Вайн яздархо М.Лермонтовн махкахь хилира

Пензин областан Белинскан кIоштарчу Тарханехь (хIинца Лермонтовн юрт) оьрсийн поэтан М.Лермонтовн поэзина лерина Ерригроссин хIорашеран 47-гIа даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхо, поэт, гочдархо, публицист Ахматукаев Адам.

ХIора шарахь тайп-тайпана цIерш хуьлу оцу даздарийн, ткъа хIокху шарахь «Тхан Даймохк – тхо дезачохь а, тхоьх тешачохь а» цIе яра цуьнан.

Со дуьххьара вахана вара Лермонтовн поэзина леринчу даздаршка. Россин массо а маьIIера баьхкина дукха нах бара цигахь. Цо гойтура Лермонтов наха лоруш а, цуьнан поэзи евзаш а, и вина а, кхиъна а меттигаш йовза лууш а дуккха а нах хилар. Лермонтовх а, цунах лаьцна яздинчух а, и хиллачу, леллачу меттигех а лаьцна дара цигахь дуьйцуш дерг. Поэтан каш тIе зезагаш дахкарца дIадолийра даздарш. Цул тIаьхьа Баьццарчу театрехь дIадаьхьира цхьаьнакхетаран официальни дакъа, – дуьйцу Ахматукаев Адама.

«Тхан Даймохк – тхо дезачохь а, тхоьх тешачохь а» цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара космонавт Самокутяев Александр а. Иза Пенза гIалахь вина а, кхиъна а ву. Цо дозалла до Лермонтов дуьнен чу ваьлла а, цуьнан бералла дIаяхна а Тарханы юрт шен гIалина гена йоццуш хилар.

2011-чу шарахь, ша дуьххьара космосе ваха кечлуш а волуш, шен накъостийн пурбанца шайн командина «Тарханы» позывной тиллина хиллера цо. Хьалха Лермонтов а, хIинца космонавт Самокутяев Александр а ву йоккхачу Россехь Тарханы юрт хилар дуьненна а дIахаийтинарг.

Пензин областан губернатора И.Белозерцевс а, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Л.Левинас а, «Тарханы» музейн директора Т.Мельниковас а литературо доттагIаллин уьйраш чIагIъеш хилар билгалдаьккхира.

Цул тIаьхьа къамелаш дира дуккха а официальни наха. Цара дийцира Лермонтовх а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна. Ахматукаев Адама дийцира Лермонтовн белхаш нохчийн матте бахарх лаьцна: «Нохчийн яздархоша Музаев Нурдис а, Мамакаев Iаьрбис а, Гадаев Мохьмад-Салахьа а нохчийн матте гочйина поэтан стихийн гулар а, «Мцыри» поэмин кийсак а М.Лермонтов винчу денна лерина 1938-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь дуьххьара зорбане яьккхира Нохчийн Пачхьалкхан «Даймохк» (оцу хенахь «Ленинан некъ») газето.

ХIетахь а, цул хьалха а гулйина литературин архиваш тхан Даймахкахь хиллачу тIеман кампанеша хIаллакйина, делахь а 2014-чу шарахь поэтан 200 шо кхочуш нохчийн матте гочйина стихаш, поэмаш вовшах а тоьхна «Хаьржинарш» книга арахецна».

А.Ахматукаевс ша совгIатна аьлла яьхьна «Хаьржинарш» книга «Тарханы» музейн директоре Т.Мельникове дIаелира. Цул тIаьхьа цо йийшира ша нохчийн матте гочйинчу «Мцыри» поэмин кийсак, иштта, оьрсийн маттахь язйина шен стихаш а.

Цул тIаьхьа М.Лермонтовн цIарах совгIаташ делира Яздархочун Прилепин Захарна а, Давыдов Владимирна а, А.Пушкинан цIарахчу Пачхьалкхан музейн директорна Богатырев Евгенийна а, къоначу поэтана Новиков Ильяна а.

Концертни программица дерзийра даздарш.

ДУТУЕВА Макка

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: