Соьлжа-ГIалин думин рогIера йоцу кхеташо хилира вайн коьртачу шахьаран мэрехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Соьлжа-ГIалин гIалин думин Председатель Хизриев Заур, ткъа иштта, республикин министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой, гIалин думин депутаташ.
Дийцаре дан юкъадиллинарг деккъа цхьа гIуллакх дара: Соьлжа-ГIалин мэр харжар.
Харжамаш бар дIадаьхьира пачхьенан Уставаца нийса а догIуш. Кхаж тасарехь дакъалоцуш вара гIалин думин массо а депутат – 27 ву уьш. Кхаж тасар дIадоладале хьалха депутаташа хаийтира кхаж тасар, даррехь, цхьа а хьулам боцуш, шайна дIадахьа лууш хилар. И лаам къобалбира. Цул хьалха конкурсан комиссис Соьлжа-ГIалин мэран дарже кандидаташ Закриев ИбрахIим а, Асаков Махьмуд-Хьасан а лара сацам бинера.
ДIадаьхьира даррехь кхаж тасар. Депутатех 23-мма шайн кхаьжнаш И.Закриевгахьа дIаделира, М-Хь.Асаковгахьа кхаж тесира 4 депутата. Цу тайппана Соьлжа-ГIалин керла мэр хаьржира Закриев ИбрахIим.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза декъалвира лаккхарчу дарже харжарца.
«Закриев ИбрахIим белхан доккха зеделларг долуш ву. Иза Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацехь, Правительствехь, финансийн министерствехь жоьпаллин даржашкахь белхаш бина ву. Оцу даржашкахь волуш цо ша воккха говзанча, жоьпаллин белхахо хилар гайтина, шена тIедиллина муьлхха а декхар сиха а, дика а кхочушдарца. Суна хетарехь, цуьнан ницкъ кхочур бу гIалин Iедалан ерриге а органийн болх гIалина а, цуьнан бахамна а, соьлжагIалахошна а пайдехь долчу хорша берзийна дIабахьа», – элира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Соьлжа-ГIала Нохчийчоьнан юьхь хилар. Кхузахь дуьненан тIегIанара цхьаьнакхетарш а, форумаш а дIахьо. Регионан пачхьене туристаш баьхкина ца Iа, церан Нохчийчоьне долу хьашт шо-шаре даларца кхуьуш а ду. Кхуза богIу цIеяххана болу Iилманчаш, Iилманан а,
политикин а, культурин а гIуллакххой. Оцу дерригено а, Р.Кадыровна хетарехь, лоьху Iедало гIала кхиоран гIуллакхашна тIехь хаддаза тидам латтор.
Кадыров Рамзана республикин бахархошка дехар дира кхечеран къинхьегаман хама бахьара, урамашкахь йолу цIано а, къепе а ларъяхьара, паркашкахь а, скверашкахь а оьзда лелахьара аьлла.
Цо иштта кхайкхам бира юкъараллин культурин тIегIа лакхадаккхахьара, кегий долуш дуьйна берашна оьзда, гIиллакхе, кIеда-мерза хила Iамадахьара бохуш.
«Дуьненахь а уггаре а цIеначу, бегIийлачу, аьхначу гIалех цхьаъ йина дIахIотто еза вай Соьлжа-ГIала. Бахархоша гIолоцуш ца хилча вай оцу декхарца ларор дац. Цундела, керлачу мэра уггаре а хьалха Соьлжа-ГIала кечъян еза юбилей язъярна. Цул тIаьхьа дебо беза гIала кхиорехь болу вайн кхиамаш», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Соьлжа-ГIалин мэра И.Закриевс кхеташонан дакъалацархошна баркалла элира шена боккха тешам баларна. Цо дош делира Нохчийчоьнан пачхьенан зовкх лакхадаккхарна, цуьнан бахархошна а, хьешашна а бегIийла хьелаш кхолларна шен берриге а ницкъаш тIебахийта.
Д.АНАДЕВ
№57, шинара, мангалан (июль) беттан 31-гIа де, 2018 шо