Анзорова Балкан йина 95 шо кхачарна лерина

Муьлххачу а пачхьалкхехь Iедалан карчам, дукха хьолахь, бехк боцчу адамийн цIий Iенаш хуьлуш бу. Иштта хилира 1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Россехь хиллачу революцин тIаьхье а. Кхаа шарахь сов граждански тIом лаьттира. Дукха адам махках делира. КIезиг бацара бехк боцуш хIаллакбинарш а.

И эрчо Iедалан мукъ къуьйсучу Петарбухехь я, тIаьхьуо, керлачу Iедалан хьаькамаша шайн туш йоьгIначу Москвахь хилла ца Iийра. Луьрачу къийсаман тулгIе Кавказе а, Нохчийчу а кхечира. Инарлин Деникинан эскарш дара Нохчийчохь къизаллаш лелош, зударий а, бераш а ца къестош, вайнехан ярташ ягош. Оцу декъазчу декъехь хилла ю нохчийн шира юрт Девкар-Эвла а.

1917-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь дара гIалагIазкхий Девкар-Эвла чу баьхкина талораш дан буьйлабелча, мискачу адамашка къизалла хIоттош. КIиране делира и зулам.

1918-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь а, къацахетарийн караяхана юрт йогуш яра. Бевдда кIелхьарабевлла Теркаца йолчу нохчийн ярташка, шайн гергарнаш бол-болчу дIасабевллера юьртахой. Назиров Анзор шен къоначу хIусамненаца Бесихьатца, Хьалха-МартантIе кхечира, шайн бевза-безарш болчу. Шен доьзал стамбала боьлча, Iер-вахаран меттиг а тайча, цигахь висира иза. Анзоран йоккхах йолчу йоьIан цIе Азман яра.

1923-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 24-чу дийнахь шолгIа йоI дуьнен чу йолу Анзоран доьзалехь. Цунна, Балкан олий, цIе а туьллу. Дерриге а диъ бер дара Анзоран – кхо йоI, цхьа кIант. Царна юкъахь, массарел хьоме яра Балкан. Жимачохь дуьйна хьекъалца а, хьуьнаршца а къаьсташ яра иза. Цу хенахь вайнахана юкъахь даьржина дацара мехкарша дешар. Делахь а, Советийн Iедалан кхайкхамашна дог резадина тIевирзинчу Анзора шен йоI Балкан школе деша яхийтина, ворхI класс чекх яккхийтира.

1936–1938-чуй шерашкахь Балкана хьехархочун болх бо ликбезехь. ТIахьуо, юккъерчу школехь пионервожатин болх а бо йоIа, цул тIаьхьа Хьалха-МартантIехь схьайиллинчу берийн бешан куьйгалле а хIоттайо. Массанхьа дика ларош схьайогIу иза. Бакъду, балха тIехь кхиамаш баьхча тоам беш яцара Балкан. Цунна чIогIа езаеллера парашютни спорт. Дикка кара а йирзинера цунна парашют. Иштта, Балкан чехка йодуш а хилла. Цу хенахь чIогIа яьржина хилла вайн махкахь вадарехула йолу спортан секцеш. Ткъа Балкан жигархо хилла цу тIехь.

Цундела башха тамаша а ца бо вай, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу Нохч-ГIалгIайн республикин кроссехь Балкана хьалхара меттиг яккхарх.

Балканна доккха беркат делира оцу кроссах. Хьалхара меттиг яккхарна совгIатана куьйга хьовзо чарх елира цунна. Оцу муьрехь иза хьен-хьеннан а эца аьтто бацара. Ткъа кхо зудабер чохь долчу НазировгIарна боккха кхаъ бара иза. Вайнехан гIиллакхашца, бIешерийн кIоргенера таханене кхаччалц, мехала лоруш ду зудабер махабаккха хууш хилар. Балканах-м цIарна цIеяххана бедарштегархо хилира. Цуьнгахь и говзалла гучуяьлча, йоIана Iедало тIедожадо бедарштегаран артель схьаеллар. Нохчийн кхечу мехкаршна а белхан меттигаш хилийта дагахь юьхьарлаьцна гIуллакх дара иза. Амма вуьрхIитта шо кхачаза йолу йоI ца яьхьара и деза дукъ шена тIелаца.

Даима а санна, дас гIо-накъосталла дира. Анзор даима а вара шен йоIана уллехь. Фаэтонна хьалха а хуий, мичча хенахь а, яхаян езаче Балкан юьгура цо. Цу дийнахь а, Балкан дог доьхна, Комсомолан Нохч-ГIалгIайн обкомера арайолуш гича, Анзора, даима санна, сатедира шен йоьIан: «Шек ма яла хьо, дерриге а Делан йозанца ду хьуна», – аьлла.

Балкана Хьалха-МартантIехь бедарштегаран артель вовшахтуьйхира. Цунах самукъадаьллачу цо керла байташ язйира. Школехь доьшуш йолуш дуьйна яра иза байташ язъеш. Уьш кIоштан а, республикин а газетийн агIонаш тIехь зорбане а юьйлура.

Делахь а, шуьйрачу гонашна Балкан йовзийтинарг цуьнан кхин хьуьнар дара. Балкан дукха хаза пондар а, эшарш а локхуш яра. Радиочухула кест-кестта хезара Балкана, тIаьхьара пондар балош, дIалокху эшарш.

Йиш схьахазийтале, радиочухула артистан цIе, фамили йоккхура. Бакъду, Балкана шена псевдоним эцнера, дукхавезачу ден цIе хьалха йоккхуш. ЙоIах Анзоран Балкан олура. ТIахьуо, иштта фамили а дIаяхара цуьнан.

1939-чу шарахь Анзорова Балканан къеггина хьуьнарш а, хьанал къинхьегам а тидаме эцна, «Знак почета» орденца совгIат до.

1940-чу шарахь нохчийн зударшлахь дуьххьара СССР-н Яздархойн союзе тIеэцнарг а Балкан яра. Хаза зама яра иза цуьнан дахарехь. Дукхах болу нохчий санна, иза а тешнера, Советийн Iедалх. Амма дукха хан ялале, нохчашна а, нохчий боцучарна а Iедало хаийтира шех мел тешам хила мегар ду.

ДIабоьдуш бара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Нохчийчуьра дукха къонахий мостагIчунна дуьхьал майра леташ бара. Мукъа Iаш цIахь бисинарш а бацара. Фронтан дуьхьа хьанал къахьоьгуш вара жима а, воккха а. Цу белхашна юьстахлаьтташ яцара Анзорова Балкана куьйгалла ден артель а. ТIемалошна дIаяхьийта тIергIа пазаташ юцуш, пхьуьйшашдоцурш тоьгуш, тасабелла бохкуш бара белхахой. Амма дерриге дайра, хIорда чу кхоьссина цун кана санна.

Къизаллица цIевзина схьакхечира 1944 шеран чиллин (февраль)беттан 23-гIа де. Махках даьккхира дерриге а нохчийн халкъ. Алма-Атана гена йоццучу Тостак юьрта кхечира Балкан, шен йиша-вешица. Массеран санна, кхеран а дийзира хало, харцо, шело, гIело лан. Оцу инзаречу зерех чекхйолуш, цхьанна а ша йоьхна-м ца гайтира цо. Оьрсийн мотт дика хууш хиларе терра, иза ларайора хьаьнцца къамел дан а, шена оьшург схьаэца а.

Кхин цхьа беркат а дара мискачу адамашна Балканера схьадолуш, махках йоккхуш иза ларийнера, ша цIахь пайдаоьцуш хилла, Хьалха-МартантIерчу бедарштегаран артелан мухIар (печать) схьаэца. Казахстанехь нохчийн халкъ къизачу Iазапехь дара, дехьа-сехьа дала йиш йоцуш, карахь документаш доцуш я уьш хила меттиг йоцуш. Шегара мухIар тIетухий, хьанна а справка лора Балкана, цо боххург тIеяздой. ТIе сурт латийчахьана и кехатан цуьрг мегаш хуьлура, документ хуьлий чекхдолура. ГIаддайна хьийзачу стагана цунах боккха аьтто хуьлура.

Мел боккхачу балано йийсаре лацарх, де доьхна, бохамо хьовзорах, йохьах вухуш Iедал дац вайнехан стеган. Иза къоман амал хилар гойту, махках баьхна дукха хан ялале нохчий шайн ловзарш, синкъерамаш беш дIабуьйлабаларо. Иза ю бакъйолу синъондалла. Дукха хьолахь, и санна болчу синкъерамашкахь пондар локхуш хуьлура Балкан.

Ишттачу цхьана синкъерамехь вевзира цунна, тIаьхьо шен берийн да хинволу Дадаев Iела а. Ма-дарра дийцича иза, Iела могаш-маьрша тIамера цIакхаьчна аьлла бина синкъерам бара. Цу заманан турпалхо вара иза. Некхан у серладаьккхинера орденаша а, мидалша а. Цу тIе эпсаран чинехь вара – лакхара лейтенант. Цундела бинера цуьнан хьурматана, иштта, оцу кIоштахь цIарна цIеяххана евзаш йолу пондарча кхайкхина синкъерам.

1946-чу шарахь Анзорова Балкан, нускал хилла, Дадаев Iелин хIусамехь кирхьанна тIехьа хIоьттира. ВорхI бер хилира церан ирсечу доьзалехь. Бакъду, Балканан дуьххьарлера кIант Iаламат йоца оьмар ехна веана хиллера кху малх кхетачу дуьненчу. Доьзалхочух ялар Iовша а дийзира цуьнан.

Муьлххачу нанна Iаламат хала ду шен доьзалхочух къастар. Атта ца ловра и бохам Балкана а. Делахь а, шех цхьанна а бала ца бира, церга балда лаьцна, лайра цо и къиза зер а. Делан къинхетамца, ша могаш-маьрша хьалакхиийначу вукху ялх берана, нохчийн ненан ерриге а аьхналла дIаелира цо.

Юккъера школа чекхъяьккхича, лаккхарчу дешаран кхерчашка деша бахийтира, белхашка дIанисбира. Шен берийн Iуналла дина Iаш яцара Балкан. Шен цхьаъ бен воцу ваша могаш воцуш хилча, цуьнан кегий доьзалш шеца Казахстанера цIа балийна, шен кертахь хене бехира, юург-мерг ца эшош. Казахстанера цIа дерзале Балкан балха яхара Алма-Атахь вовшахтоьхначу нохчийн къоман хелхаран а, эшарийн а ансамбле.

1955-чу шарахь дуьйна махках баьхначу вайн махкахошна кест-кестта хеза радиочухула нохчийн иллеш а, эшарш а. Димин Iумарца, Айдамирова Маремца, Шамилева Жансарица оцу концерташкахь дакъалаьцначарех ю иза, ша яьхна эшарш дIа а локхуш. Дог-ойла гIаттош, дахаре болу безам чIагIбеш, мел гIайгIане воьжначун а самукъадоккхуш, екара цуьнан эшарш.

Казахстанера вайнах цIа бирзичахьана Соьлжа-ГIалахь, Калининан цIарахчу поселкехь Iаш-ехаш яра Б.Анзорова. Амма миччахь Iерах а, къаьхьачу кхолламо мел холчу хIитторах а поэзица долу гергарло гIеллуш дацара цуьнан. Цо яздора Даймахках, Iаламах, безамах, ненах. Нохч-ГIалгIайн Республикехь зорбане дийлинчу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь кест-кестта хуьлура цуьнан байташ. Уьш цIеначу нохчийн маттахь язйина, дешархойн сих хьакхалуш, дикане кхойкхуш, нохчийн къоман сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш хуьлура.

ТIаьхьо Балканан байтийн гуларш зорбане йийла юьйлаелира. Уьш хьалха а яра юкъарчу гуларшкахь зорбане йийлина. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь зорбане яьллачу «Вайн иллеш» цIе йолчу нохчийн поэтийн гуларехь а яра Балканан стихаш. Цуьнан дуьххьарлера «Хьалхара седа» цIе йолу гулар араелира 1975-чу шарахь. Цул тIаьхьа зорбане елира стихийн кхин ши гулар: «ЦIеначу даггара», «Сатийсаман тIемаш». «Нохч-ГIалгIайн поэзин антологи» юкъахь а ю Анзорова Балканан стихаш.

Нохчийн литература евзаш а, езаш а болчу говзанчаша цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадош хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Вайн къоман культура а, литература а кхиорехь жигара дакъалаьцначарех ю Балкан. Поэтессин экамечу синан доза доцу комаьршалла хаало цо язбинчу хIора могIанехь. Иза вайн дуьхьа яьхна. Цо хьанал къахьегна тIаьхьарчу тIаьхьенийн дуьхьа. Цундела цуьнан васт цкъа а дIадер дац махкахойн иэсера. Уллера евзаш хиллачеран иэсехь иштта йисина иза: цIулла сара санна юткъа, лекха, хаза, кIайчу аматехь юьхь-сибат, горгачу юьхьа тIехь, хьийзина кIужалш, Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам, тIеюьйхина Iаьржачу тIаьрсиган еха пальто, «кожанка» олура цунах, хаьнтIехь тапча.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн лехамашна жоп луш долу васт. Делахь а, махкахошна-м хаьара, мел стоммачу тIаьрсигах йина пальто елахь а, оьздачу йоьIан кийрахь детталуш дерг нохчичун яхь йолу дог дуйла. Шен дерриге а дахарехула оцу йохьах ца юхуш чекхъелира Анзорова Балкан. 75 шарахь ехира иза.

1997-чу шеран чиллин (февраль) беттан цхьайтталгIачу дийнахь сецира нохчийн поэтессин экаме дог.

А.ГАЗИЕВА

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Анзорова Балкан йина 95 шо кхачарна лерина” йаздарна бухахь

  1. Мехала йозанаш вовшахтохарна Газиева Азина баркалла ала лаьа!

  2. Анзорова Балкана язйинчу байташна юкъара:

    Адамаш кхоьллина
    Беркат, ирс дебо,
    Вайна т1ом оьшуш бац
    Генахь я юххехь —
    Т1амо во1 ца вина,
    Во1 вийна цо!

    Герз лелхаш ма гойла.
    Мохк багош ма гойла.
    Ма гойла бер доьлхуш,
    Ненах а хьоьгуш.
    Герз лелха лууриг —
    Герзаша цоьстийла!
    Мохк баго лууриг —
    Цу ц1ергахь вогийла!

    («Сатийсамийн т1емаш», 1988-г1а шо)

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: