Кадыров Рамзан: «Журналисташ я бусалбанаша а, я керстанаша а ца байъина… зуламхоша байъина»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Telegram чохь йолчу шен каналехь дIахьедина ЦАР-хь (Африкин Юккъера Республика) Россерчу журналисташна герзаш диттинарш «я бусалба а, я керста а бац, уьш уголовникаш, талорхой, зуламхой бу», – аьлла.

«Африкин Юккъерчу Республикехь вийна журналист Джемаль Орхан, оператор Радченко Кирилл, режиссер Росторгуев Александр. Шуьйрачу хаамийн цхьаболчу гIирсаша яздо, хетарехь, журналисташ гIаттамхойн «Селена» организацис байъина, – аьлла. Юха цун- на «бусалба» билгалдош тIетуху! Журналисташ я бусалбанаша а, я керстанаша а ца байъина, уьш уголовникаша, бандиташа, зуламхоша байъина, уьш муьлхачу организацина, ведомствона юкъабоьлхуш бу бохучух доьзна а доцуш», – билгалдоккху Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана даггара кадам бина кхелхинчеран доьзалшка. ДIахаийтина зуламхошна луьра таIзар дийриг хиларх а, и дайтархьама, Россин бакъонашларъяран ведомствоша а, МИД-о дан дезарг дерриге а дийриг хиларх а ша тешна хилар.

Регионан Куьйгалхочо, иштта, билгалдаьккхира Россин журналисташ ЦАР-е бахар вовшахтоьхначаьрга а жоп деха дезаш хилар.

«Командировка хьакъ ма-дду кечйина а ца хилла, церан карахь хьокъала доллу документаш а ца хилла, ЦАР-хь йолчу вайн векалалле хаам бина а ца хилла бохуш хаам бу. Нагахь санна уьш туристийн визитца ЦАР-е дIахьовсор бакъ делахь, луьра лехам бан беза и гIуллакх вовшахтоьхначуьнга, церан дахар баккъал а болчу кхерамна кIел тасарна», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Цо массарна а дагадаийтира: «США-хь жимачу стага школина герз диттича, дешархой а, хьехархой а цо байъича, цхьаммо а ца хьахадо иза муьлххачу динехь хилла бохург… Джемаль Орхан а вара бусалба, исламан цIеяхханчу гIуллакххочун Джемаль Гайдаран кIант. Цуьнан ши накъост, хетарехь, керста хилла. Амма уьш байъина. Уьш байъинарш цкъачунна паргIатонехь бу. Ас юха а боху: царна таIзар дан деза. Гуттар а дика хир ду тIеман хенан законашца таIзар дича! Луьра! Дика хир ду церан куьйгаш тIера Джемалан, Радченкон, Росторгуевн цIий дакъадалале иза дича!», – дерзадо Кадыров Рамзана.

Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.

Д.АНАДЕВ

№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: