Пенсин системехь хийцамаш бар тIеэцнехь а…

Пенсин системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь хьалхарчу ешарх чекхъяьлла, ткъа кхидIа цу тIехь бен болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу. Иштта хаам бина политолога Федорова Аннас.

Керлачу, йиллинчу демократин фондан вице-президент йолчу Федорова Аннина хетарехь, «оцу законопроекта тIехь хIинца бен болх а, хийцамаш а коьрта бу».

«Хууш ма-хиллара, Пачхьалкхан Думехь хьалхарчу ешарх чекхъяьлла пенсин системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект. Делахь а, вай кхета дезаш ду оцу хиламо «хIумма а дIадерзийна цахиларх», хIунда аьлча, цо «мел дерг дIадолийна». Оцу законопроекта тIехь кхидIа бен болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу», – билгалдаьккхина цо.

Политолог тешна ю оцу законопроектан чаккхенан кеп хIотторан декъехь дуккха а болх бийриг хиларна, хIунда аьлча, Россин Пачхьалкхан Думас, хIинццалц 30 де луш ца хиллехь а, хIинца товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де кхаччалц хан елла Россин субъекташна а, говзанчашна а, юкъараллина а цуьнан хьокъехь долу шайн хетарш довзийта.

«Пенсин системехь бан леринчу хийцамашца боьзначу хаамех пайдаоьцучарна хIинца уггаре а «дика» мур тIекхаьчнарг – товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа кхаччалц оцу хийцамех а, церан хьокъехь йолчу законопроектах а лаьцна массара а, массанхьа а дуйцуш хир ду», – аьлла, хаам бина Федорова Аннас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: