Хаза кхаъ бу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекин фонд тIеюьзна хилар. Библиотекин директора Исраилова Сацитас дийцарехь, книгийн фонд 15 эзар книгина тIеюьзна. Библиотекин куьйгаллина хазахетта ца Iаш, цунах ешархошна а кхаъ хилла.
Библиотеке схьакхаьчначу книгашна юкъахь – исбаьхьаллин а, историн а литература ю. Билгалдаккха деза царах дукхах йолу книгаш А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан Юкъараллин фондан гIоьнца эцна хилар.
Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира библиотекин книгийн фонд тIеюзар культурин министерствон коьртачу Iалошонех цхьаъ хилар.
– ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь Къоман библиотеке йохьуш хиллачу книгийн бараме хьаьжча, хIинца еанарш къаьсттина дукха ю. Вайн республикин кIоштийн библиотекашна а хIокху книгех дакъа кхочуьйтур ду. Библиотекин ешархошна еша маьIне, мехала книгаш хилийта хьовсу тхо даима. Тхо тешна ду хIинца Къоман библиотеке кхаьчначу книгех а ешархоша пайдаоьцург хиларх, – бохура Дааев Хож-Баудис.
Библиотекин фонд тIеюзарх лаьцна Исраилова Сацитас иштта элира: – Библиотеке керла книгаш моссаза кхочу а самукъадолу тхан а, ешархойн а. Хууш ма-хиллара, тIеман хенахь къоман библиотекин книгийн фондера дуккха а мехала книгаш тIепаза яйра. КIезиг хан ма ца оьшу книгийн фонд меттахIотто а, тIеюза а. ХIокху баттахь 15 эзар книга кхаьчна кхуза. Ешархойн таро хир ю керла книгаш йовза а, уьш еша а. Суна баркалла ала лаьа книгийн фонд тIеюзарехь гIо-накъосталла мел диначарна. Оцу книгашна юкъахь исбаьхьаллин литература хилла ца Iа. Иштта, Iилманан литература а ю.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Дааев Хож-Бауди а, Исраилова Сацита а
№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо