ХIокху деношкахь Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетехь хилира Iаьрбийн меттан дуьненаюкъарчу денна леринчу конкурсан финал. Къуръан дешарца дIадолийра цхьаьнакхетар. Жюрин председатела, Iаьрбийн меттан л кафедран доцента Хареханов Асвада студенташна дийцира Iаьрбийн мотт Iамор деза а, маьIне а хиларх лаьцна.
Билгалъяьккхинчу конкурсехь дакъалецира кечамбаран отделенин а, «ШариIатан Iилманаш» факультетан а студенташа. Iаьрбийн меттан декъехула цкъа хьалха шайн хаарш гайтира кечамбаран отделенин студенташа, цул тIаьхьа — «ШариIатан Iилманаш» факультетан студенташа.
Жюрин декъашхоша билгалбехира конкурсан толамхой. Кечамбаран отделенин студенташна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Висингириев Iабдурахьмана а, Адаев Мохьмада а, шолгIа меттиг – Авдаева Амната а, Джамалуллайла Сафияс а, кхоалгIа меттиг – Агатиев Идриса а, Умалатов Мансура а.
Толамхошна совгIаташ дIадаларан бакъо елира оццу отделенин декъанна Вагаев Мохьмад-Аминна.
«ШариIатан Iилманаш» факультетан студенташна юкъахь хьалхара меттиг елира Сулейманов Iаьрбина а, Висаитов Лом-Iелина а, шолгIа меттиг – Мусаева Амнатна а, Саидова Румисина а, кхолгIа меттиг – Загаев Iелина а, Даукаев Абу-Iелина а. «ШариIатан Iилманаш» факультетан студенташна юкъахь шолгIа меттигаш яьхначарна совгIаташ дIаделира оццу факультетан декана Мутушев Iабдурахьмана, толамхоша совгIат дIаделира университетан ректора Мутушев Iабдурахьима.
Конкурсан жамIаш динчул тIаьхьа, университетан ректора баркалла элира конкурс вовшахтоьхначарна а, конкурсан, дакъалацархошна а.
З.ЛОРСАНОВА
