Нохчийчоьнан халкъийн истори талларан а, церан историн-культурин тIаьхьало Iалашъяран а декъехь йолчу пачхьалкхан комиссин болх бийцаре бира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу Комиссин председателан заместительца – республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатаца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

«Нохчийн халкъ хьал долуш истори йолуш ду. Дуккха а хьуьнарш а, кхиамаш а бу цунна юкъахь. Амма бIеннаш шерашкахь Россин паччахьийн Iедалша а, Советийн Союзан идеологаша а, нохчийн истори яйаран Iалашонца, леррина белхаш бина», – элира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Шен къамелехь Умаров Джамбулата дийцира Комиссин декъашхоша Иорданехь а, Гуьржийчохь а, Эрмалойчохь а, Россехь а, кхийолчу пачхьалкхашкахь а хIинцале а бинчу балхах лаьцна.
Бинчу балхаца нийса а догIуш, Россин-Кавказан тIом болчу муьрехь лелийна масех байракх а, иштта, Санкт-Петербургерчу Этнографин институтехь а, Гуьржийчуьрчу Джанашия Симонан цIарахчу пачхьалкхан музейхь а нохчийн бIаьхочун барзакъ а карийна. Иштта, нохчаша ГIажарийчоьца махлелоран зIенаш лелийна хилла хилар а гучудаьлла.
Цундела, Кадыров Рамзана тIедилларца, Комиссин декъашхой кхидIа а болх бан лерина бу Санкт-Петербурган а, Москван а, Австрин а, Италин а, Узбекистанан а, ГIажарийчоьнан а, Эрмалойчоьнан а, Хонкаран а архивашкахь.
«Вешан истори талла башха таронаш а, аьттонаш а бу вайн. Цунах буьззина пайдаэцар вайн декхар ду – вай декхарийлахь ду вешан тIаьхьенна нохчийн къоман ма-ярра йолу истори, яз а йина, охьайилла», – яздина республикин Куьйгалхочо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь Умаров Джамбулатаца шен хиллачу цхьаьнакхетаран хьокъехь.
Чаккхенехь Нохчийчоьнан халкъийн истори талларан а, церан историн-культурин тIаьхьало Iалашъяран а декъехь йолчу пачхьалкхан комиссин председателан заместитела – республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата шен керлачу «Фактор КРА. Грозный» книгин хьалхара экземпляр елира Кадыров Рамзанна. Книга арахецна Нохчийчоьнан пачхьенан карарчу шарахь 200 шо кхочуш хиларна лерина.
Билгалдаккха догIу лакхахь йийцинчу Комиссина юкъахь историкаш а, Нохчийчоьнан Iилманийн академин а, Правительствон архивехула йолчу комитетан а векалш а хилар.
Цара бечу балхана оьшуш йолу харжаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIаьхьалонан фондера еш ю.
И.ИСЛАМОВ
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо