(«Элисо» фильм яьккхина 90 шо кхачарна лерина)
XIX-чу бIешеран 60-чу шерашкахь Россин олалла Кавказехь чIагIдан луучу оьрсийн инарлаша мотт-эладита даржийра ламанхой шайн дай баьхначу латтанаш тIера дIабаьхна, церан махкахь гIалгIазкхийн станицаш яхка йолчу Iалашонца.
Кхиболу ламанхой санна, нохчий а Iехало цу хабарех. Нохчийн лаам кхоллало Россин пачхьалкхан Iедална буха ца совцуш, бусалба вежарий болчу Хонкара махка дIакхалха.
Цунах лаьцна яздина «Элисо» цIе йолчу шен дийцар тIехь гуьржийн яздархочо Казбеги Александра. Нохчийн «Верди» цIе йолчу юьртара бахархой бу цхьабарт хилла юьртах бовлуш.
Ховхачу безамо йийсаре лаьцна къона дог Кавказан лаьмнашкахь дуьсуш делахь а, цу шийлачу новкъа яла кечлуш ю юьртаден Аьстамаран йоI Элисо а. ЙоьIан лазамах а, дерриге нохчийн къомана тIейожийначу ямартчу харцонах а ду К.Александран дийцар.
1928-чу шарахь «Элисо» дийцар бухе дуьллуш, аз доцу исбаьхьаллин фильм яьккхина «Грузия-фильм» киностудехь гуьржийн режиссера Шенгелая Николайс.
Сценари язйинарг Третьяков Сергей ву. Фильман оператор Кереселидзе Владимир ву. Художник — Шеварнадзе Дмитрий. Элисон васт кхоьллина цу муьрехь гIараяьлла евзаш хиллачу актрисас Андроникашвили Кирас. Иштта, гоьваьлла вевзаш хилла актер Имедашвили Александр ву юьртаден Аьстамаран васт кхуллуш.
Нохчийн къоме болчу боккхачу безамца, ларамца яьккхина ю фильм. Говза гойту вайнехан доьналла, хьуьнар, къинхетам. Деэшначунна гIо-накъосталла дан хIора а кийча хилар гойту. Цхьаъ санна массо а орцах волу йисина Iачу зудчунна цIенош деш а. Хаза гайтина кегийрхой поппаран белхех гулбелла кийсак а. Самукъане бу кегийрхой белхехь. Церан самукъадалар тIечIагIдо кегийрхойн шовкъечу хелхарша, пондаран зевнечу мукъамаша.
Шенгелая Александра «Элисо» фильм яьккхина 90 шо кхаьчна, амма тахана а хьежарх кIорда ца до цуьнга. Шен хенахь СССР-н кинематографехь керла дош хилла и фильм. Цундела елла фильм яьккхиначу художникашна Сталинан цIарах йолу пачхьалкхан преми а елла.
1935-чу шарахь режиссера Доленко Владимира аьзнашца карлаяьккхина «Элисо» фильм. ХХ-чу бIешеран 40-чу шерийн юьххьехь Москвахь дуьненаюкъара кинофестиваль схьайоьллуш гайтира «Элисо» фильм.
Вай цунах дозалла дан хьакъ ду, гуьржийн вежарша динарг мехала совгIат ду нохчийн халкъана. Диканаш кIезиг гинчу вайн халкъан къаьхьа чам бетталучу историн цхьа дакъа ду «Элисо» фильмехь гойтург.
ГАЗИЕВА Аза
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо