Ерригроссин конференци хир ю Дона-тIерачу-Ростовехь

Товбецан (сентябрь) беттан 27-28-чуй деношкахь Дона-тIерачу-Ростовехь дIахьур ю «Хаамийн кхерамазалла а, импорт хийцар а» цIе йолу Ерригроссин III-гIа конференци.

Цигахь дакъалаца кхойкху Россин Федерацин субъекташкарчу кхочушдаран органийн а, муниципалитетийн а куьйгалхой а, говзанчаш а.

Конференцехь докладаш йийр ю хаамийн кхерамазаллин а, электронни кепара документаци лелоран а декъехь болчу говзанчаша.

Дакъалаца лаам болчо товбецан (сентябрь) беттан 17-гIа де тIекхачале http://rostovsecuritydays.ru сайта тIехь регистраци ян еза.

Дакъалацар маьхза ду.

Конференци хIокху адресца дIахьур ю: Ростовн область, Дона-тIера-Ростов, Нагибинан пр., 30 «ДонЭкспоцентр».

http://rostovsecuritydays.ru сайта тIехь регистраци йинчеран цIерш товбецан (сентябрь) беттан 27-чу дийнахь 08 сахьт 30 минот яьлчахьана 09 сахьт 30 минот яллалц «йиллина» хир ю.

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: