Пенсионни системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь цкъа ешна чекхъяьлла, ткъа кхидIа цу тIехь бен болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу. Иштта хаам бина политолога Федорова Аннас.
Демократин фондан вице-президент йолчу Федорова Аннина хетарехь, «оцу законопроекта тIехь хIинца беш болу болх а, хийцамаш а коьрта бу».
«Хууш ма-хиллара, Пачхьалкхан Думехь цкъа ешна чекхъяьлла пенсионни системехь хийцамаш баран хьокъехь йолу законопроект. Делахь а, вай кхета дезаш ду оцу хиламо «хIумма а дIадерзийна цахиларх», хIунда аьлча, цо «мел дерг дIадолийна». Оцу законопроекта тIехь кхидIа бен болу болх Россин субъекташа бовзийтинчу хийцамашца а, говзанчашца а, юкъараллица а дечу «къамелаца» а боьзна хир бу», – билгалдаьккхина цо.
Политолог тешна ю оцу законопроектан чаккхенан кеп хIотторан декъехь дуккха а болх бийриг хиларх, хIунда аьлча, Россин Пачхьалкхан Думо, хIинццалц 30 де бен луш ца хиллехь а, хIинца товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де кхаччалц хан елла Россин субъекташна а, говзанчашна а, юкъараллина а цуьнан хьокъехь долу шайн хетарш довзийта.
«Пенсионни системехь бан леринчу хийцамашца боьзначу хаамех пайдаоьцучарна хIинца уггаре а «дика» мур бу тIекхаьчнарг – товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де тIекхаччалц оцу хийцамех а, церан хьокъехь йолчу законопроектах а лаьцна массара а, массанхьа а дуйцуш хир ду», – аьлла, хаам бина Федорова Аннас.
И.ИСЛАМОВ