Нохчийн зуда… Собаран гIап. Доьналлин гIайре. ГIиллакхийн хазна. Иллешкахь дайша хестийначу оьздангаллин шовда. Доккхачу дуьненахь йовзаза йисина исбаьхьа маьIиг. И дерриге а тамехь дустарш шена дало хьакъдолуш ю муьлхха а нохчийн зуда. Цкъа мацах шен хIусамда цIаваре хьоьжуш, 50 шарахь кхерчара цIе ца йойъуш, Iийна боху иза.

1819-чу шеран гуьйранна Дадин-Юьртана доьхна деанчу дийнахь мостагIаша кхолха го лаьцна юьртахой хIаллакбан болийча, къонахийн дог-ойла ир-кара хIотто, буьрсачу тIамехь церан каялийта, и аре Iадош, чари тIехь вота хьайина, тIам тесна хелхарна ког шаршийра боху цо.
1919-чу шарахь Iалхан-Юьрта инарла Деникинан салтий чухахкабелча, божаршка терра тIом бина цигарчу мехкарша.
1944-чу шарахь Сталинан чалтачаша вайнах махках баьхначу муьрехь, обаргех хаьдда ша цхьаъ йисинчу Зумсарчу Жовтханан йоIа Маймсата баттахь гергга тIом бина НКВД-н йовсаршца шен декъазчу махкахойн чIир оьцуш.
Дуккха а ду и тайпа масалш нохчийн зударех дало. Цаьргара доьналла, церан хьуьнарш ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь ган таро хилира вайн. Бакъдерг ма-дарра билгалдаккха догIу: къинхетамза тIамо Iовжийначу Нохчийчохь напха латтийнарг вайн зударий бара. Ткъа мел яккхий халонаш лайра цара лазийнарг больнице вадош, велларг дIаверзош, тIепаза вайнарг схьалохуш. Цара тергал ца йора шело, гIело, олалле йирзина харцо. Юкъ йихкина, шайн доьзалш хене баха гечонаш лоьхура нохчийн зударша. Мел еха буьйса цкъа мацца а чекхйолий хууш, маьлхан зIаьнаршца доьхна дегнаш хьостуш.
Муьлххачу челакхчу замано санна, вайн махкахула чекхлилхинчу тIемаша дуьне цецдоккхуш керла турпалхой бевлира нохчийн зударшна юкъахь. Царах цхьаъ ю вайн мехкан нана Кадырова Аймани.
Махкахь а эзар шарахь цкъа бен ца волу къонах боццачу муьрехь шиъ ваьлла цуьнан оьздачу кхерчара. Дала оьмар яхйойла цуьнан! Дала латта йойла иза халкъана, махкана! Ма дукха миска адамаш ду-кх Нохчийчохь цуьнан комаьршалло дахаре юхадерзийна. Доккхачу дуьненахь наггахь а маьIиг ца йисна цуьнан сагIин беркат ца кхочуш. Айманин синъондалло дуьне цецдаьккхина. Цуьнан оьздангалло Кавказан къоьжачу лаьмнийн, буто ша бина, баххьаш дашийна. Цуьнан хазачу гIиллакхаша ерриге а Нохчийчоь серлаяьккхина.
Дуккха а шерашкахь вайн махкахь лаьттинчу бохамаша бахархойн хьаьшна дог-ойла айъина. Дегайовхонах гIаддайна синош Iабийна. Вайна массарна хууш ма-хиллара бакъйолчу нохчийн зудчун къегина масал ду Кадырова Аймани.
Вайнах махках баьхначу муьрехь, генарчу Казахстанехь, Павлодарскан областан Шербактинскан кIоштарчу Кургамыс цIе йолчу юьртахь 1953-чу шеран август беттан доьалгIачу дийнахь дуьненчу яьлла Аймани. Даймахкана мел генахь белахь а, хаддаза Кавказан къоьжа лаьмнаш, царех схьаIийдало сирла шовданаш, эшарийн мукъамехь техка сийна хьаннаш хуьлура кхеран доьзалехь хьехош. Дуьххьара синкхетамо схьалаьцна дешнаш «вайн цIахь» дара.
Юьхьанца жима Айманина ца хаьара и «цIа» мичахь ду. Амма дукха хан ялале цIерпоштнекъаца цIехьа боьду некъ юьхьар лаьцна кхийтира Даймахка хьалха цIабирзинчу нохчашна юкъахь дара Айманин дай-наний. Шен ворхIе да схьаваьллачу Илсхан-Юьрта воьссира кхеран да шен кегий доьзалшца, кхидIа йолчу заманахь цигахь Iен-ваха дагахь. Цигахь яхара Аймани юккъерачу школин хьалхарчу классе деша.
1970-чу шарахь кхиамца школа чекхъяьккхира цо. Цу гурахь йоьду Хоси-Юьртарчу Кадыров Iабдул-Хьамидан кIанте Ахьмаде (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) маре. ХIинца санна дуьненна вевзаш вацара Ахьмад-Хьаьжа оцу муьрехь. Иза Айманел кхо шо бен воккха а вацара.
Хоси-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Невран кIоштарчу Калиновски станицехь комбайнерийн курсаш чекхъяьхна, «Новогрозненский» цIе йолчу дуга кхиочу бахамехь болх беш вара Айманин даго къастийнарг. ХIинца санна хьал-бахам лоьхуш зама яцара иза. Хьанал къинхьегам бара цу хенахь коьртаниг. Ткъа КадыровгIеран доьзал, шайн орамашкахь дуьйна, хьарамчу рицкъанах къехкаш бара.
Цул сов, жима стаг узуш-молуш вацара, ламазца-мархица вара. Кунта-Хьаьжа схьаваьллачу Илсхан-Юьртахь хьалакхиъна йолчу Айманина уггаре а мехалниг Ахьмад Делах кхоьруш хилар, Цунна Iамалъеш хилар дара. Маре еанера аьлла, мокъа Iойла-м ца хилла цуьнан цкъа а. Юьхьанца тонка кхиочу бахамехь болх бина. ХIумма а атта болх ца хилла и кхиор. Адамийн могашаллина цо зен деш хиларна, алапа мелла а алсам дара цу декъехь болх бечу зударшна. И бахьана дара Аймани цига гIертар а. Доьзал стамбала боьлча, Ахьмад гена мехкашка балха лела велира, доьзална напха латто гечо лоьхуш.
Дукха хьолахь, бIаьстенан лайн хишца дIабоьлхий, гуьйренан шелонца цIабоьрзура вайнах цу белхашкара. Iаьнан ехачу буьйсанашкахь Ахьмада бусалба Iилманан кIоргенаш караерзайора. Ткъа 1980-чу шарахь иза Бухарахь йолчу «Мир-Араб» хьуьжаре деша вахара. Иза кхиамца чекхъяьккхина, 1982-чу шарахь Ташкентерчу Исламан институте деша вахара. Иза цигахула лелачу иттех шарахь доьзалан хьашташ деригге а Айманин белшаш тIехь дара.
Бахамехь болх беш, шен доьзал кхиош, кертахь долу бежана-уьстагI лелош, мардена-марнанна оьшу къоьжачуьнга ладугIуш хене яьлла и оьзда зуда. Цкъа а цхьанна а ца хезна кхолламна реза йоцу дош цуьнан багара долуш я шена хуьлу хало, ловш йолу гIело цо юьйцуш. Аймани собаре хиларо йоьттина ю церан бертахьчу доьзалан лард.
Дуьне ма-дду ваьлла лела сапаргIат хир вацара цуьнан хIусамда, хаддаза цIа ладегIа дезаш хиллехь, кхолламо улле нисйинчу накъостах бIобулуш ца хиллехь, цуьнан ледарлонех вогуш хиллехь а. Эчигах яьккхина гериг санна йолу Айманин нуьцкъала амал евзаш хилла цунна. ХIусамненан синъондалло дог-ойла ир-кара хIоттош хилла. Ташкентехь кхиамца Исламан институт чекхъяьккхина цIавирзича, беккъа цIена шен цхьана доьзалан гIайгIа еш цIахь-чохь социйла ца хилла, Дала декъалвойла иза, Ахьмад-Хьаьжин.
Гуьмсерчу маьждиган имаман наиб волуш балха хIутту иза Ташкентера цIавирзинчу 1986-чу шарахь. Ткъа 1989-чу шарахь, Советийн Iедал доха карзахдаларх пайдаоьций, Ахьмад-Хьаьжас Курчалойн-Эвлахь схьайоьллу Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера исламан институт, ша цуьнан ректор а хIуттуш.
ТIаккха, Ташкентехь карадерзийначу Iилманах тоам ца беш, Амманерчу исламан институте деша воьду, кхидIа хаарш кIаргдан йолчу Iалашонца шарIан факультет хоржу. Ткъа доьзалан дукъ даима санна Айманин белшаш тIехь дара. Хаза доьзал бара цуьнан: ши йоI, ши кIант.
ХIусамда цIахь вацара аьлла ца Iаш, цаьрга массаьрга дешийтира нанас, тIедухучуьнца, когадухучуьнца кхачоеш. Нохчийн оьздачу кхерчахь хьалакхиъна хиларе терра, къа ца хьегча хьанал рицкъ ца даккхалой хууш, жимачохь дуьйна дечу гIуллакхна тIетеIийна Айманис шен бераш. Цундела ду уьш дерриге а халкъана, махкана пайдехь. Тахана ларамца йоккху церан хIораннан цIе.
Ненах схаьдаьлла беркат ду церан дахаран некъ серлабаьккхинарг. Кхечу агIор хуьлийла дацара. Лаа олуш ма дац халкъалахь: «Дийна волуш муьлхха а мегар яра, стага ша велча, шел тIаьхьа йиса ялон еза зуда». Вайна массарна дегаIийжаме хилла иэсехь лаьтта 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-гIа де. Ямартчу зуламхойн каяьлла, къоман баьчча дIаваьлла байлахь дисира декъаза нохчийн халкъ.
Хьалха Дела, шолгIа Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь, тIеман кIуьрлара бовла гIерта вайнах, хиллачу бохамо Iадийна, цецбаьхна боьхна-баьржина хьийзара.
Бакъду, Аймани-м ца йоьхнера. Цкъа мацах Адин Сурхон нанас санна, халкъана, махкана дIавелира цо шен кIант Рамзан. Нанна, дуьйцийла йоццуш, хала дара, да хIаллакьхиллачу новкъа кIант валийта. Амма Айманис уггаре а хьалха къоман ойла йира. Иза Делах тешаш яра, Цуьнгара доцург вон-дика хила йиш йоцийла хууш. Ткъа хила доьгIнарг, кIант тIехула догIа тоьхна тIорказ чу виллахь а, хир ду. Цул сов, вай хьалха билгал ма-даккхара иза Iаламат муьтIахь хIусамнана яра шен хIусамдена. Ахьмад-Хьаьжа дийна волуш цкъа а цуьнан лаам тIера яьлла яцара Аймани.
ХIинца, мостагIийн каяьлла, цуьнан карара гIазотан байракх йоьжча, цо арабаьккхина халкъ ирсе дуьгу некъ, тIе къух даьлла дIабан ца лаьара хIусамнанна.
Айманина дика хаьара и некъ аттачех боцийла, хийла лазамечу бохамашца иза боьзна буйла, кхерам, къизалла цу новкъахь алсам хир юйла.
Делахь а, и дерриге хуъушехь, Ахьмад-Хьаьжин кIанта Рамзана и некъ дIабаьхьча бегIийла хийтира цунна. И данне а дац пачхьалкхан деза дукъ ткъе итт шо кхачаза волчу кIентан белшаш тIе диллина Аймани паргIатъелира бохург. Цкъа мацах Рамзан шен дена улле ма-хIоттара, цуьнан накъост, гIортор, хьехамча хилла дIахIоьттира Аймани. Рамзана дIа мел йоккху гIулч ненан даг чухула йоккхуш яра. Йижар, садаIар, сапаргIат хилар Айманина дицделла дукха хан яра.
Ахьмад-Хьаьжина, цуьнан накъосташна гатдина са кхачаделла аьлла хетачу хенахь, хьомечу кIантана садаар тIекхийтира нанна. Амма цо цкъа а шен дагара ца хоуьйтура. Буьйсанна Рамзан чу кхаччалц Iара иза дIа ца юьжуш. ТIаккха дерг-доцург цуьнга хоттий, оьгIазвахана велахь дог оьций, кхиамах воккхавеш, самукъадаьлла велахь, хьекъале дош олий, кIентан воккхавер алсамдоккхий, шен чуйоьдура нана, садаIа цунна паргIато юьтуш. Ша мокъа Iойла-м цуьнан цкъа а хилла дац.
Ахьмад-Хьаьжа дIаваьлла цхьа-ши бутт балале, цуьнан синна совгIатана, хIусамден цIарах фонд кхоьллира Айманис. Иза куьйгаллехь йолчу оцу фондо дина диканаш дагардина вер вац. Кхин хIумма а цо дина ца хилча а, фондо даьккхина сагIа бахьанехь, нохчийн къоман исторехь юьсур йолуш ю Кадырова Айманин сийлахь цIе.
Уггаре а хьалха буьрсачу тIамах довдийна дигна нохчийн буобераш ГIалгIайн махкара Нохчийчу цIадерзийра цо фондан чоьтах. КВН-н командина кхо бIе эзар сом ахчанца гIо-накъосталла дира рогIерчу конкурсе яха. Цул сов, цу командехь болчу кегийрхошна, шийтта стагана итт-итт эзар соьмаш алапа хIоттийра.
Ялх бIе эзар сом ахча делира Мескер-Эвлара хьуьжар а, кешнаш а цIиндайта. Хоси-Юьртара кешнаш цIиндайтара, некъаш тодайтира. Иштта, фондан чоьтах тодира Илсхан-Юьртара маьждиг, зерат. Цо шен комаьршачу тIомакIел лецира вайн махкахь йолу ерриге а берийн приюташ, хаддаза ахчанца гIо-накъосталла деш. Цунах схьадолу мах боцу беркат ду нуьцкъаллийн структурашкара хIаллакьхиллачу белхахойн доьзалшна хIора шарахь ахчанца деш долу накъосталла, иштта, хIусамашца церан беш болу аьттонаш.
Вайна денна гуш ду Нохчийн Республикин культурин хьаьттахь къахьоьгучу адамашна деш долу совгIаташ. Фондо тидамза ца буьту спортсменаш. Ткъа заьIапхошна, могашалла галъяьллачу адамашна фондо мел деш долу накъосталла дийцина вер вац. Иштта комаьрша сагIа доккху мехкан нанас мархийн баттахь, гIурбанан деношкахь, мовладан баттахь.
Ур-атталла Африкерчу Сомали пачхьалкхе кхаьчна цо даьккхина сагIа, уллера регионаш хIунда юьйцура. ГIирмин ахгIайри тIе, тIеман кхийсарша йийсарехь латточу Донбассе, уггаре а хьалха, дIакхаьчнарг Кадырова Айманис даьккхина сагIа дара.
Веза-Воккхачу Дала, Iарафатан лома тIехь даьккхина хурмин сахь санна, цуьнан иза къобалдойла! Халкъо, махко шех дозалла деш долу «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу Соьлжа-ГIалара доккха маьждиг Айманис кхоьллинчу фондан чотах дина ду. Цундела, мерза кхаъ хилла тIеийцира вайнаха Устрада-ГIалахь Айманин цIарах маьждиг дар.
Иза дукхаеза халкъана. Цуьнга сий-ларам бу. ХIоразза ХьаьжцIа ша моссазза кхочу, доIанехь нохчийн халкъ, мохк Деле боьху Айманис. Цхьана а кепара шеко яц халкъо, махко шайн гIийлачу доIанашкахь иза иштта Деле йоьхуш хиларан. Лаа ма ца аьлла цунах мехкан нана. Вайх хIоранна синхьаам бу иза, дегайовхо ю. Нохчийн зудчун синъоьздангалла Iанаоьхуш ю цуьнгахь, хIоранга шех дозалла дойтуш.
Иза цкъа а хьалхе лоьхуш яц. Даима турпалхойн IиндагIехь лаьтташ ю. Амма цуьнан нуьцкъалчу амало нохчийн халкъ тешадо къоман сирлачу кханенах. Цу тешамо вайна гIо до нохчаллех къилба дина даха, Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхинчу некъа тIехь, халонашна бIо ца къажош, ирсечу зовкхе дIагIерта.
А.ДАЧАЕВА
№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо