ХIинжа-ГIалахь (Дагестан) дукха хан йоццуш дIаяьхьира греко-римски охьатохархлатарехула СКФО-хь хьалхе яккхаран кегийрхойн чемпионат.
Къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан регионашкара спортсменаш. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара ДЮСШ-ра, РДЮСШ-ра ШВСМ-ра кхиазхой.
Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевллачу толамхоша юкъахь бара вайн спортсменаш: Бекаев Сулим (63 кг.), Ахсултанов Ирисхан (63 кг.), Векиев Адам (67 кг.), Муцаев Iумар (72 кг.), Димаев Шамхан (72 кг.), Гулаев Iумар (77 кг.), Мусаев Сайд-Мохьмад (77 кг.), Курбанов Сидекъ (82 кг.), Бибулатов Сайд-Селим (82 кг.), Мусаев Ахьмад (97 кг.), Акаев Лом-Iела (I30 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна болу тренерш: Х-Р. Эскерханов, М.Бешаев, С.Вегиев, М.Амаев, Б.Тулаев, С.Исаев, А.Магомадов, П.Умаров.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, ахчанан совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо