Керлачу 2015-чу шарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

RUK_1866

Хьомсара махкахой!

Декъалдо шу Керлачу шарца!

Чекхдолуш долу 2014-г1а шо, махкахь долчу атта доцчу экономикин хьоле хьаьжна доцуш, билгалдара къегинчу хиламашца а, баккхийчу кхиамашца а. Регионан Куьйгалло а, правительствос а бина боккха болх бахьанехь аьтто баьлла республикин дахаран коьрта дакъош: юьртан бахам, промышленность кхиорна кхачо ян. Дика гайтамаш хилла вайн инвестицийн г1уллакхаллехь, дешарехь, могашалла 1алашъярехь, спортехь.

2014-чу шарахь регионан валови продуктан барам 7,8 процентана лакхабаьлла, промышленни производство – 23,5 процентана, юьртан бахам 2,2 процентана. Республикин бюджетан шен пайданаш 6,5 процентана лакхабевлла. Карарчу шарахь балха х1оттийна 30 эзар стаг. Белхазаллин барам 5 процентана лах а белла, 16 проценте кхаьчна.

Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчоьнан куьйгаллин балхахь коьрта лорура социальни дакъа кхиор, х1усамашна лерина г1ишлошъяр. Тахана майрра ала мегар ду оцу дакъошкара гайтамаш шо-шаре даларца лакхаболуш бу аьлла. Яккхий инвестицийн проекташ кхочушъяран а, долахь ц1енош даран а чоьтах карарчу шарахь, ян а йина, пайдаэца д1аелла цхьа миллион квадратни метр х1усамаш.

Кхочушъеш ю социальни ерриге а программаш. Г1ийла-миска бохкучу бахархошна д1акхачош ю царна йог1уш йолу ерриге а социальни пакеташ, кхочушдеш ду церан дерриге а хьашташ, царна кхачоеш ю оьшуш мел долчуьнца. 2014-чу шарахь ц1енош дина 450 стагана, цу юкъахь 178 буоберана т1емашкахь дакъалаьцначу 110 ветеранна, 162 заь1апхочунна. Иза 2013-чу шарахь хиллачул 4,1-зза алсам хуьлу.

Чекхдолучу шеран мехалчу хиламех цхьаъ хилла д1ах1оьттира Буммат меттах1оттор. Т1ом болчу хенахь ерриге а йохийна д1аяьккхина хилла йолу юрт, меттах1оттийра шина баттал к1езиг йолчу хенахь. Оцу хенахь йира юьртан администрацин а, почтан отделенин а, рузбанан маьждиган а, г1ишлош, меттах1оттийра инфраструктура. Цул совнаха тойина лоьрийн амбулатори а, хьехархойн барх1 х1усам йолу ц1а а. Иштта, дан а дина, чу йийбар а х1оттийна, дахаран-1еран техника а д1ах1оттийна г1ийла-мискачеран 38 ц1а чу. И дерриге а дан аьтто баьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу регионан юкъараллин фондо г1одар бахьана долуш. Цо шена т1елецира юрт меттах1отторца йоьзна харжаш.

Чекхдолучу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу регионан юкъараллин фондо 178 миллион соьман барамехь г1одина МВД-н кхелхинчу белхахойн доьзалшна а, белхахошна а. Тодина мискачу нехан 32 ц1а, дина 110 гергга нехан долахь ц1а, эцна 312 х1усам, дина 15 маьждиг, хьафизийн школа.

Абу-Даберчу 1аьрбийн инвесторша кхочушъеш ю махлелоран самукъадаккхаран центр а, «Канвас» отел а яран проект. Цара иштта Соьлжа-Г1алахь йийр ю дуьненаюкъара университет. Цул сов, уьш республикехь юккъера а, жима а бизнес кхиорна юкъа инвестицеш яхка лууш а бу.

Кхочушъян йолийна «Башня Ахмат-тауэр» проект. Махкахь яц цунах тераниг. Иштта билгалдеш ду «Казбек» технопарк а, лаьмнашкахь лыжаш хехкаран «Ведучи» курорт яр. Аргунехь машенаш яран экономикан къаьсттина зона яран болх бу беш. Цу тайппана зона йийр ю Серноводскехь а, «Грозный» аэропортан портови зонехь а.

Тешна ву 2015-г1а шо а вайна баккхийчу гайтамашца билгал хирг хиларх. Вай Керлачу шарна т1екхочу вайн халкъан а, вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин а зовкхан дуьхьа керла лакхенаш яха ондда лаам хиларца.

Лаьа шун ирс, могашалла, аьтто хуьлийла! Керлачу шарахь кхочушхуьлда шун берриге а сатийсамаш.

Керлачу шарца!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: