Эхашеран жамIаш довзийтира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташца пресс-конференци дIаяьхьира. Иза лерина яра Республикин Прокуратуро 2018-чу шеран хьалхьарчу эхашарахь бинчу белхан жамIаш довзийтарна. Тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш делира Ш.Абдул-Кадыровс.

Цо билгалдаккхарехь, 2018-чу шарахь, федеральни законодательствон талхораш дIадахаран Iалашонца, прокуратурин органаша 38 эзар сацам тIеэцна. Прокуратурин белхахоша бина болх бахьанехь, пачхьалкхана а, бахархошна а догIуш долу 26 миллион сов сом юхадерзийна.

Иштта цо хаийтира зуламийн барам 28,2 процентана лахбелла хилар. Иза бакъонашларъяран а, прокуратурин а органаша бертахь болх бар бахьанехь ду аьлла хета Абдул-Кадыров Шарпуддина.

Цул сов, берашна дуьхьал дечу зуламийн барам а лахбелла 32 процентана.

Нохчийн Республикин Прокурора шен къамелехь, иштта, дийцира республикехь дIаязйина а йолуш, ахчанаш шайн чоьташкахула «чекхдахарца» болх беш йолу «цхьаьнадийнан» 67 фирма дIакъовлийтина хиларх лаьцна. Царна дуьхьал 49 уголовни гIуллакх дIадолийна хилар а билгалдаьккхира цо.

Къаьсттина тидам тIебахийтина бакъо а йоцуш наркотикаш а, герз а лелорца доьзна долу зуламаш гучудахарна.

Иштта, пресс-конференцехь Нохчийн Республикин Прокурора дийцира вайн махкарчу некъаш тIехь нислучу бохамех лаьцна.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана коьрта тидам тIебохуьйтуш хилар а, меттигерчу Iедалша а, Iеламнаха а кхетош-кхиоран белхаш дIабахьар бахьана а долуш, нах кхелхаш хуьлуш болу некъан бохамаш 62,5 процентана лахбелла», – элира цо.

Тидамза ца дуьту Прокурора пенсионерийн а, пачхьалкхера гIо-накъосталла оьшучеран а гIуллакхаш: 2018-чу шарахь прокуратурин органийн белхахоша 3 613 эзар стаг тIеэцна, республикин Прокурора – 204 стаг.

А.АЛИЕВ

№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: