Нохчийн мохк кхуьуш, хазлуш хиларна бIаьрла тоьшалла ду республике денна туристийн тобанаш схьаоьхуш хилар. 2018-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Нохчийчу баьхкинчу туристийн барам 72 эзар стагал алсамбаьлла.
Соьлжа-ГIаларчу исбаьхьачу а, дагалецамечу а меттигашка бIаьргтоьхначул тIаьхьа, туристашна сихха лаьмнашца йолчу меттигашка кхача лаьа. Туристашна юкъахь Нохчийчохь уггаре а гIараевлла меттигаш – Органан чIож, Къоьзан Iам. Оцу шина меттиге а ца кхочуш, вайн махкара дIаваха цхьанна а ца лаьа.
Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан пресс-службо бинчу хаамашца, дIадаханчу шарахь оццу муьрехь Нохчийчу баьхкинчу турстийн барам 48 эзар стаг бен бацара.
«Аьхкенан муьрехь хIора а мукъа дийнахь республике 300 сов турист вогIу. Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а, зезагийн парк а, кхийолу дуккха а дагалецамечу меттигашка хьовсу уьш шаьш схьакхачарца. Цул тIаьхьа, кхин хан а ца йойуш, лаьмнашка дIагIерта», – яздо ведомствон векалша.
Комитетехь берш тешна бу турстийн барам кхин а лакхабериг хиларх. Хьал иштта хилийтаран дуьхьа республикин куьйгаллин векалша вовшахтухуш дуккха а гIуллакхаш ду.
Иштта, туристийн бизнес кхиорехь Дерригдуьненан а, Ерригроссин а йолчу форумашкахь, гайтамашкахь жигара дакъа а лоцу вайн регионерчу туризман векалша.
Хь.БАХТАЕВА
№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо