Россехь уггаре а лекха базалг – Соьлжа-ГIалахь

600-_elkaR.ru_default-pic510-510x340-63328

Керлачу шеран хаза базалг д1ах1оттийна лекхачу «Грозный-Сити» ц1енойн комплексан скверехь. Цигахь хир ду Керлачу шеран даздарш.

Соьлжа-Г1алин мэран заместитела Устраханов Вахас дийцарехь, Керлачу шеран базалг 51 метр гергга лекха ю, конструкци 94 тонна еза ю.

«Иза кечъярехь пайдаэцна тайп-тайпанчу  ловзочу 4000 х1уманех а, серлонадиодни кочарех а, церан юкъара йохалла 4 километр ю», – дуьйцу В.Устрахановс.

«Сиверана юххера меттиг иштта хаза кечйина серлонан кочаршца а, иллюминацица а, иза кийча ю Керлачу шеран деношкахь кхузахь хир долчу даздаршна а, самукъадаккхарна а, концерташна а», – т1етуьйхира цо.

Елкина юххехь Керлачу шеран даздарш д1ахьош ду 25-чу декабрехь дуьйна. 10-г1а январь кхаччалц, хир ду уьш.

Кхузахь гайта билгалйина тематически сценаш а, аттракционаш а, кхоллараллин коллективийн концерташ а, самукъадаккхаран кхидолу г1уллакхаш а. Ткъа 31-чу декабран буьйсанна республикин коьртачу базалгина  хьалха дезачу дийнан йоккха концерт а, ткъа  иштта хаза шатлакх а хир ю», – боху Устраханов Вахас.

Соьлжа-Г1алара Керлачу шеран базалг д1ах1оттийра шийтта говзанчас. Цара базалг д1ах1отторан болх сихха чекхбаккхархьама шина к1ирнах шина сменехь болх бира, хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон пресс-службо.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: