Юкъараллин могашалла чIагIъяран проект йийцаре йира

Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствос онлайн рожехь дIаяьхьначу видеоселекторан шина кхеташонан балхахь дакъалецира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон говзанчаша.

Оцу кхеташонашкахь дийцира регионан «Юкъараллин могашалла чIагIъяр» проектан чулацамца доьзна нислучу хаттарех, Iалашонех, декхарех лаьцна.

«Юкъараллин могашалла чIагIъяр» проект лерина ю шайн могашалла Iалашъеш, физически культура а, спорт а езаш болчу бахархошна а, ткъа иштта цигаьрка озар, къаьркъа малар лахдаран а, дIадаккхаран а Iалашонца рекламаш яран законодательство кхиоран балхана а.

Оцу федеральни проектан гурашкахь могаш Iер-дахаран некъа тIе бевллачу нехан барам 2019-чу шарахь 45 проценте а, 2025-чу шарахь 60 проценте баккха лерина. ШолгIа видеоселекторан кхеташо акушерско-гинекологин службин болх нисбарна лерина яра.

Оцу декъехь бечу белхан жамIаш тодалийтархьама, кхечу дешнашца аьлча, дуьненчу довлучу берийн а, церан нанойн а кхалхар лахдаран Iалашонца республикин бахархошна юкъахь жигарабаккха беза онкологина а, инфекцешна профилактика яран болх а. Лакхахь хьахийначу службин болх тобархьама зударшна консультацеш яларан болх вовшахтоха беза акушерин а, гинекологин а отделенешкахь.

Къоначу наношца дIахьош болу болх тидамехь латтош хила беза, уьш кхетош хила беза могашаллин гIуллакх инкарло йина дитаро, тIекхуьучу тIаьхьенна а гIайгIа-бала юьтуш хиларх.

Нохчийн Республикин могашалла1алашъяран министерствон хаамашца материал кечйинарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: видеоселекторан кхеташонан дакъалацархой

№58, пIераска, хьаьттан (август) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: