Чинерчу компаница цхьаьна гIирсаш арахеца дагахь ду

Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министр Масаев Ризван цхьаьнакхийтира Чинерчу «YUCHAI MACHINERY CO» йоккхачу компанин векалшца.

Ницкъан энерги электричестве ерзо (кхидIа – генератор) а, хIума йолайолуьйту (кхидIа – двигатель) а гIирсаш а, луьттургаш а, тIаьхьалонан дакъош а деш ю билгалъяьккхина компани.

Нохчийн Республикин промышленностан министерствехь хаам ма-барра, Чинера предприяти Нохчийн Республикица цхьаьна, «Теплостройпроект-С» ООО-н заводехь, кеманан а, автомобилийн а, генераторийн а двигательш арахеца лууш ю. Бензинан а, дизелан а двигательш «YUCHAI» компанис Евро-6 кепаца нийса а догIуш арахоьцу.

Нохчийчуьрчу предприятин белхахоша кхечу махкара баьхкинчу хьешашна заводан болх бовзийтира. Жимма тIаьхьо, белхан цхьаьнакхетаран гурашкахь дийцаре дира керлачу технологешца дизелан а, газан-поршнийн а генераторш а, иштта, махкал арахьарчу двигателийн буха тIехь когенерацин а, тригенерацин а дIахIоттамаш (установки) а арахецарехь цхьаьнагIуллакхашдаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Кхиа тарлуш кхин цхьа дакъа ду – инженерин гIирсаш а, леррина машенаш а яр. Таханлерчу дийнахь «YUCHAI» компанин векалш двигательшца кхачоярехула а, цхьаьнагIуллакхашдарехула а шайна хетарг кечдеш бу, иза республикин куьйгалле кховдорхьама.

«YUCHAI MACHINERY CO» компани 1951-чу шарахь йиллина а, двигательш, генераторш, луьттургаш ечу яккхийчу компанешна юкъахь дуьненахь 17-гIа меттиг дIалоцуш а ю. Кхиамечу технологех пайда а оьцуш, «YUCHAI» предприятис иштта арахоьцу мехкадаьттан-газан а, инженерин а гIирсаш а, леррина машенаш а. Компанин векалаллаш дуьненан 45 махкахь ю.

ТIеман компанешкахь, ерриге а промышленность хIаллакьхиллачул тIаьхьа, шо-шаре мел долу а тайп-тайпанчу сурсатийн производство йолош, экономика меттахIоттош йолчу Нохчийн Республикина мехала ду цу кепарчу компанешца цхьаьнагIуллакхашдар, дуьненахь цIеяхханчу предприятешца зIенаш хилар.

А.СУЛИМАНОВА

№57, шинара, мангалан (июль) беттан 31-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: