ХIокху деношкахь ХIинжа-ГIалахь (Дагестан) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула СКФО-н чемпионат. Вайн республикера 13 спортсмен вара цигахь дакъалоцуш.

Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира вайн махкахой: Бакаев Селим (63 кг.) – РДЮСШ, Ахсултанов Ирисхан (67 кг.) – РДЮСШ, Муцаев Iумар (72 кг.) – РСШСБ, Вегиев Адам (67 кг.) – РДЮСШ, Димаев Шамхан (72 кг.) – РДЮСШ, Гулаев Iумар (72 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, Мусаев Сайд-Мохьмад (77 кг.) – Солжа-ГIалин Заводской кIоштан ДЮСШ, Курбанов Сидикъ (82 кг.) – ДЮСШ №3, Бибулатов Сайд-Селим (87 кг.) – РДЮСШ, Мусаев Ахьмад (97 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, Акаев Лом-Iела (130 кг.) – ШВСМ.
Цигахь тоьллачу спортсменаша хьаьттан (август) баттахь Чехов гIалахь хинйолчу Россин чемпионатехь дакъалоцур ду.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: Х.Эскерханов, М.Бециев, С. Вегиев, Б.Тулаев, М.Магамадов, П.Умаров, М.Амаев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо