Деца цхьаьна шуьне хаар

РагIу кIеларчу кIедачу гIантахь, аьхкенан бовхачу махехь, набаран тар туьйсуш, хиъна Iа Воккха-Дада. Даима санна, хьийзош суьлхьанаш ду цуьнан карахь. Царах бIаьрг кхетча, Кунта-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьллера бохуш, дуьйцуш хилла цхьа хабар дагадеара суна: «Даима карахь суьлхьанаш леладелаш, уьш карахь хилча, буьртиг дIакарчоза а Iийр дац шу, иза дIакарчийча, АллахIан цIе ца йоккхуш а Iийр дац шу».

Иштта, наггахь суьлхьанан буьртиг а карчош, дагахь АллахIан сийлахь цIе а йоккхуш, Iаш волчу Воккха-Дадин бIаьрг серлабелира со а, соьца цхьаьна тхан лулара ши кхиазхо а керта ваьлча.

Къоначарах самукъадолуш вара иза. Царна воккха стаг а везара, чIогIа. Цо дуккха а хаза, хьекъале, пайдехь хIуманаш дуьйцура царна. Цкъа а дов ца дора. «Воккха стаг дов деш товш вац. Цуьнан Iаь хаза, кIеда хила еза», – олура цо. Ша а вара иза иштта кIеда-мерза. Цундела бераш, кхиазхой, кегийрхой цунна тIегIертара. Цуьнга хаттарш дора, ийза а ца луш. Тахана соьца веана шиъ а вара цхьа хIума хаа лууш.

Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, нохчийн гIиллакхаш дукхадезаш кхуьуш волчу Хьасана (шина кIантах воккхах волчо) хаьттира.

– Дада, деца цхьаьна хIума яа кIант цхьана шуьне хаар муха ду?

– Дела реза хуьлда хьуна, Хьасан. Цунах дерг-м хьан дас-нанас дийцина а, шаьш лелочу гIиллакхашца гайтина а дера хир дара хьуна. Делахь а, соьгара цхьа керланиг хаа, хаза лууш хоьтту хир ду-кх ахь.

Вайн дайша чIогIа лардеш лелийна доьзалш шуьне ховшоран гIиллакхаш, цара дахарехь лелош долу маьIна а хууш. Масала, нанас цкъа а шен бераш деца цхьаьна шуьне ховшош ца хилла. Тхан бераллин хенахь дага а ца догIура деца цхьаьна охьа а хиъна, цхьана шуьнера хIума яа мегар ду бохург. Дена шенна хIотто беза кхача. Берана, доьзална – шенна. МаьIне хIума ду иза. Уггаре а хьалха цуьнца ларъеш ерг ден а, беран (доьзалан) а юкъаметтиг ю. Да, даима а хьаша санна хила везаш ву, цуьнга боллу сий-ларам а болуш.

Нанас уьш цхьаьна шуьне ховшо болийча хIун хуьлу цунах? Воккхалла – жималла дIадолу. Бер дена хьалха кхийда доладелча, багара яккха а гIертар ду. Иза юкъара марзо, эхь-бехк, гIиллакх дIадаккхаран юьхь хуьлу. Ден ларам дIабоккху цо. Цхьаболчу доьзалшкахь дена хьалха кхача луш гIиллакх хилла. Цунна хьалха цабаларх хIума дац кхача, коьртаниг шенна биллар ду.

Нахана юкъахь маггане а мегар дац да а, нана а, доьзал а цхьаьна шуьне ховшар. Вайн халкъан эхь-бехкаца догIуш дац иза. Вайн гIиллакхца догIуш ма дац нахана юкъахь, ур-атталла, шен доьзалхочун цIе яккхар а, хьастар-м хьеха а ма де. Ткъа цхьаьна шуьне ховша буьйлабелча и дерриге а хила герга ду.

Вайн дайша лелийна оьзда гIиллакх ду шуьне да а, доьзал а къаьстина хаар. Доьзалехь ден меттиг ларъяр ду иза. Ден меттиг баьрчехь ю. И чохь а волуш доьзалехь цхьаьннан а бакъо яц баьрче ваьлла охьахаа. Охьахаарх дерг аьлча, ден бакъо йоцуш охьахаа ца деза цхьа а бер. Иза а ду хаза гIиллакх.

Гой хьуна, Хьасан, дуккха а хIуманаш ду хIусамехь шун хIотторца доьзна. Уьш дерриге а дийцина а вер вац. Коьрт-коьртаниг ас хьахий. Бакъду, тахана уьш лардеш боцурш а хаало вайна. Халахеташ делахь а, тIаьхь-тIаьхьа алсамбовлуш а бу и саннарш. Шун хIотторехь, шуьне ховшорехь тIеоьцуш керла гIиллакхаш ду, хьенан ду а, мичара ду а хууш доцу. Цо дика болх бийр бац.

Вай, хьалха хилла долу нохчий а долуш, даха лууш делахь, цара лелийна гIиллакхаш лелон деза. Вайн эзарнаш гIиллакхех цхьа а дац дIатаса мегар долуш, шен маьIна дан йиш йолуш. Вай дуьйцуш долу шун хIотторан а, шуьне хааран а гIиллакх а ду царах.

ХIара къамел деш цхьа хIума дагадеа суна. Хьалхуо, вайна юкъахь хилла ду иза. Цхьа къонах волчу хьаша воьссина хилла. ХIусамнанас кхача а кечбина, хьешана хьалха хIоттийча, церан жима бер, шуьнна тIе а деана, цу чохь йолчу хIуманна тIекхевдина (шена Iеминарг а, могуьйтуш хилларг а дина-кх цо).

Хьешо тIара тоьхна, дIачовхийна кIант. Важа шен дега а хьаьжна, мохь тоьхнна велха волавелла. ТIаккха, хьешаца цхьаьна хиъна Iаш волчу хIусамдас аьлла боху: «Хьенех, ма вон туьйхи ахь цунна. Вайн хIара цхьаъ бен ван а ма вацара», – аьлла.

«Цхьаъ бен а ца хилча, иза мегаш а ца хилча къа дац хьан?», – аьлла хиллера хьешо. Иза бакълуьйш а хилла. Кхин цул тIаьхьа хьешана хьалха хIоттийначу шун чу-м ца кхевдина кIант. И-м стенна дуьйцура, цуьнан тIаьхьенех долу бер а-м ца кхевдина. Вайна бевзаш бу и доьзал а, церан тIаьхьенаш а. Оьшучохь иштта а кхето мегар ду бер. Амма иза нийса ду ала ца гIерта со. Хьеше а ца кхетадойтуш, нанас ша кхето деза бер. И ду нийсаниг. Нийсаниг лелор вайна тIехь ду…

– Дада, деца цхьаьна шуьне хаа цкъа а мегаш дац цуьнан йоIана а, кIантана а? – хаьттира Хьасанца цхьаьна волчу Ахьмада.

– Ду. Дера ду. Дас ша ло шен доьзалхочунна и бакъо, иза кхиъна ваьлча, шена рицкъа а доккхуш, шен доьзал а болуш дIаволавелча. Бакъду, оцу хене ваьллачу доьзалхочо а, дас вита а ца витина, ша цуьнца цхьаьна шуьне хиъча, тоьллачех кхача шен дена хьалха татта беза. Иза хьалха тIекховддалц, цо «Бисмилла» даккхалц, юучунна тIекховда ца веза. Цунна хьалха кхийда, цунна хьалхара кхача схьаэца мегар дац. Цунна хьалха ваьржина охьахаа ца веза. Дукха къамел дан а ца деза.

Стоьлаца ю марзо олу вай. Дений, кIантаний юккъера марзо яц вай кхузахь юьйцург, доттагIашний, бевза безачарний юккъера марзо ю. Дений, кIантаний юкъахь, стоьло чIагIъян а ца оьшуш марзо хуьлуш ю. И марзо ларъян хаа деза шуьнехь а.

Бакъду, деца цхьаьна шуьне охьахиъначу кIантана цкъа а ша воккха-м ца хета. Дала болчарна латтабойла дай а, наной а. Цаьрца оьзда гIиллакхаш лело кIентий а, йоIарий а латтабойла…, – дерзийра Воккхачу-Дадас шега динчу хаттаршна жоьпаш луш дина къамел. Цул тIаьхьа а цхьацца дуьйцуш Iийра тхо.

Тхуна товш дерг дийца шортта цуьнан дан а ду. Цунна кIорда ца дойтуш, Воккха-Дадин Iодика йина, дIадахара тхо, юха а и волчу дахка болчу сатийсамца. Иштта хуьлу хIоразза а. ГIиллакхийн шатайпа хазна ю-кх иза, адамаш даима а шена тIеийзош.

С.ЦАДАЕВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: