Муха тIекхетар ю пенсе вахаран хан?

Бахархой пенсе бахаран хан тIекхетар 2019-2028-чуй шерашкахь божаршна а, 2019-2034-чуй шерашкахь зудашна а лерина хиларан хьокъехь хаам бо Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин пресс-службо. Цуьнца нийса а догIуш, божарий пенсе бахаран хенан юкъан мур 10 шаре болу, ткъа «зударийн» мур – 16 шаре.

Россин Федерацин бахархой пенсе бахаран хан тIетохар, уггаре а хьалха, 1959-чу шарерчу божарех а, 1964-чу шарерчу зударех а хьакхалур ду. Оцу шарахьлера бахархой, юкъан муьран лехамашца а догIуш, 2020-чу шарахь пенсе гIур бу – божарий 61 шо долуш а, зударий 56 шо долуш а.

Кхузахь дагадаийта догIу лакхахь хьахийна болу хийцамаш Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни гIаролан а министерствос кеч а йина, Россин Федерацин Правительствос Россин Федерацин Пачхьалкхан Думе кховдийна а, Пачхьалкхан Думо къобалйинчу а федеральни законан проектаца богIуш хилар. Иза «Пенси хIотторан а, дIадаларан а хьокъехь йолчу Россин Федерацин законодательни цхьайолчу акташна юкъахь хийцамаш баран хьокъехь» йолу законопроект санна евзаш ю россихошна.

Оцу законопроектан гIоьнца Россин куьйгалалла лерина ду бахархой пенсе бахаран лакхаяккха: хIинццацл 60 шо кхаьчча пенсе воьдуш волу боьрша стаг 65 шо кхаьчча пенсе вахийтар а, 55 шо кхаьчча пенсе йоьдуш йолу зуда – 63 шо кхаьчча.

Нагахь санна и законопроект Россин Федерацин Президента къобалъяхь, хийцамаш дIаболо лерина 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

И.ИСЛАМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: