Соьлжа-ГIала куьце ялош ю

Хууш ма-хиллара, шен 200 шо кхачар даздарна кечлуш ю Нохчийчоьнан пачхье. Иштта, Соьлжа-ГIалин тайп-тайпанчу кIошташкахь дIахьош бу урамаш, уьйтIеш, садаIаран меттигаш куьцеялоран белхаш. Уьш муха дIахьош бу хьажа гIали юккъе ваьллера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Уггаре а хьалха Ленински кIоштарчу Мухьаммад Iалин цIарахчу проспектехь хилира иза.

Хьалхарчу микрорайонан юьххьера дIаволавелла С.Дудаевн цIарахчу бульварана тIекхаччалц Мухьаммад Iалин цIарах йолчу проспектехула гIаш дIавахара Р.Кадыров. Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдечу Закриев ИбрахIима дийцира проспект куьце ялош бечу белхех лаьцна.

«Проспектан йохалла долу дерриге цIенош цхьана басахь хир ду. Цо юкъара куц хаздийр ду. Машенаш лелаш болу некъ шорбийр бу пхи аса хиллалц. Транспорт алсамъяьллачу сахьташкахь машенашка некъ дIа ца лацийтархьама дан дезаш ду иза. Кхуззахь куьце ялор ю садаIаран меттигаш а. Баккхийчарна а, берашна а лерина спортан гIирсаш а хIиттор бу, гIашлойн некъа тIера шира экъанаш а хуьйцур ю, вилспетхошна некъаш а дохкур ду, керла бордюраш а хIиттор ю», – элира цо.

Берриге а белхаш чекхбевллачул тIаьхьа, М.Iалин цIарах проспект Соьлжа-ГIалин уггаре а хазачу меттигех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларх ша тешна ву элира Кадыров Рамзана. Цул тIаьхьа, Олимпийски проездехь йолчу гIишлошъяран майданашкахь хилира иза. УьйтIеш куьцеялоран белхех бIаьргтуьйхира цо, масех цIийнан уьйтIахула а ваьлла.

И.Закриевс билгалдаьккхира Олимпийски проездехь баккхий белхаш дIахьош хилар: тротуара тIе экъанаш йохкуш, бордюран тIулгаш хIиттош, машенаш дIахIитто меттигаш кечъеш, уьйтIешка силам дуьллуш, дукхапетарийн цIенойн чувоьдийлашкахь серло тоеш, ламешна басарш хьокхуш, цIенош тIехулара куьце далош.

Цигахь берашна футболан майда ян сацам бира республикин Куьйгалхочо.

«Божаберашкара дукха дехарш кхочу соьга, гIалин дукха бахархой болчу каппашкахь футболах ловза кегий майданаш яхьара, олий. Кху куьпахь, суна ма-гарра, дукха бераш ду. Кхузахь дика хир ю аьлла хета суна футболан майда», – элира цо.

Иштта, Соьлжа-ГIали юккъехь а хилира Кадыров Рамзан – Орзамиев Хьамзатан цIарахчу урамехь (хьалха Р.Люксембурган цIарах урам). Цигахь а бу цIенош, уьйтIеш куьце ялош беш белхаш.

Белхаш дIабахьарна реза хилира Р.Кадыров. Герггарчу хенахь Соьлжа-ГIала керлачу куьцехь лепар ю аьлла, ша дог тешна хилар хаийтира цо.

А.ВАХАЕВА

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: