Вайна массарна дика хаьа ткъа шо гергга хьалха вайн Нохчийчохь хIун хьал дара. Дика дагайогIу лаьттаца шарйина хилла гIаланаш, ярташ, Iаьржачу дIаьвшо хIаллакдина хилла Iалам. Чаккхе гуш а йоцу къематде дара нохчийн лаьтта тIехь хIоьттина. Цкъа мацца а Нохчийчоь денъелла, хазъелла дIахIуттур ю бохучух теша хала дара, сатийсар а эрна хетара.
ХIетахь, XX-гIа бIешо доладеллачохь, дукхачарна дуьххьара хаза йолаелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе. Цкъа хьалха муфти санна вевзина иза. Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдан волавеллачу хенахь кIезиг нах бен хилла хир бац цо арабаьккхина некъ бевзаш. Иза хиллера халкъан маршоне, машаре некъ. И некъ болийнарг халкъан дуьхьа шен са а кхоор доцу къонах а хиллера.
Дукха хан ца ийши иза массарна а хаа. Ша оцу дарже хIоьттичахьана нохчийн халкъана машар безар кхайкхо волавелира Ахьмад-Хьаьжа. Цунна дика хууш хиллера машарца бен шен халкъана паргIато яккхалур йоций. Иза яккхархьама цо шен ницкъ мел кхочург а дира.
Россин куьйгаллица дуьххьалдIа къамел долийра А-Хь.Кадыровс. Цо дIахьедира нохчийн къомана тIом оьшуш цахилар а, иза чекхбаккхархьама ницкъ мел кхочург дан ша кийча хилар а. Цунна хаьара тIамо са кхачийна, бала оьзна, гIелделла халкъ шена тIаьхьахIуттур дуйла.
«Дуьненна а вайна тIом бан хаьий хаийтина вай, хIинца вайна даха хаьий хаийта вай?!», – аьлла, кхайкхам бира цо халкъе.
Уггаре а хьалха шен масалца цо гайта а гайтира вайна даха хаьий.
Нохчийчоьнна машар безар ша дIакхайкхийначул тIаьхьа, республикехь закон дIахIотторна тIера дIаболийра цо болх.
2000-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь сацам бира Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо волчохь адамийн бакъонашкахула комисси кхолла.
Цул тIаьхьа, гуманитарни организацешца зен хиллачу бахархошна гIодаран гIуллакхаш дийцаре дан долийра. Цу декъехь дIадаьхьира мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу датски советаца цхьаьнагIуллакхашдар.
Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалле хIоьттинчу шолгIачу шарахь бахархошна шен-шен хенахь пенсеш, пособеш дала долийра. Медицинин хьашташ кхочушдар тодала а доладелира, дешаран система – меттахIотта а. КхидIа, белхан меттигаш кхолларехь а, газ, электросерло йилларехь а болх дIабаьхьира.
Юьртан бахам меттахIотторна тIебахийтира республикин коьрта ницкъаш, хIунда аьлча, тIамо регионан Iаламна хаъал тIеIаткъам бинера.
ГIишлошъяр а, хIусамийн-коммунальни бахам а меттахIотторан некъаш лаха волавелира А-Хь.Кадыров. Цу юкъахь дара некъаш дахкар а. Боккха тидам тIебахийтира тIамах бевдда дIасабахана махкахой юхаберзорна а. Цунна къаьсттина сагатдора Ахьмад-Хьаьжас.
«ХIара вайн республика ю, вайн Даймохк бу. Шен кхолламехь тIе мел нисделлачу зерех чекхбаьллачу вайн мехкан хиндерг вайх доьзна ду», – олура цо.
Цундела халкъан цхьа а шеко ца хилира 2003-чу шарахь дIабаьхьначу харжамашкахь шаьш бан безачу харжамна тIехь – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент хаьржира.
Цул тIаьхьа цо кхидIа а дIадаьхьира Нохчийчоь меттахIотторна, кхиорна лерина гIуллакхаш.
Бакъду, и некъ хеназа хадийра халкъан мостагIаша. 2009-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийра, Дала гIазот къобалдойла цуьнан.
Веллачул тIаьхьа, 2009-чу шеран хIутосург (май) беттан 10-чу дийнахь, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца Россин Турпалхочун цIе елира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина.
В.Путина хьакъдолчу кепара мах хадийра А-Хь.Кадыровн: «Нохчийн Республика меттахIотторехь а, терроризмаца къийсам латторехь а бIаьрла дакъалаьцна цо. Шен дерриге а гIуллакхашца цо тешийра дийнна халкъ бандиташ а, террористаш а хуьлийла цахиларх. Ахьмад-Хьаьжа шатайпа стаг вара, ша саннарг кхин воцуш, бакъхьара а, кхин ца хиллал къонахалла йолуш а. Цуьнан бакъхьаралла гора цо цкъа а шена хIума ца дехарехь а. Тхо муьлххачу хенахь вовшахкхетча а, хIуъа дуьйцуш хиларх а, дерриге а нохчийн халкъан хьашташна тIедогIура».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вац вайца, амма цуьнан дог-ойла тахана а дийна ю, хIунда аьлча, цо дIаболийначу некъаца кхаьчна нохчийн халкъ тахана маршоне, машаре. Ша долийнарг чекхдаккха Ахьмад-Хьаьжа ца кхиънехь а, иза чекхдаьккхира цуьнан кIанта Кадыров Рамзана. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхелхинчул тIаьхьа, Рамзана дIабаьхьира шен дас тIелаьцна атта боцу мохь. Цо чекхбаьккхира Нохчийн Республика кхиоран некъ а.
Тахана вайн мехкан гIаланашкахь, ярташкахь гуш йолу хазалла, вайн кхуьуш йолу могашаллаIалашъяр, культура, дешар, спорт, экономика, туризм, промышленность, дерриге а – иза Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчоь кхиорехь лаьцна дакъа ду, цо болийначу некъан беркате тIаьхье ю. Иза дагахь латто а, цуьнан хама бан а декхарийлахь ду вай.