Вайн махкахь вевзина ца Iаш, Россехь а, Европехь а дика вевзаш волчу яздархочун, юкъараллин гIуллакххочун Нунуев Сайд-Хьамзатан «Нохчалла» книга йовзийтар дIадаьхьира хIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Ахмадов Сайд-Iабдула, республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурехула йолчу Советан председатела Усманов Iаьрбис, «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Iаламахьада, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин а векалша, Сайд-Хьамзатан кхолларалла езачара.

Нунуев Сайд-Хьамзатан «Нохчалла» книга йовзийтарна а, кхоллараллин 40 шо кхачарна а лерина цхьаьнакхетар дIахьош вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан. Яздархочун дахар а, кхолларалла а йовзийтира цо гулбеллачарна.
– Сайд-Хьамзат суна вевзина генарчу 1970-чу шерашкахь. Оцу шерашкахь Веданан кIоштан газетехь болх беш волуш девзира суна цуьнан кхоллараллин похIма. Хасаров ШаIраница цхьаьна цуьнан говзаллех цецвуьйлуш Iийна со. Цул тIаьхьа дуккха а говзарш язйина цо. Цуьнан кхоллараллин некъах дийцина вай девр а дац хIокху цхьана цхьаьнакхетарехь. Тахана вай цуьнан «Нохчалла» книгех лаьцна, цунах авторна шена хетарг хатта, цуьнга ладогIа даьхкина хилар хьесапе а эцна, вай доцца билгалдоккхур ду иза 20 сов книгин автор хилар. Цо масех пьеса а язйина. Цхьайолчарна тIехь яьхна спектаклаш хIиттийна вайн къоман театран сцени тIехь. Тахана хIокху чохь вовшахкхетта Нунуев Сайд-Хьамзат а, цуьнан кхолларалла а, амал а хьежамаш а дика бевзаш болу яздархой а, Iилманчаш а. Цундела, сайн къамел кху тIехь дерзадо ас. Шуьга «Нохчалла» книгин хьокъехь а, С-Хь.Нунуевн кхоллараллин а къамелаш а дайтина, вайн таханлерчу турпалхочунна – Сайд-Хьамзатана дош а луш, цуьнга хаттарш а деш вайн болх дIахьур бу вай, – дийцира цо.
Яздархочун кхоллараллах иштта элира Ахмадов Сайд-Iабдулас: – Сайд-Хьамзата мел язйо говзар а шеца нохчалла йолуш хуьлу. И ду суна цуьнан кхоллараллехь къаьсттина дикахеташ дерг. Язъян похIма хиларх ца тоьа, ша яздеш ерг шен къоман Iадаташца догIуш хилийтар ду коьртаниг.
– Шен де тоделча сонта а ца волуш, шен де эшча воха а ца вухуш шен синан барам цхьаъ хилар хета суна нохчалла. Яздархочо яздийриг а, лелош дерг а цхьаъ хилар мехала ду, – бохура Ельсаев Iаламахьада.
Яздархочух лаьцна довха дешнаш ала луурш дуккха а бара. Къамелаш диначара цхьатерра билгалдаьккхира, Сайд-Хьамзат похIме яздархо хилар. Цул тIаьхьа гулбеллачеран таро хилира авторе цуьнан «Нохчалла» книгин хьокъехь хаттарш дала. Цхьана-шина дашца а доцуш, шега мел деллачу хаттаршна чулацаме жоьпаш делира цо.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна а, иза дIахьош гIо-накъосталла динчарна а, шен ларам а бина цига баьхкинчарна а даггара баркалла элира С-Хь.Нунуевс.
– Вай массара а ойла ян езара «нохчалла» боху дош мичара схьадаьлла ду бохучун. Вайн цIийца ю нохчалла, тIаккха вайна иза дIакхехьа хаа ма деза. «Нохчалла» книга арахецарца вайнахана оцу дешан маьIна довзийта хьаьжира со, – бохура цо.
Оцу суьйренехь Ахмадов Iабдулас М.Лермонтовн цIарах йолу мидал яларца совгIат дира яздархочунна. Иштта, КПРФ Нохчийчохь волчу векала Дениев Хасмохьмада «100 лет ВЛКСМ» цIе йолу орден елира яздархочунна.
С-Хь.Нунуевс шен ешархошна совгIатна «Нохчалла» а, кхийолу а книгаш а луш дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрташ тIехь: Суьйренан дакъалацархой
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо