Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де даздар д1адахьарна кечамбаран вовшахтохараллин комитетан кхеташо хилира Соьлжа-Г1алахь. И мехала кхеташо д1ахьош вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад. Вовшахтохараллин комитетан балхахь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама, Соьлжа-Г1алин мэра Кадыров Ислама, вайн республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца з1енаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана, министерствийн а, ведомствийн а, г1аланийн а, районийн а администрацин куьйгалхоша, чоьхьарчу г1уллакхийн органийн векалша.
Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо, муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас ч1аг1дарехь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла буьйса 2015-чу шеран 2–3 январехь нисло.
Даудов Мохьмада дийцарехь, Мухьаммад, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьллачу дийнахь Нохчийчохь даккхий даздарш д1ахьур ду. «Оцу дезачу дийнахь Гихтахь схьадоьллур ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дайх цхьаъ хилла волчу Бенойн Илесан ц1арах долу маьждиг. Иза паччахьан 1едало махках ваьккхин хиллаа шайхаца Кишин Кунта-Хьаьжица цхьаьна (Дала къайле тайойла цуьнан). Цигахь бакъдуьнена д1а а вахана иза. Илес д1авоьллина Кунта-Хьаьжас.
Цул совнаха оцу дийнахь (3-чу январехь) республикерчу ерриге а районашкахь мовладаш доьшур ду, зуькарш дийр ду, Къуръанаш доьшур ду, кхидолу 1ибадаташ дийр ду. Цигахь дакъалоцуш эзарнаш, эзарнаш бахархой хир бу. Цуьнца цхьаьна саг1анаш дохур ду. Оха дерриге а дийр ду Мухьаммад Пайхамар (Делера-салам маршала хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де хьакъ ма-дду даздархьама», – элира Даудов Мохьмада.
«Оцу даздаршкахь дакъалоцур ду иттаннаш эзарнаш бахархоша. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Соьлжа-Г1аларчу коьртачу маьждигехь нахана гайта д1ах1оттор ду Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлахь ассараш. Беза хьеший бог1ур бу Россин тайп-тайпанчу субъекташкара а, дозанал арахьара а. Царна юкъахь хир бу дуьненахь бевзаш болу 1еламнах, нашидашалархой. Вовшахтохараллин комитетан декъашхошна юкъахь декхарш д1асадекъна. Х1оранна а хаьа ша х1ун дан деза. Цхьа а х1ума тидамерца далийтин. Мехала ду жоьпалле болчу наха доггаха болх бар, шайна т1едехкина декхарш дуьззина а, дика а кхочушдар.
Шен къамелехь Шахидов Адама тидам т1ебахийтира спортан «Колизей» комплексехь нашидийн суьйре д1ахьуриг хиларна. Оцу сийлахьчу дийнахь нашидийн суьйренехь Мисарарчу нашидашалархочуьнца Мустафа Атифца цхьаьна шен керла нашид д1аэр ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун йо1а Кадырова Хутмата. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ