Хонкарара делегаци хилира Нохчийчохь

Нохчийн Республикехь хилира Хонкаран Президентан Эрдоган Реджепан хьехамча Тюркменоглу Iайша коьртехь йолу делегаци. Делегацин Iалашо яра Нохчийн Республикин а, Хонкаран а махлелоран-экономикин юкъаметтигаш кхиор а, гIуллакхаллин гонашкахь болчарна юкъахь цхьаьнагIуллакхаш дар чIагIдар а.

Хонкарара еанчу делегацина юкъахь вара иштта Хонкаран Президентан хьехамча Сенер Ихьсан, Исламан бизнесан МАIB-UIB TURKEY дуьненаюкъарчу ассоциацин вице-президент Кылыч Хьусню Хьусейн, къовсамаш дIабахаран Евразин Туьшан векал Акучур Мехьмет, Дуьненаюкъарчу MUSIAD организацин вице-президент Алтынташ Керим, Истамбул гIалин депутат, исламан искусствон Ассоциацин президент Кылыч Iабдурахьман, гIишлошъяран «Турсан» компанин президент Туран Хьасан, туристийн «Хаят-Туризм» компанин президент Шахин Iела, SOCAR-н а, Bloombergint-н а векал Дервиш Фисун, йийбаран «Маэста» компанин президент Сатыр Эврен, Студентийн дуьненаюкъарчу организацин куьйгалхо Керимзаде Рустем, гайтамаш вовшахтохарехула йолчу компанин президент Шейлан Ахьмад, «Акса Инвестмент» компанин президент, Исламан бизнесан UIB-MAIB-TURKEY Дуьненаюкъарчу ассоциацин генеральни секретаран заместитель Сайдал-Алиев Рахьман.

Хонкарарчу делегацин декъашхойн оцу кхаа дийнахь дуккха а мехала цхьаьнакхетарш хилира Нохчийчоьнан куьйгалхошца, совдегараллин векалшца, кхечаьрца. ЦхьамогIа барташна куьйгаш яздира Хонкаран а, Нохчийчоьнан а векалша. Ша аьлча, цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь барт бира вайн республикин Махлелоран-промышленни палатин а, Исламан бизнесан UIB-MAIB-TURKEY, MUSIAD Дуьненаюкъарчу организацин а куьйгалхоша.

Иштта, шина а агIонан барт хилира инвестицийн, совдегараллин, туризман дакъошкахь цхьаьна гIуллакхаш дан а, тайп-тайпана гуламаш дIабахьа а.

Хонкарарчу хьешашна боккха кхаъ хилира Соьлжа-ГIале, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу «Нохчийчоьнан дог» рузбанан маьждиге хьовса аьтто баларх. Баккъал а шайна гинчо цецбаьхнера делегацин декъашхой. Шайна гучух тешаш а бацара уьш, хIунда аьлча, царна дика хаьара 15-20 шо хьалха Соьлжа-ГIалахь а, Нохчийчохь а буьрса тIом хилий а, терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу оцу тIамехь Соьлжа-ГIала саьлнашка ерзийна хиллий а. ТIаккха, цец муха бевр бацара, тIеман цхьа а лар ца юьтуш, шен исбаьхьаллица бIаьрг белош йолу кхузаманан шахьар гича?

Д.АНАДЕВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: