Хууш ма-хиллара, карарчу шарахь Курчалойн кIоштахь коьрта ши хилам хилла – Курчалойн-Эвлах гIала йийриг хилар дIакхайкхор а, кIоштан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдан Кадыров Хьамзат хIоттор а.
Цул тIаьхьа кIоштан Депутатийн совето Кадыров Хьамзат шен даржехь чIагI а вина, Курчалойн-Эвлах гIала яран декъехь белхаш а дIаболийна. Республикехь ялхолгIа хир йолчу гIалахь коьрта некъаш шордеш а, гIашлошна некъаш дохкуш а, токан бIогIамаш а, газан а, хин а биргIанаш а хийцина ца Iаш, дукхапетарийн цIенош дан а долийна.
Цул сов, спортзал а, кIоштан культурин керла цIа а, МЧС-н кIоштан Урхаллин керла гIишло а ю еш. Мел халахеташ делахь а, Курчалойн-Эвлана коьрта некъаш шордаран Iалашонца, оцу урамашкахь Iийначу бахархойн хIусамаш йохон дезна. Шайн дайх йисинчу хIусамех бовла хала хиларх а, цигара бахархой, и мел дийриг шайн а, шайн берийн а дуьхьа дуйла хууш, реза а хилла. Царна, Курчалойн-Эвла йисттехь, оьшуш мел долу хьелаш а долуш, керла ши поселок ю еш.
Амма Курчалойн-Эвлах гIала еш елахь а, кIоштан кхиар лахарчу тIегIанехь ду. Цунах лаьцна дийцира кIоштан администрацехь хIокху деношкахь дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь дакъалецира кIоштан куьйгалхочо Кадыров Хьамзата а, яртийн дайша а, маьждигийн имамаша а, бакъонашларъяран а, кхийолчу а органийн векалша а.
Циггахь дакъалоцуш хиллачу республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Бисултанов Яхьяс доклад йира. Цу тIехь цо гулбеллачеран тидам тIебахийтира гучудевллачу кхачамбацаршна.
«КIоштарчу яртийн куьйгалхоша лаьттах пайдаэцаран декъехь долу федеральни а, республикин а законодательство кхочушдарехь бечу а, бинчу а балхана таллам бича, гучудаьлла, цара, шайгарчу даржах пайда а оьцуш, дукхазза законодательство талхийна хилар», – билгалдаьккхира доклада тIехь.
Доклад чекхъяллалц собар а дина, кIоштан куьйгалхочо Кадыров Хьамзата бакъонашларъяран а, прокуратурин а органашна тIедиллира и гIуллакх таллар а, бехкеберш къастор а, шайн бехке хьаьжжина, уьш жоьпе озор а.
Цул тIаьхьа дийцаре дира ярташкара хьал. КIоштан куьйгалхочо билгалдаьккхарехь, иза чIогIа реза воцуш вара ярташкахула инспекци ечу хенахь гиначу суьртана.
Иштта, кIошта инвестицеш ялоран гIуллакх а тидамза ца дисира. Кадыров Хьамзатана хетарехь, инвесторш кIошта балоран декъехь беш болу болх ледара бу.
Муниципальни службехь даржашкахь болчу белхахойн хьокъехь шен хиллачу къамелехь кIоштан куьйгалхочо билгалдаьккхира «мелла а хьалха йинчу аттестацис и белхахой шайн говзаллица догIуш долу хаарш долуш цахилар гучудаьккхина» хилар.
Кхеташонехь тидаме мел эцначу гIуллакхна таллам бар а, йоццачу хенахь уьш кхочушдар а тIедиллира цо чаккхенехь.
И.ИСЛАМОВ
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо