«Граничная» яра цуьнан уггаре а хьалха хилла цIе. Урам тесна битина бара. Цуьнан дола деш, цуьнга хьожуш да вацара. «Да воцу урам» олура цунах. XIX-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь дуьйна 1920-чу шо кхаччалц, бIе метр шуьйра а йолуш, лаьттан аса яра иза, Грозненски станицин а, гIалин а доза хилла лаьтташ. Цигахула дIасалелар бен, цуьнца бала болуш стаг вацара.

Цхьаьннан а боцу и урам даима а боьха хуьлуш бара. Иза гIалин коьртачу урамна – Дундуковски урамна кхин гена а бацара. Цундела, чIогIа догIанаш даьхкича, Гранични урамера Iовраш оцу ураме охьаоьхура.
Граждански тIом болчу муьрехь оцу урамо мехала стратегин маьIна лелийна. Революционерашний, контрреволюционерашний юкъара доза хилла дIахIоьттира иза.
Уггаре а къиза тIемаш Гранични урамехь хуьлуш бара. Фронтан командованис шен туп тоьхнера «Гранд-отель» хьешацIийнехь. Ткъа иза Гранични а, Набережни а (тIаьхьа – Гвардейски) урамаш жIардовлучохь яра. Цуьнан хьалхарчу гIат чохь ЦIеэскархой бара, лармаш чохь – герзаш тодеш, патармаш деш йолу пхьалгIанаш яра. ШолгIачу гIат тIехь фронтан штаб яра.
ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь, хьешацIа хьаькхна дIа а даьккхина, оцу меттехь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан гIишло йира. И гIишло а йохийна дIаяьккхира Нохчийчохь тIаьххьара тIемаш хиллачу шерашкахь.
Гранични урам (цул хьалха а кхин лартIехь хилла боцу, бIедийнан тIом болуш берриге а бохийна, аьтта дIабаьккхира.
КIайн гвардейцашна а, гIалагIазкхашна а дуьхьал дIахьош хиллачу луьрачу тIамехь шегара майралла а, доьналла а гайтира Нохчийн халкъан турпала кIанта Шерипов Асланбека. Шен бIоца цхьаьна Бичераховн дошлошна тIелетира иза, хIаллакьхиларан зиле хIиттийна цIеэскархой Iожаллех кIелхьара а бохуш.
«ХIе-хIей, нохчий! Маржа дуьне! Вурро!», – аьлла, мостагIашна чухьаьдира иза, тур детташ, аьрру а, аьтту а агIор болу мостагIий цоьстуш.
ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Асланбекан а, цуьнан бIаьхойн а майраллех инзарваьллачу С.Орджоникидзес цуьнга элира: «Къонах ву хьо, Шерипов! Суна гинера ахь трибуни тIера мостагIий чехош… ХIинца тIамехь а ги суна ахь кхин а йоккхачу майраллица, доьналлица мостагIий хIаллакбеш».
Билггал хIокху урамехь тIемаш бира ширачупромыслашкарчу белхахочо Мусоровс а, 16 шо долчу цуьнан кIанта Павела а. Ялхийта шо хан йолчу оцу кIанта гайтина турпалалла Соьлжа-ГIала ларъярхошна юкъахь чIогIа юьйцуш яра. Цо, шен пулемет йоьхча, текхна мостагIаша дIалаьцначу метте а вахана, кIайнгIалагIазкхийн пулемет лачкъийра (тIаьхьуо шегара изза хьуьнар гайтира Терк-Юьртарчу нохчичо Хатуев Дудас а).
Павелна хаьара Гранични а, Тенгински а (хIинца Машаран урам) урамийн цхьаьна сонехь дIалачкъийна кIайн гIалагIазкхийн пулемет юй. Цо доккха зен дора цIеэскархошна. Буьйса юкъал тIехъяьлча, Мусоров Павел, шен гIодаюккъе муш а бихкина (чов йина я вийна хьал хилахь, накъосташка мостагIий болчуьра схьатакхавайта), мостагIийн пулемет йолчухьа дIатекхира иза.
ХIумма а дагахь а доцуш бийшина Iохкуш бара мостагIий. ЦIеххьана, «шайтIанан болх», пулемет цIенаш болчу агIор дIаедира… Иза Павел вара пулемет ядийна воьдуш… Амма йоца хиллера оцу турпалхочун оьмар. Иза кхелхина Ассиновски станицина (Эха-Борзе) юххехь хиллачу тIеман тасадаларехь.
Соьлжа-ГIалахь бIе дийнахь лаьттинчу тIемашкахь ЦIечу Эскаран бIаьхоша гайтина турпалалла тIаьхьенийн иэсехь йисийтаран Iалашонца 1920-чу шарахь Гранични урамна «1918-чу шеран 11-чу августан» цIе тиллира. Оцу цIарца 1960-гIа шо кхаччалц лаьттира урам. Соьлжа-ГIала Бичираховн а, Деникинан а ардангех паргIатяьккхина 40 шо кхачар билгалдоккхуш цунна «Толаман проспект» аьлла, цIе тиллира. Ткъа 2009-чу шарахь дуьйна В.Путинан цIарах проспект ю иза.
Гранични урамехь дуккха а мехала гIишлош а, дагалецаме меттигаш а хилла. Царах цхьаерш лар йоцуш дIаевлла, цхьаерш тахана а йолуш ю.
Соьлжа-хи тIера охьаволавелча, хи йисттехь аьтту агIор Кузнечни а (Гвардейски), Гранични а урамийн сонехь ши гIат долуш хаза гIишло яра. Цу чохь «Гранд-отель» хьешацIа дара.
XX-чу бIешеран юьххьехь йина яра и гIишло. Цул дехьа, готтачу урамах (Шоссейни, хIинца Комсомольски) дехьа ваьлча, «Кавказ» хьешацIа дара. ХIинца цигахь А-Хь.Кадыровн цIарах долу маьждиг а, беш а ю.
«Кавказ» хьешацIа XX-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь дина дара. Цу чохь совцура Нохч-ГIалгIайчу богIуш болу беза хьеший. Иза лаьттаца дIашарйира Нохчийчохь 1995–1999-чуй шерашкахь тIемаш болчу хенахь.
КIеззиг лаха охьаваьлча, дийнна куп дIалоцуш дина деакIов цIенош дара, кертахь хаза чухчари а йолуш. Коммунин цIа олура цунах.
1926-чу шарахь дан долина дара иза, архитектор А.Буткин волуш. ЦIа дарехь пайдаоьцура меттигерчу коьчалех. Уьш-Кхаьлларчу тIулгех дуттура пенаш, кир а, алебастр а, хьахаран кхиболу гIирсаш а, циггара бохьуш бара.
Куьцаш дарехь пайда оьцура Лаха Варандахь динчу басарех. Йовхонан радиаторш «Красный молот», Автоспецоборудованин заводашкахь йинера, гIалин мехкадаьттан промыслашкахь гулдинчу тишачу эчигех.
Цул дехьа дукха гIаьтнаш долу цIенош дара. Уьш динера дIадаханчу бIешаран 50-чу шерашкахь. Гранични урам чекхболучохь Дагестанан полкан казармаш яра, XIX-чу бIешаран чаккхенехь йина йолу. Цунна хилла хир ду-кх юххерчу цхьана урамна Дагестански цIе тиллина хилар.
30-чу шерашкахь оцу казармийн буха тIехь тIеман (городок) гIала йира. Цо дIалоцура Толаман проспектана тIера «Красный молот» заводана а, Дагестански урамера Маяковский урамна а тIекхаччалц йолу меттиг.
1942-чу шарера 1960-гIа шо кхаччалц оцу кертахь яра Соьлжа-гIаллин тIеман-гIашсалтийн училище.
1990–1994-чуй шерашкахь и гIала йохийна дIаяьккхира. ХIинца оцу меттигашкахь Къоман библиотекин а, Къоман музейн а, «Грознефтегаз» ОАО-н а исбаьхьа гIишлош ю.
Гранични ураман аьрру агIор а яра (Соьлжа хи тIера Халкъийн доттагIаллин майда йолчу агIор схьавогIуш) мехала, шайна тIехь тидам сацош, историн маьIна долу гIишлош. Министрийн Советан а, «Кавказ» хьешацIенна а дуьхьал лаьтташ дара XIX-чу бIешаран чаккхенехь а, XX-чу бIешаран юьххьехь а дина долу цхьацца гIаьтнаш долу цIенош. Оцу керташкахь дуккха а адамаш хуьлура, даима а самукъане гIовгIа а лаьттара.
ГIалин куц-кеп «беса» хоьтуьйтуш йолу и куп хьаькхна дIаяьккхира 80-чу шерийн чаккхенехь. ЦIеяххана волчу гIишлошъярхочо-бригадира, Социалистически къинхьегаман Турпалхочо Хаджиев Шамсуддис цигахь йира КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман башха архитектура йолу исбаьхьа гIишло.
Нохчийчохь политикин карчамаш, кегарий дIаболабелча оцу гIишлонах Президентан цIа хилира. ТIом болчу хенахь эккхийтина, лаьттаца дIашардира и цIа. ХIинца цигахь еш ю кхузаманан исбаьхьа, шен архитектурица гIаларчу кхечу ерриге а гIишлонех къасташ йолу гIишло.
ГIалин дозалла дара Толаман проспектан а, Орджоникидзен ураман а сонехь хилла цIа. Цуьнан хьалхарчу гIат тIехь массарна а дика евзаш йолу «Берийн дуьне» туька яра. И цIа 1929-чу шарахь дина хиллехь а, гIалин куц хаздеш, товш дара гIалахошна а, хьешашна а. Цуьнан оьмар а еха ца хилира. Вайн республикехь тIемаш хиллачу 1995–1996-чуй шерашкахь дохийра иза.
Машаран а, Грибоедовн а урамашна юккъехь йолчу куьпахь хIинца а лаьтташ ду XX-чу бIешаран юьххьехь дина хилла Соьлжа-ГIаларчу хьуьнан промышленникан Крыликовн кхо гIатт долу цIа. Вайн коьртачу шахьарахь БIедийнан тIемаш болчу хенахь гIалин уггаре а ондачу чIагIонех цхьаъ хилла лаьттира иза.
Советийн Iедало тIемаш чекхбевллачул тIаьхьа цIа Крыликовгара схьадаьккхира. Цу чохь хIусамаш елира мехкадаьттанхошна. ТIаьхьарчу шерашкахь оцу цIа чохь туька а, нотариальни контора а, «Интербизнес-55» компанин офисаш а яра.
Цул дехьа, Халкъийн доттагIаллин майдана тIекхаччалц, XX-чу бIешаран 50–60-чуй шерашкахь дина цIенош дара. Тахана а, меттахIоттийначу а, куьце далийначу а оцу цIеношкахь бехаш бу гIалахой, шайн дахарх, маршонах баккхий беш.
(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгах)
С.ХАСАНОВ
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо