гIенах санна дагадогIу, со жима бер долчу хенахь телевизора чухула и программа гайта йолийча, тхайн чохь самукъане сахьт хIуттуш. Оцу тайпана, тхуна (берашна) а, баккхийчарна а хазахеташ яра иза.
Исапаева Мадина, Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан директор: – Со тешна ю, тахана а «Хьапар-чупар» программа телевизора чухула гайта йолийча, массарна а аьлча санна, тIеман хан дагайогIур ю, аьлла. И хан дагаеана а ца Iаш, хIетахь Исраилов Хожа-Баудис а, цуьнан накъоста Исламов Султана а нехан кIаддина дегнаш дагадогIу. Церан хазачу забарша бен кхин самукъадаккха меттиг а йоцуш, хIаллакьхуьлуш хиллачу дегнашна боккха кхаъ бара и тайпа программа юкъаяккхар. ТIом а дIабаьлла, цул тIаьхьа дикка шераш а девлла, вайн махкахь маьрша ду, амма, бакъду, «Хьапар-чупар» программо дикачу агIор бина тIеIаткъама-м бицлур бац цкъа а.
Интервью дIаяьхьнарг – З.ЛОРСАНОВА
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 17-гIа де, 2018 шо