Гуьмсан кIоштарчу ГIоьрдала юьртан яхархо, школехь директоран заместителан декхарш кхочушдеш ю со. Сан фамили а, цIе а Эсилаева Iайнаъ ю.
ТIаьхьарчу шерашкахь могашалла галъяьлла, лазаро лаьцна, кест-кеста больницашка яха езаш хуьлура. Сайна оьшуш волу говза лор Нохчийчохь хир а вац аьлла хеташ, Аштаркхан гIалин больницашкахь дарбанаш леладойтуш, шарахь масийттаза цига яха езаш яра со.
ГIуллакх операци ян езачу тIедаьлча, цигарчу лоьро ша тIаьхьенах жоп ца ло аьлла догдоьхна йисира со. Ма-дарра аьлча, хIора нанас ма-ярра, сайн берийн ойла йора дийнахь а, буса а. Операци чIогIа лерина ян езаш яра, цхьа кIеззиг долу хIума галдалахь сан аз гуттаренна дIадала кхерам а бара, сан садеIар, кхачам боллуш, хьалха санна хир ду бохучух дог дилла дезаш а дара.
Иштта, йиш йоьхна Iачу деношкахь соьга гергарчу наха Соьлжа-ГIаларчу цхьана лоьрах лаьцна дийцира.
«Иза санна говза лор хир а вац, и цхьа тамашийна, вайн заманара воцуш санна доккха собар долуш, оьзда стаг ву», – элира.
2016-чу шарахь дара иза. Республикин больницерчу хирургин отделенин сени чохь Iаш яра со сайга вийцина Наурбаев Асвад схьаваре хьоьжуш. Медйижарша кхайкхира цуьнга: «Мусхьаб, хьо хоьттуш нах бу кхузахь!», – аьлла.
«Суна оьшург Мусхьаб вац, Асвад ву», – элира ас.
Велавелла тIевеара иза, «Асвад а, Мусхьаб а со ву-кх. Хьайна товш йоллу цIе яккха мегар ду-кх хьуна», – олуш.
Хирурган мерза мотт, гIиллакх дан а дара нохчийн оьздачу стеган хилла ма-деззара. Цо леррина ладуьйгIира соьга. Операци ян тIелецира, Аштаркханехь ца белла тешам а белла, операци йира суна.
Хирургин отделенин палати чохь Iен дийзира гIоли хиллалц. Айса цигахь даьхначу деношкахь юх-юха йоккхаеш цецъюьйлура со оцу лоьран корматаллах а, гIиллакхах а. Бакъдолуш, суна юьхьанца сайца бен вац моьттура иза иштта гIиллакхе, собаре. Амма иза массаьрца а вара къинхетаме. Суна гина а яцара оцу тайпана оьздангалла.
Вайна гуш ду замано нах вочу агIор хийцина хилар. Атта дац адамашца болх бан. ХIора а шен лазам, шен бала бен бац моьттуш хуьлу. Мусхьаб ша балха схьакхаьчча, «обход» яле хьалха, палаташ чохь болчу баккхийчаьрга хьал-де хоттуш волалора.
Хууш ма-хиллара, хирургин декъехь уггаре а хала, чолхе лоруш ю нейрохирурги а, пластикин хирурги а. Наурбаев Мусхьаб пластикин операцеш еш волу хирург ву.
ЦIера Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенара ву иза. Iаш Соьлжа-ГIалахь ву. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницин хирургин 1-чу отделенехь болх беш ву.
1971-чу шарахь ваьлла иза дуьнен чу.
1994-чу шарахь цIечу дипломаца чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара медицинин училище. Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультет чекхъяьккхина цIечу дипломаца.
2004–2006-чуй шерашкахь Ставрополан медицинин академехь клиникин ординатурехь дийшира. Ша хаьржинчу лоьран некъа тIехь боккха кхиам 2009-чу шарахь хилира Мусхьабан.
Оцу шарахь Москвахь медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира цо.
Бакъду, Iилманехь кхиамаш баьхна нах кIезиг бац вайн. Амма уггаре а деза а, сийлахь дерг а лор бусалба а волуш, нохчийн гIиллакх девзаш а, лелош а хилар ду вайн заманахь. Цундела, со йоккхаейо Мусхьаб санна волу лор вайн республикехь хиларх.
Цо дина гIуллакх, вошалла цкъа а довр дац. Ша сан а, со санначеран а бина ларам Дала бойла цуьнан! Доьзалехь ийман-беркат, балха тIехь аьтто хуьлуш, ирс долуш вехийла! Сайн доьзалан цIарах даггара баркалла боху ас цунна.
Эсилаева Iайнаъ
Суьрта тIехь: хирург Наурбаев Мусхьаб
№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо