Цунах лаьцна дийцар сов хир дац

Вайн заманахь кхечарел, сиха яьржачарах ю онкологи а, туберкулез а, ВИЧ/СПИД а цамгарш. Царах муьлхха а, дагахь а доцуш, вайх хьанна яла а тарло. Лоьраша дийцарехь, онкологи я сингаттамаший, я юучух етташ йолу хими совъяларций гучуйолуш ю. Туберкулез а ю иштта, шелоной, мацаллой, цIано цаларъярой меттахйоккхуш. Онкологина а, туберкулезана а дарба далуш ду вайн заманан медицинин таронашца. Оцу цамгарах СПИД ю массарел кхерамениг.

Тахана медицинина цунна кхоччуш дарба карийна дац, дархошна цхьана юкъанна молханашца гIо дар доцург. Ша гIелйина гIорасиз йина ен дагахь, шена дуьхьалйоккху вакцина тIе ца лоцуш, оцу инфекцин вирус даима а хийцалуш хиларна ца даккхало боху лоьраша СПИД-х товеш долу молха-маха. СПИД ю вай шена тIе боккха тидам бахийта доккха бахьана долу хала, ирча цамгар. Делахь а, оцу цамгарх лардала йиш ю вайн.

ВИЧ/СПИД адамаша шаьш шайна «тIеехча» бен хьакхалуш яц царех! Шеца и цамгар а йолуш дуьнен чу волуш вац цхьа а. Кхин деха ца дийцича а оцу цамгаран цIеран маьIана даьстича гуш а ду иза.

СПИД-н юьззина цIе (Синдром Приобретенного Иммунодефицита) ю. Гой шуна, «приобретенного» бохург? Адам ша ларлуш цахиларна хуьлуш ю и инфекци. Дала лардойла вай массо а вочу унах! ВИЧ-инфекцин тIаьххьара, дерзоран дакъа ду СПИД цамгар. Духа хан йоццуш Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-аца къийсам латторан а, профилактика яран а Республикин туьшан коьртачу лоьраца Муртазалиев Хьамзатаца тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь цо билгалдаьккхира: «ВИЧ-инфекци йолу 92,4 процент стаг теллича, хIун ду хиънарг? Хьалха и цамгар кхетар, дукха хьолахь, наркоманийн могIаршкахь болчарна нислора. 1999-чу шарахь къаьсттина дукха бара наркоманаш. Уьш 1965–1980-чуй шерашкахь дуьнен чу бевлла нах бара. И инфекци дIасаяржар хьалха мехаца нислора, дукха хьолахь. Парентеральни некъ олу оцу кепара ун даржарх. Ткъа хIинца ВИЧ-инфекци дIасаяржарехь кест-кеста хаалуш дерг зудчун а, боьршачу стеган а юкъаметтигца хуьлуш ду. Иштта цомгаш хилларш 75 процент бу. 25 процентана и цамгар цIий дуттучу хенахь я больницашкахь маха тухуш я зудабераша маникюр, педикюр йойтучу хенахь, я чов хиллачу меттиге ВИЧ-инфекци йолчун цIий кхетарца тIеяьлла».

Нохчийн Республикехь ВИЧ-инфекци йолуш 3 эзар стаг ву. Иза вайн жимачу къомана кIезиг хIума а дац.

Хь.Муртазалиевс билгал ма-даккхара, СПИД тIаьхьарчу хенахь дIасаяржар кест-кеста нисло зудчун а, боьршачу стеган а юкъаметтигца. Кхузахь цхьа хIума билгалдаккха лаьа суна. И цамгар вайн республике зударша йохьуш яц, зудчунна тIера тIе йолуш а яц боьршачу стагана. Стага цомгаш йина а, еш а ю зуда. Вайн къоман вадца дийцар товш дацахь а, вайн цхьаболчу боьршачу наха боккха сингаттам, бала коча буллу шайн доьзалийн наношна. Цунна жоп доцца а, цхьаъ а ду – оьзда цалелар, АллахI-Дала шайна хьарамдинчух ларлуш цахилар.

Къайле яц, аьхка мухалле а, вайн цхьаболу кегийнах, мокъачу деношкахь, луларчу республикашка «садаIа» а, «сакъера» а лелаш хилар. Царна и дихкина дац. Амма новкъа дерг кхин ду, царна юкъара цхьаберш шайца цамгарш йохьуш цIа боьрзуш хилар. Цхьаверг дийнна кIиранах хьанал, цIена вехаш Iай, мокъачу деношкахь шена «къинойн мохь» эца воьду. ХIора ненан массо йоI дика ма-хиллара, хIора ненан кIант а ву ша волчарна гергахь дика. Нанна гергахь ву дера, хир а ву хIора доьзалхо дашо-дато.

Делахь а, иштта схьадогIуш ду вайн халкъалахь, божаршна мегаш ду «сакъера» (цо ша шена магийна иза. Дала ца елла цхьана а зудчунна а, боьршачу стагана а зина дан бакъо). Сакъерар дIадаьлча, шен цIа вогIу доьзалан да я кестта доьзал кхолла дезаш волу жима стаг. Цунна ца хаьа ша шена цхьанна зен дина ца Iаш, цхьана наха яларна а кхоьруш, езаш хала хьалакхиийна йоI, кхана зуда, нана хилла дIалела езаш йолу, ша бахьанехь яллалц дуьненан самукъанах йоккхийла.

Ма моттийла цхьанна а ВИЧ/СПИД хьакхаяларан кхерам шех хьакхалур бац. Массо а ву шена и цамгар ян а яц я хила йиш а яц бохучу ойланца вехаш. Дала ма хуьлийтийла иза цхьанна а. Амма хуьлуш схьадогIуш дерш ирча хIуманаш ду. Цундела шайн цIийца ВИЧ-инфекци ю-яц таллам байтар тIедожийна ду доьзалхочух болчу зударшна а, хирургин операцина кечбечу дархошна а, парикмахерски я кафе балха боьлхучу нахана а.

Кхин цкъа а, терахьаш далош, гайта лаьа карарчу хенахь Нохчийн Республикин бахархошна юкъахь оцу цамгарна таллам бича хIоьттина сурт.

1989-чу шарахь дуьйна ВИЧ-инфекци хиларца СПИД-н туьшахь хьесапе эцнарг 3 эзар гергга стаг ву.

2017–2018-чуй шерашкахь хилла хьал дуьстича, иштта сурт хIутту.

2017-чу шеран кхолламан (январь) баттера оханан (апрель) батте кхаччалц йолчу юкъанна 2 781 стаг вара хьесапе эцна, царах 916 зуда а, 120 бер а долуш.

2018-чу шарахь (кхолламан (январь) баттера оханан (апрель) батте кхаччалц) йолчу юкъанна 2 671 стаг вара хьесапе эцнарг. Царна юкъахь 875 зуда а, 119 бер а долуш (1989-чу шарера 2018-гIа шаре кхачалц йолчу юкъанна туьшахь ВИЧ-инфекцина анализаш луш чекхваьлларг 37 118 стаг ву, цомгаш карийнарг 2671).

Оцу цамгарна дарба дан а дац бохург хьахийна вай. Цундела хила дезара вай къаьсттина ларлуш. Тоьар дара вайн халкъо лайна тIеман баланаш, тоьар дара тахана некъийн бохамашкахь кхелхаш долу адамаш! Царна юкъахь бу, дукха хьолахь, 20–35 шераш долу кегийнах бу. Дуьненан уггаре а тоьллачу больницашкахь дарба леладойтуш берш а кIезиг бац.

Цамгар Делера ю. Дала вайга ларде боху Ша делла могашаллин ниIмат. Могашалла боккха бахам бу. Ша мел гIийла, миска хетачо а ойла йойла Дала шена делла ниIматаш мел боккха бахам бу бохучун. Ма беза мах лур бара бIаьрзечо шена бIаьрса юхадерзорах! Ма дукха хIума дIалур дара тахана ши ког боцуш, заьIапхочун гIудалкхахь хан токхуш волчо шен когаш хилийта! Ткъа вайх цхьаболчарна ца хаьа Далла хастам бан безийла, шена еллачу могашаллин сий-пусар дан дезийла.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: