Митингахочух дагавалар

Ткъа хьуна хIун хета?, – хотту ас митингахочуьнга, – кхидIа дийций хьуна бакъдерш, ваши?

Пажаласта, – жоп ло цо.

– Теша дезачух хала тешар а, теша ца дезачух атта тешар а чIогIа ду вайн амалехь. Нохчийн халкъана бен а ма вац Дудаев я Завгаев. И ший а вайн ву. ДIаяханчу заманахь цхьа Моллаев Супьян, сан юьртахо-гIойтIархо воцург, кхин вешан стаг коьртачу даржехь хилла воцуш Iийна ма дара вай Советийн Iедалехь. Москвас хIоттийнарг коьртехь а хуьлуш.

Делан къинхетам а, Горбачевн перестройка а бахьана даьлла, Завгаев Докка хIоттийра партин обкоман хьалхара секретарь. Тойнаш деш, сагIанаш дохуш даздира халкъо и хазахетар. ХIетталц оцу даржехь лаьттина хилла: Иванов, Яковлев, Трофимов, Титов, Апряткин.

Оццул Далла хастам беш, вешан стаг, Завгаев Докка, Нохч-ГIалгIайн АССР-на коьрте хIоттийча, цунна вуно сиха букъ берзий вай. Оцу сохьтехь дуьйна галдаьлла юкъараллин-политикин хьал хIокху тахана гуш долчу суьртехь ду.

ТIаккха гIалгIайн халкъ – вайн вежарий дIакъаьсти вайх, дарц хьовзо Iаржъелла мархаш юкълуш, ойланехь ган, бIаьрса дика а хилла. Дорцо айъина балин ирча тулгIе, вай кIел хьарчош, тIехарца тIаьхьарчу когашна тIе хIиттар гуш хилла царна. И кхетам а, хьекъале ойла а, хиндерг ган шайхалла а ца хили вайн. ГIалгIай бовбевли.

Делор, ца бевли хьуна уьш бов, – олу митингахочо, – Нохчийчоьнах йогIург а, ца йогIург а яккхаза-м

Митингахо, кхин цхьацца цIерш йохуш, хилларш-лелларш дуьйцуш, хабарна ирлуш гича, къаночо, Iасанна тIетаьIначуьра хьала а нислуш, корта тахкабо: – Вайгахь товш дац, делил доцуш, зенашна вешан вежарий бехкебар. Мацахлерчу вешан дайшна юккъехь леллачу вошаллехь диса деза вай, хIокху хьовр-зIоврехь юккъе яьхкина ваьснаш, дегазлонаш лаххьийна дIа а йохуш

Сан ненахой бу гIалгIай, – боху юххехь Iаш волчо.

Сан йишин къоьнгаш а бу уьш, – олу вукхо.

Со тайпана гIалгIа ву, – боху кхозлагIчо.

Бовбовларх, – боху къаночо, – кIентий дайн долара ца бовлу. Маттаца а, динца а гIалгIай вайн вежарий бу

Гонаха болчу наха дечу къамелашка ла а доьгIна, хIорамма шен-шен дог-ойла йийцинчул тIаьхьа, къаночо олу: – Вежарий! ХIара маьлхан дуьне адамаша, ца Iебаш къийса долийчхьана дуьйна схьадогIуш ду хьоладайл алсам къехой хилар. Хьаналчу нахал къуй кIезиг а хуьлу. Амма тахана, аш тоьшалла деш а ма-хиллара, хьаналчу адамел хьарам нах алсамбовла бохку олий, дог шелло. Карарчу хенахь катоьхнарш тоьлла а, сатоьхнарш эшна а хуьлуш лаьтта…

ХIаъ, воккха-дада, мел халахеташ делахь а, дIа ма ели и милици, прокуратура, КГБ, ОБХС йолуш, оцу органаша халкъ а, пачхьалкх а, пачхьалкхан, юкъараллин хьалбахам а ларбеш хилла хан. Уьш йохийна вай. Ичкери республикин милици а, прокуратура а, шариIатан кхиэл-м мухалле а, шайн декхаршца ларош яц. Ма-дарра аьлча, куьйгаллий, урхаллий ца тоьа. Цундела дебаш бу Нохчийчохь вайнаш а, арахьара чухецабелларш а, къуй а, зуламхой а

Ткъа и дерриге а вонаш, зуламаш вайн барт бохаран, сонталлин бахьанаш хилла а ца Iаш, вай цунах лаьцна хьалха а дийцина-м дара, делахь а, юха а боху ас, вайн къоме кхечу халкъийн цабезам а, цатешам а кхоллабалийтархьама, цхьана Iаьржачу, баккхийчу ницкъаша уьш дуьненаюкъарчу политикина къайлах болх байтарна тIехьежош хилар гуш ду тахана: «Чеченский след» массо а зуламна вай бехке дайтарца алийта.

Гой хьуна, Ельцина, шай, Грачевссий Дудаевна дитина Россин герзаш, тахана, нохчийн халкъан цIарца, охьадахка боху, и Россин герзаш, мекха йоларх лардайта, дIаIалашдайта нохчийн халкъе делча санна. Цул йоккха харцо хир юй дуьнен чохь?

Вай ца кхета, дуьнен чохь лелош харцонаш яцахьара, паччахьаша лаьтта тIехь набахтеш йийр яцара, дагахь доцург багахь дуьйцуш, ямарт адамаш дацахьара, Дала царна хьакъ йолуш жоьжахатеш Эхартана а йохкур яцара, адамийн меттанаша мел дуьйцург бакъ делахьара, шайтIанашна меттиг а тоьар яцара.

Ельцина, тIом боло дагахь, вайна дуьхьал яьккхинарг йоккха харцо ю, социальни кхачо ярехь, экономикин тIаьхьалонехь Россис еш йолу дуьхьалонаш ловш, демократин, дуьненаюкъарчу бакъонехь нийсо хиларе сатуьйсуш, садетташ долчу…

ХIара вайн вуно жима ДегIаста а, шайн сила йоккха Росси а эрна Iеночу цIийла керчарх бен дIа хетар долуш, дог лозур долуш вац Россин Федерацин Президент Ельцин я цуьнан тIеман инарлаш а…

ГIазот доккхур ду боху вай. Ткъа и гIазотан тIом паччахьан эскарна дуьхьал ткъе пхеа шарахь ма бина имам Шемала, Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа Iаьлбиг-Хьаьжас, гIазот доккхуш, итт шарахь паччахьан эскарна дуьхьал толам боцуш бина тIом ца бийцича а.

ХIара Нана-ДегIаста дIалаца гIерташ дукха эгна кхузахь оьрсийн салтий а, имамийн мурдаш а. Дукха цIий хуьйдина нохчийн лаьтто.

Вешан дай баьхначу хIокху мехкан дай хила а лууш, Россин империн лай хила а ца лууш, цхьа а тайпа бакъо йоцуш Iазап а, бала а ловш, бIешерашкахь даима а къийсамехь, тIемаш беш баьхна вайн дай. Кхеташ ду, куьйгаллехь эла, паччахь воцуш даха кхоьллина дац адамаш. Адамаш хьовха, акхарой а, олхазарш а. Ур-атталла накхармозашна а белла Дала кхетам, шайн эла хила везар хаъал.

Амма паччахь Далла а, халкъана а хьалха Iаламат доккхачу жоьпалахь ву куьйгаллина кIел долчу, муьтIахьчу халкъана тIехь нийсо латто езаш хиларна. Кегийчу къаьмнашца, къаьсттина нохчийн халкъаца йолчу политикин юкъаметтигехь нийсо-м хIунда дуьйцура, мелхо а харцо а, хьагI-гамо а естош, шайн хирг деш бу Нохчийчохь политикин а, демократин а декъехь долу хьал лартIе ца долуьйтуш. Цкъа дIахьаьжча, Россин Федерацин Президент Ельцин цара шайн лаамна тIеийзор гучудолу, юха дIахьаьжча, иза оцу политикел а хьалхаэккха Нохчийчоь тIамна даръян лууш.

Нохчийчоьнна даьлла а ца Iаш, Ельцин Президент хаьржинчу Россин дерриге а халкъана а социальни а, экономикин а, политикин а дакъошкахь зен даьлла.

Политикин ямартлонаш, хIилланаш, тешнабехкаш туьтмIаьжгашна тIехьара схьагучуйийла йоьлча, Хасбулатов Руслана, кхано тIаьхьа олуш хезар ду вайна: «Политика иштта боьха гIуллакх дуйла хууш хиллехьара, цунна юкъа вахана хир вацара со»…

Хьекъал а, кхетам а, Iилма а вайчул сов долуш волу вайн ваша Хасбулатов Руслан а Россин Федерацин политикийн хIилланех, бозбуанчаллех кхоччуш кхетта ца хилча, цхьана даггарчу, баланаш дукха лайначу цуьнан мискачу халкъан бехк буй ткъа дIовшах буьзна болчу Ельцинан тIеман политикаша Нохчийчоьнна гонаха, гезго маша санна, дуцуш долу бозбуанчаллаш ма-дарра цагарх…

Д.Кагерманов, Нохчийн журналистикин къано

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: