Пенсин система хийцаран хьокъехь долу закон Пачхьалкхан Думехь I-чу ешарх чекхдаьлла

Иза тIеэцаран хьокъехь болчу сацаман проектан «лардана» кхаж тосучу хенахь реза хилира 327 депутат, дуьхьал – 102, цхьаъ куьг ца ойбуш Iийра.

Цул тIаьхьа, законопроект тIеэцаран хьокъехь болчу сацамна оппозицин векалша кховдийначу тIетохаршка хьевсира депутаташ. Оцу тIетохарех цхьамма юкъалоцура законопроектехула референдум вовшахтохар, шолгIачо – парламентан ладогIарш дIадахьар. И тIетохарш юхатуьйхира, цул тIаьхьа юкъара (лардана а доцуш, дийнна законна) кхаж тосуш 328 депутата тIеийцира законан проект, 104 – дуьхьал хилира, куьг ца ойбуш цхьа а ца висира.

Законопроектан концепцига хьажар бен юкъа ца догIу хьалхарчу ешарна. Концепци тIечIагIйинчул тIаьхьа, кхидIа шуьйра дийцаре дийр ду дIадолор, законан проект тIеюзарехула долу хетарш вовшах а тоьхна, шолгIачу ешарна долу тIетохарш санна дIаяздийр ду. Пачхьалкхан Думо и законопроект кхидIа йийцаре ярна билгалбаьккхина мур шина баттал алсам бу, кхийолчу проектийн санна 30 де а доцуш.

«ХIара законопроект хьалхарчу ешарехь тIеэцначул тIаьхьа, Россин Федерацин ерриге а субъекташка дIасайохьуьйтур ю вай, иза йийцаре ярна билгалйоккху хан леррина алсам а яьккхина, ерриге а субъекташ шайна хетарг ала кхиийтархьама», – аьлла, сацамна билгалдаьхна долу тIетохарш юхатохаран бахьанах гулбелларш кхетийра Пачхьалкхан Думин спикера Володин Вячеслава.

Цо хаам бира законопроект хьалхарчу ешарехь тIеэцале, Пачхьалкхан Думе официальни кепехь шайна хетарг даийтинарг Россин Федерацин 85 субъектах 60 субъект хиларх а, цу хьокъехь «йистхилларг» (официальни кепехь а доцуш) ерриге а 79 субъект хиларх а лаьцна.

В.Володина дийцарехь, законодательни дуккха а гуламаш асаран (июнь) беттан юккъехь отпуске а бахана, законопроектан хьокъехь шайна хетарг ала йиш а йоцуш бисина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: