Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон гIоьнца республикин берийн (кхиазхойн) технологехула йолчу кхоллараллин туьшо, берийн «Кванториум» технопарко web-программированехула республикин чемпионат дIаяьхьира.
Чемпионатехь дакъалоцуш дара хаамийн технологин программаш Iамош долу 10 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш.
Чемпионат вовшахтоьхначара шайна хьалха хIиттийначу зерех чекхдовла Html, CSS, JavaScript, PHP программированин меттанашкахула Nodepad++ текстана редакци ян езара берийн.
Жюрин жамIашца билгалбевлира чемпионатан толамхой: хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин №38 йолчу школин дешархочо Чинчаев Тамирлана, шолгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №56 йолчу школин дешархочо Алиев Адама а, Соьлжа-ГIалин Пачхьалкхан экономикин а, хаамийн технологин а колледжан студента Газгереев Ислама а, кхоалгIа меттиг – «Кванториум» берийн технопаркан дешархочо Тайсуев Минкаила а.
– Оха сих-сиха вовшах а тухий, берашна юкъахь дIахьо цхьацца конкурсаш а, олимпиадаш а, чемпионаташ а. Ткъа таханлерчу чемпионатан коьрта Iалашо яра берашна юкъахь дика программист билгалваккхар. Телефонаш а, компьютерш а лелон Iемина долу вайн бераш, оцу технологийн программаш а, приложенеш а ян Iамош ду. Вайн республикехь дика кхуьуш ю web-программировани. Иза цхьана техникин чохь приложени кхолла хаа езаш программа ю. Масала: телефонаш чохь йолу WhatsApp, Instagram, Telegram, дуккха а кхин а приложенеш оцу программица кхоьллина ю, цул сов массийтта меттанашка яьхна а ю. Вайн чохь йолчу техникин приложенеш а ю иштта кхоьллина (микроволновка, телевизор, хIуманаш юьтту машен, иштта дI.кх.). Карарчу хенахь тхан школехь нохчийн меттан сайт а, нохчийн-Википеди а кхолларна тIехь болх беш хьехархой а, кегийрхой а бу. Цу сайта тIехь нохчийн маттахь вайн къоман истори а, абат а, грамматика а хир ю, кхидIа а шорйийр ю и сайт, – дийцира Нохчийн Республикин берийн (кхиазхойн) технологехула йолчу кхоллараллин туьшан директоран заместитела Шамаев Рустама.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо